Тихоненко, Валерий Алексеевич

Тихоне́нко Вале́рий Алексе́евич (вина 1964 шеран 19 августехь, Ангренехь, Узбекийн ССР, ССРС) — советийн а, российн а баскетболхо. Левзина веза форвардан позицехь. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1988). 2011 шарахь дуьйна — кхазакхстанан баскетболан «Астана» клубан инарлин менеджер.

Тихоненко Валерий Алексеевич
Карьера чекхйаьккхина
ПозициВеза форвард
Локхалла207 см
Возалла106 килограмм
Гражданалла Росси
Вина терахь1964 шеран 19 август({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (59 шо)
Вина меттигАнгрен, Узбекийн ССР, ССРС
Драфт КъБА157-гӀа (7-гӀа раунд), 1986, Атланта Хокс

Командаш
1985—1987Байракх ССРС ЦСКА
1988—1990Байракх ССРС СКА (Алма-Ата)
1990—1991Испанин байракх Форум Филателико
1991—1992Испанин байракх Каха де Ронда
1992—1993Испанин байракх Аргал Уэска
1993—1994Российн байракх Спартак (Москох)
1994—1997Российн байракх ЦСК ТӀХӀН (Самара)
1997Российн байракх Арсенал (Тула)
1997—2000Российн байракх ЦСКА
Мидалш
Олимпийн ловзарш
ДешиСеул 1988баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
ДетиИспани 1986
ДетиАргентина 1990
ДетиЖелтойчоь 1998
Европин чемпионаташ
ДешиГермани 1985
ДетиЖелтойчоь 1987
БорзаЮгослави 1989
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
ДоттагӀаллин ОрденОрден «Сийлаллин Билгало»Халкъийн доттагӀаллин орден
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Чекхйаьккхина Кхазакхстанан физикин оьздангаллин институт.

1986 шарахь драфтехь хаьржина КъБА «Атланта Хокс» клубо ворхӀалгӀа раундехь.

Биографи

Вина 1964 шеран 19 августехь Узбекийн ССР Ангрен гӀалахь. Баскетболера хьалхара гӀулчаш йаьхна Зозулин Сергейн куьйгаллехь.

Цхьаьна хенахь ловза волавелла ала мегар ду ЦСКА а, Баскетболех ловзаран ССРС гулйина команда.

1986 шарахь драфтехь ворхӀалгӀачу раундехь 18 боьххьехь хаьржина «Атланта Хоксо» (КъБА)[1]. Об этом факте Валерий Тихоненко узнал позже. Однако, он в НБА играть так и не поехал[2].

1988 шарахь левзина СКА (Алма-Ата) йукъахь.

1990—1993 шерашкахь левзина испанин клубашкахь. Йуьхьанца Сабонисца цхьаьна левзира «Форум Филателикохь». Барт 2 шеранна бина боллушехь «Форуман» куьйгалло воьхкира Тихоненко «Каха де Ронда» клубе баскетболхочух шеш деллачул дуккха а алсама ахчанах[3]. амма дукха хан йалале клубан куьйгалла хийцадалар бахьнехь къаьстира командех. Олимпиада-92 йолучу хенахь вевзира «Аргал Уэска» клубан президент, цуо Тихоненко кхайкхира цуьнан команде.

1993 шарахь левзина «Спартак» (Москох) йукъахь. Цул тӀаьхьа даьхкира ЦСК ТӀХӀН (Самара) а, Арсенал (Тула) а йукъара шераш. 1997 шарахь Тихоненко Валерий йухавирзира ЦСКА. 2000 шарахь цуо чекхйаьккхира ловзархочун карьера.

2000—2002 шерашкахь хилла ЦСКА командин коьрта тренер. Цул тӀаьхьа Тихоненко Валерий стажировкехь хилира «Сент-Джозефс» университетан командехь а, КъБА «Даллас Маверикс» клубехь а. 2004 шарахь дуьйна Москохара «Динамон» тренер, коьрта тренер, цуьнца хилира Российн чемпионатан детин совгӀатхо (2005). 2005/2006 шеран Ӏай Тихоненко Валерий хилира ЦСК ТӀХӀН (Самара) коьрта тренер. Самарера командица цуо болх бира 2009 шеран бӀаьсте йаллалц[4].

Пекинера Олимпийн ловзарш чекхдевллачул тӀаьхьа Баскетболех ловзаран Российн зударийн гулйина командин коьрте хӀоьттира[5]. Цуьнца иза 2009 шеран баскетболех ловзаран Европин зударшна йукъара чемпионатан детин совгӀатхо хилира[6]. 2010 шеран 29 июнехь хиира, Тихоненко Валерий оцу даржера шен лаамца мукъаваларх[7][8].

2011 шарахь хилира кхазакхстанан «Астана» клубан инарлин менеджер, иза ловзуш йара АМБ йукъара лигехь.

Шен дахар

Да — Тихоненко Алексей Михайлович (1936—2002), монтажник болх бира. Нана — Тихоненко Валентина Михайловна (1940 шарахь йина), хӀусамнана, йеха Алма-Атахь.

Тихоненко Валерийн ваша а, йиша а иштта баскетболхой хилира. Тихоненко Игорь (1966 шарахь вина) левзина СКА (Алма-Ата), ЦСК ТӀХӀН (Самара) клубашкахь. Йиша Оксана (1972 шарахь йина) левзина «Университет» (Алма-Ата) йукъахь, ССРС жимахойн гулйина команде кандидат. хӀинца ший а тренер болх беш ду Кхазакхстанехь.

Зуда — Тихоненко (Андриященко) Виктория Львовна (1975 шарахь йина.), чекхйаьккхина Кхазакхстанан физикин оьздангаллин институт, Москохан пачхьалкханоьздангаллин а, исбаьхьаллин а университет («интерьерийн дизайн» дакъа). КӀентий: Иван (1992 шарахь вина), ловзуш ву хинан полох СК «Фили» йукъахь; Марк (1998 шарахь вина) – ловзуш ву кхазакхстанан баскетболан «Астана» клуб йукъахь 2021 шарахь дуьйна; Клим (2001 шарахь вина); Глеб (2003 шарахь вина); йоӀ — Дорофея (2010 шарахь йина).

Валерийн хьалхара зуда йелла Иван дуьнен тӀеволуш 1992 шеран сентябрехь Испанехь.

Кхиамаш

ловзархо

  • Олимпий чемпион 1988.
  • Цхьаьнатоьхна командин йукъахь 1992 шеран ОЛ декъахо (4-гӀа меттиг)
  • Баскетболех ловзаран дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо: 1986, 1990 (гулйина командин капитан), 1998
  • Европин чемпион : 1985.
  • Европин чемпионатан детин совгӀатхо : 1987
  • Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо : 1989
  • Дуьненайукъара къийсамийн «ДоттагӀалла-84» толамхо (Лос-Анджелесера Олимпиадин альтернатива)
  • Баскетболех ловзаран ССРС чемпионатан детин совгӀатхо : (1984/1985), (1985/1986), (1986/1987)
  • Баскетболех ловзаран ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо : (1988/1989)
  • Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо : (1994/1995)
  • Российн чемпион : (1997/1998, 1998/1999, 1999/2000)

Коьрта тренер

  • Российн чемпионатан детин совгӀатхо : (2004/2005)
  • Европин чемпионатан детин совгӀатхо: 2009 (Баскетболех ловзаран Российн зударийн гулйина командин коьрта тренер санна).

Сийлахь цӀераш а, орденаш а

  • ДоттагӀаллин орден
  • «Сийлаллин билгало» орден
  • Къаьмнийн доттагӀаллин орден
  • «Къинхьегамехь къастарна» мидал
  • ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1988)
  • Российн эскаран подполковник

Билгалдахарш

Хьосташ

  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9


Хьажоргаш