Путин, Владимир Владимирович

российн Федерацин Президент

Пу́тин Влади́мир Влади́мирович (вина 1952 7 октябрь, Ленинград, ССРС) — российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 2012 шеран 7 майхь дуьйна волу Российн Федерацин президент а, Российн Федерацин ТӀеман ницкъийн лакхара коьрта баьчча а[15].

Путин Владимир Владимирович
оьрс. Владимир Владимирович Путин
Путин Владимир Владимирович
Российн Федерацин Президент
Хьалха хилларгМедведев Дмитрий
 — 2008 шеран 7 май
(д. кх. 1999 шеран 31 декабрь — 2000 шеран 7 май)
Хьалха хилларгЕльцин Борис
КогаметтанигМедведев Дмитрий
Российн Федерацин Ӏедалан Председатель
 — 2012 шеран 7 май
ПрезидентМедведев Дмитрий
Хьалха хилларгЗубков Виктор[1]
КогаметтанигВиктор Зубков
Медведев Дмитрий
 — 2000 шеран 7 май
(Д.кх. 1999 шеран 9—16 август)
ПрезидентЕльцин Борис
иза ша
Хьалха хилларгСтепашин Сергей
КогаметтанигКасьянов Михаил
Союзан пачхьалкхан Министрийн Советан председатель
 — 2012 шеран 18 июль
Хьалха хилларгЗубков Виктор
КогаметтанигМедведев Дмитрий
«Йукъара Росси» партин председатель
 — 2012 шеран 26 май
Хьалха хилларгГрызлов Борис
КогаметтанигМедведев Дмитрий
ЛДП Коьртийн советан
председатель
 — 2006 шеран 20 май
Хьалха хилларгАтамбаев Алмазбек
КогаметтанигРахмон ЭмомӀали
 — 2017 шеран 31 декабрь
Хьалха хилларгКучма Леонид
КогаметтанигНазарбаев Нурсултан
 — 29 января 2003
Хьалха хилларгБорис Ельцин
КогаметтанигЛеонид Кучма
Российн Федерацин Кхерамзаллин Советан секретарь
 — 1999 шеран 9 август
ПрезидентЕльцин Борис
Хьалха хилларгБордюжа Николай
КогаметтанигИванов Сергей
Российн Федерациин Федералан кхерамзаллин гӀуллакан директор
 — 1999 шеран 9 август
ПрезидентЕльцин Борис
Хьалха хилларгКовалёв Николай
КогаметтанигПатрушев Николай
Динкерста[8]
Вина терахь1952 шеран 7 октябрь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})[6][7][…] (71 шо)
Вина меттигЛенинград, ССРС
ТайпаСемья Владимира Путина[d]
ДаПутин Владимир Спиридонович
НанаШеломова Мария Ивановна
ЗудаПутина (Шкребнева) Людмила (1983—2013)[2]
БерашйоӀрий:
Мария (йина 1985)
Катерина (йина 1986)[3]
ПартиССКП (1991 шеран август кхаччалц)
Тхан цӀа — Росси (1995)
«Йукъара Российн» председатель, цу тӀе партин декъахо а вац (2008—2012)
ДешарЛенинградан пачхьалкхан университет
ССРС ПКхК Лакхара ишкол
ССРС ПКхК ЦӀен байракхан институт
ГӀуллакхаллаПолитика[9], таллар[d], тӀеман гӀуллакх, юриспруденция[d][10]
Динлелорправослави[4][5]
АвтографАвтографан сурт
СовгӀаташ
ССРС а, Российн Федерацин а:
Сийлаллин орден — 1996Орден «Сийлаллин Билгало» — 1988Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 2 тӀегӀан мидалАла хӀума доцуш гӀуллакх дарна 3 тӀегӀан мидал
«1999 ш. 12 июнехь Босни — Косово марш-кхоссаран декъахочун» мидал«Республика ДегӀестанан хьалха гӀуллакх дарна» орден"ГӀирма а, Севастополь а мукъайаккхарна" мидал
Некхан тӀеуллу хьаьрк «Петарбухан сийлахь гражданин»Севастополь гӀалин сийлахь гражданин
Сийлахь асхьабашка терра волу эла Владимиран I тӀегӀанера орден (РПЦ)Радонежский Сергийн 1 тӀегӀанера орден
Кхечу пачхьалкхийн:
I тӀегӀанан «Манас» орденан кавалерТӀехдика гӀуллакх дарна орденан кавалер
ИсмоӀили Самонин орденан кавалерХо Ши Минан орденКъоман гӀуллакхийн орденан Йоккха жӀаран кавалер (Гвиней)
Республика Сербин орденан Йоккха жӀарСийлахь легионан орденан Йоккхачу жӀаран кавалерСийлахь Карлан орденан Йоккха жӀар
Ӏабдаль-Ӏазиз паччахьан орденан зӀеЗахӀидан орденан кавалерКъоман Хосе Мартин орденан кавалер
Республика Кхазакхстанан хьалхарчу президентан Назарбаев Нурсултанан орден
Сий а, сийлалла а I тӀегӀанан орден
Дешин Олимпийн орден
ЦӀетоьхна хӀордан шаьлта РФ ӀХӀ баьччангара адмирал Комоедов Владимирегара а, Украинин ТӀеман-хӀордан ницкъийн баьччангара Ежель Михаилегара а
Сайтkremlin.ru (президент.рф)
Пачхьалкх ССРС
 Росси
Эскаран тайпаKGB[d], Российн Федерацин Федералан кхерамзаллин гӀуллакх[d]
ЦӀеМукъаваьккхина эпсар[d], Российн Федерацин боккъала волу пачхьалкхан 1 классан хьехамча[d], подполковник[d]
Буьйр дарРоссийн Федерацин ТӀеман Ницкъаш[d], Российн федерацин ТIеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьчча[d]
Латар
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хьалха а лаьттина президентан даржехь 1999 шеран 31 декабрера 2008 шеран 7 май кхаччалц, 1999—2000 а, 2008—2012 шерашкахь лаьттина Российн правительствон председатель.

Чекхйаьккхина Ленинградан пачхьалкхан университетан (ЛПУ) юридически факультет. 1977 шарахь дуьйна болх бина контрталламан агӀора ПКхК Ленинградан урхаллера талламан декъехь. 1985 - 1990 шерашкахь гӀуллакхехь хилла советийн арахьара талламан резидентурехь ГДРехь, болх бина Дрезденехь ССРС — ГДР доттагӀаллин цӀийнан директоран даржехь къайлаваьлла. Ленинграде цӀавирзича болх бина ЛПУ ректоран дуьненайукъара гӀуллакхийн агӀора гӀоьнча, цул тӀаьхьа Ленинградан гӀалин совета председателан Собчак Анатолийн хьехамча. 1991 шеран 20 августехь подполковник волуш ССРС ПКхК мукъаваьлла.

1991—1996 шерашкахь Петарбухан мэри дехьаваьлла болх бира Собчакан куьйгакӀела: куьйгалла дира Арахьара уьйранийн комитетан, хилира мэран хьехамча, цул тӀаьхьа хьалхара гӀовс. 1996 шеран августехь болх бан волавелира Москохахь РФ Президентан гӀуллакхийн урхаллин гӀовсан даржехь. КӀеззиг РФ Федералан кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун а, Кхерамзаллин Советан секретаран даржехь лаьттина 1999 шеран августехь хӀоттийра правительствон председатель.

Пачхьалкхан хьалхара йуьхь хилира 1999 шеран 31 декабрехь, оцу хенахь Российн президентан Ельцин Борисан сацамца хӀоттийра РФ президентан декхарш кхочушдийриг — Российн хьалхара президента дарж мукъадаккхар бахьнехь. Российн президент дуьххьара хаьржина 2000 шеран 26 мартехь. Пачхьалкхан коьртан дарже йухахаьржира 2004, 2012, 2018 шерашкахь. 2012 шеран харжамел хьалха президентийн бакъонийн хан тӀетуьйхира 4 шеран тӀера 6 шере кхаччалц.

Российн Федерацин Конституцин хийцамаш лелабевлча бакъо хилира дакъа лаца керлачу президентан харжамашкахь 2024 шеран мартехь.

Мукъа ваьккхина полковник (1999). Российн Федерацин бакъболу пачхьалкхан 1 классан хьехамча (1997)[16]. Экономикин Ӏилманийн кандидат (1997). Самбо (1973) а, дзюдо (1975) а латарехь спортан говзанча[17], дзюдох латарехь Ленинградан чемпион (1976)[18][19], самбох латарехь Российн хьакъ долу тренер (1998)[20][21]. Дика буьйцу немцойн мотт[22][23].

Схьавалар

Арахьара суьрташ
Владимир Путин с родителями перед отъездом в ГДР, 1985 год

Бахархой багарбечу хенахь ша деллачу жоьпаца, къоман оьрсий[24].

Да — Путин Владимир Спиридонович (23.02.1911 — 02.08.1999), вина Тверан областан Калининан кӀоштара Поминово эвлахь[25], 1933—1934 шерашкахь гӀуллакхехь хилла хин бухарчу флотехь, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъахо, эскаре кхайкхина Ленинградан областан Петергофан КӀТӀК. БАЦӀЭхь — 1941 шеран июнехь дуьйна, ЦӀечу эскаран 86-гӀа дивизин 330-гӀа кхийсархойн полкан тӀемло, Неван кӀажа ларбеш, 1941 шеран 17 ноябрехь чӀогӀа чов йира гераг кхетта аьрру настарна а, когана а[26][27]. «ТӀеман гӀуллакхашна», «Ленинград ларйарна», «Германин тӀехь толам баккхарна» мидалшца. 1941 шарахь дуьйна ЕКП(б) декъахо. ТӀом чекхбаьлча — Егоровн цӀарах заводехь пхьар. 1985 шарахь совгӀат дина Даймехкан тӀеман 1-ра тӀегӀанан орденца[28].

Нана — Путина Мария Ивановна (ден фамили Шеломова) (17.10.1911 — 06.07.1998)[29], схьайаьлла Тверан областера Калининан кӀоштара Заречье эвлара, цигахь йовза а евзира иза Владимир Спиридоновична[25], иштта болх бира заводехь, чекхйаьлира Ленинградан гуо латторах. ЦӀБФ штабо совгӀат дина «Ленинград ларйарна» мидалца.

2015 шарахь Путина йаздира, шен нана йехира 1999 шо кхаччалц, ткъа да велла 1998 шо чекхдолуш[30], ткъа 2017 шарахь Стоун Оливеран еллачу интервьюхь элира, «да велира ша премьер-министр хӀотта нисса ши бутт бисича» (аьлча а 1999 шеран август кхачале)[31][32].

Путин Владимир 6 шо долуш шен ненаца. 1958 шо

Деда — Путин Спиридон Иванович (19.12.1879 — 8.03.1965)[33], схьаваьлла Тверан областан Калининан кӀоштара Поминово эвлахь[25], 12 шо долуш иза дӀавелира «йуургуш йан Ӏамо» Тверан трактире, ша дика а гайтина, кхечира петарбухан ресторан, йалийра шен эвлахо Чурсанова Ольга Ивановна (марехь Путина), кулинар болх бира Горохови урамехь «Асторехь». Хьалхара дуьненан тӀамехь хьажийра фронте. Революцел тӀаьхьа, гӀалин мацаллех кӀелхьара довлуш, доьзалца кхелхира Поминово; цул тӀаьхьа Москоха кхелхира. Йуургаш йеш болх бира Горкашкахь, йуург кечйора Крупска Няадеждин, Мариян а, Дмитрий а УльяновгӀарна уьш баллалц. 1940 шарахь хилира лакхара йуург кечйийриг Москохан гӀалкоман партин «Ильичёвскин» Ильинскин пансионатан коьрта йуург кечйийриг а хилира. Цигахь йуург кечйора оьздангаллин министран Фурцева Екатеринин, Москохан ГӀК хьалхарчу секретарашна Гришин Викторна, Капитонов Иванан, Хрущёв Никитина, ткъа цуьнан нанас, болх бира дезткъа шо кхаччалцт[34][35][36].

Путинан ден а, ненан а агӀора гергарнаш (ПутингӀар, ШеломовгӀар, ЧурсановгӀар, БуяновгӀар, ФомингӀар, кхин а) уггаре а кӀезиг 300 шарахь ахархой хилла Тверан уездехь. Путинан уггаре хьалхара вевзаш волу да хьахийна 1627—1628 шерашкахь Тверан уездан йозанан жайнин тӀехь — иза Никитин Яков ву, паччахьан Михаил Фёдоровичан ненавешин бояринан Романов Иванан долара Тургиново эвлан килсан, Бородино эвлан латта доцу ахархо[37].

Бералла а, къуоналла а

Путин ден-фронтовикан портретца «Лийр йоцу полкан» боламехь Москохахь, 2017 шеран 9 майхь

Вина 1952 шеран 7 октябрехь Ленинградехь[15], Маяковскийн урамехь В. Ф. Снегирёвн цӀарах бер ден цӀахь[29]. ЖӀар тоьхна Спасо-Преображенски килсахь[38].

Путин Владимир доьзалехь кхоалгӀа кӀант хилла — цуьнан хилла шиъ воккха ваша, уьш белла иза дуьненан тӀевалале: Виктор (1940—1942) а, Альберт (велла Сийлахь-Боккха даймехкан тӀом болабалале). Виктор велла дифтери лазарх Ленинградан гуо латточу хенахь, дӀавоьллира Пискарёвн мемориалан кешнашкахь[39][40][41].

Путин Владимиран Серафимовски кешнашкара ден-ненан каш

ПутингӀеран доьзал Ӏаш бара Ленинградехь Басков урамалган (12-гӀачу цӀийнан лакхарчу пхоьалгӀачу гӀотехь) коммуналан квартирера цхьаьна чохь, оцу квартирехь Путин вехира ССРС ПКхК болхбан волаваллалц. Дачехь Тоснохь ишколхочун Путинан чохь лаьттара советийн тӀеман таллам кхоьллинчех цхьаъ волу Берзин Янан сурт[35]. Президент хиллачул тӀаьхьа, Путина дуьйцура, бераллехь дуьйна хьоьжура советийн талламчех фильмашка, сатуьйсуш вара пачхьалкхан кхерамзаллин меженашкахь болх бан.

1960—1965 шерашкахь Путина дийшира № 193 йолу бархӀ классан ишколехь. Цул тӀаьхьа деша хӀоьттира № 281 йолу йуккъерачу ишколе (Технологин институтан базанан тӀехь химин агӀора таьӀна башха ишкол), иза чекхйаьккхира 1970 шарахь. Арахецначул тӀаьхьа 17 шо долу Владимир дуьххьара, Ӏалашо гӀуллакхе дӀахӀоттар йолуш вахара ССРС ПКхК Ленинградан а, Ленинградан областан урхалле Литейни проспекте, цигахь къамел динчул тӀаьхьа, Путинан хьийхира хьалха кӀорггера гуманитаран дешар Ӏамаде аьлла[35].

Библиографи

Билгалдахарш

Хьосташ

[хьост?]

Литература

Хьажоргаш