Бабарико Виктор

Бабариков Виктор Дмитриевич (белор. Віктар Дзмітрыевіч Бабарыка; вина 1963-чу шеран лахьанан (ноябран) 9-чу дийнахь, Минскехь) — белорусийн банкир а, йукъараллин, политикин гӀуллакххо ву. 2020-чу шарахь Беларусь Республикин Президентан харжамашкахь кандидат вара. Бабарико Виктор- политикин тутмакх, меценат ву.

Бабарико Виктор
белорус. Віктар Дзмітрыевіч Бабарыка
Сурт
ГӀуллакхан тайпабанкир, меценат, коллекционер искусства, пропагандист культуры, йукъараллин гӀуллакххо, политик
Вина меттиг
Викилармин логотип Бабарико Виктор Викилармехь

2021-чу шеран мангалан (июлан) 6-чохь Беларусь Республикин Лакхарчу Кхело иза бехкевина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна, 15 шарна чувоьллина.

Доьзал

ЦӀийннана Марина — «Шанс» цӀе йолчу фондан Ӏуналлин кхеташонан куьйгалхо йара, йелла Мадейрехь 2017-чу шеран хьаьттан (августан) 15-чохь, дайвинг йечу хенахь[1]. Бераш:

КӀант Эдуард (вина 1990-чу шеран кхолламан (январан) 22-чохь), бизнесмен, «Улей» краудфандинган майданан кхоллархо,

ЙоӀ Мария, Австралехь Ӏаш ю[2].

Билгалдахарш