Боьра (роман)

«Боьра» (инг. The Hollow) — Кристи Агатин детективан роман, дуьххьала зорба тоьхна Йоккха Британехь Collins Crime Club арахецаралло а, АЦШ Dodd, Mead and Company арахецаралло а цхьаьна шарахь. Эркюль Пуарох лаьцна Кристи Агатин кхолламийн могӀанера роман йу[1].

Боьра
The Hollow
ЖанрРоман
АвторАгата Кристи
Дуьххьара зорба тоьхна1946
АрахецараллаDodd, Mead and Company[d]
Циклcanon of Hercule Poirot[d]
ХьалхараСверкающий цианид и 3 Libras
ТӀаьхьараРасскажи, как ты живёшь

Сюжет

Боьра меттиган да йолчу эксцентрикан ледис Энккейтл Люсис, кхойкху шайга доктор Кристоуга а, цуьнан зудчуьнга Гердега а. Кристоу Джонан роман хуьлу скульпторца Савернэйк Генриеттица, кхин тӀе хуьлу дика импровизатор а. Джона сагатлуш дагаоьхуьйту шен дуьххьарлера безам, Крэй Вероника. Дагахь а доцуш шота дийнахь иза нисло Энккейтлийн цӀахь пайдабоццучу бахьнийца. Вероника еха луларчу цхьаьна цӀа чохь. Кхин цунах тера цӀа чохь веха Энккейтлийн цӀа кӀиран дийнахь делкъе йан кхайкхина волу Эркюль Пуаро. Джон а, Вероника а цхьаьна дӀадоьду, ткъа йуха бусий бен ца богӀу. Пуаро вогӀа хӀусаме шолгӀачу дийнахь, цунна го тамашийна сурт. Герда лаьтта карахь револьвер йолуш цӀийшах дуьзина Джонан а, Люсин а дакъан уллехь, Генриетта а, Эдвард а лаьтта гено лаца а белла. ТӀаьххьара дешнаш, нийсса аьлчи Джонан кхайкхам бара: «Генриетта».
Хетало, шеко а йоцуш, Гердас байина, амма Генриеттас катухий револьвер «ца хууш» бассейн чу йожайо. Гуш болу бехк бов. ТӀаьхьуо гучудолу, Гердегахь хилла тапча, Джон вийнарг ца хилар.
Пуаро талам болабо.

Романан персонажаш

  • Пуаро Эркюль — бельгийн лахарча
  • Инспектор Грэндж — гӀуллакхан талламхо
  • Кристоу Джон — Харли-стритера лор
  • Кристоу Герда — Джонан зуда
  • Энккейтл Сэр Генри — Боьра меттиган да
  • Леди Энккейтл Люси — Генрин зуда, Боьра меттиган да
  • Энккейтл Эдвард — Генрин гергара стаг, дукха хенахь дуьйна Генриета езаш волу
  • Хардкасл Мидж — Люсин къона гергара йоӀ
  • Энккейтл Дэвид — студент
  • Савернэйк Генриета — скульптор
  • Крэй Вероника — актриса, эгоизме йолу, амма хаза къона зуда
  • Гедеон — цӀийнан Ӏу

Литературин емалалла

1946 шеран 1 декабрехь «The Observer» газетехь зорба тоьхнера романан йоццу рецензи: «Кристи Агатас, хӀиллане, дикка эмоцин сюжетан басар тӀехь, „герз туьйхира“ текхна ца волучу лоьрана. Шед баста вогӀу дикка воьхна Пуаро. ЧӀогӀа дика шала гура боьгӀна чеккхенгахь»[2].

Экране яккхар а, театрех йолийтар а

Кристи Агатас роман бух тӀе йиллина иштта цӀе йолчу пьесан, иза аьттонца хӀоттийра сцени тӀехь 1951 шарахь. Сюжетан асан коьрта хийцам хилира турпалшна йукъахь Пуаро Эркюль ца хилар.

2004 шарахь роман яккхира экран тӀе британин Кристи Агатин Пуаро телесериалан гуран чохь, коьрта ролехь Дэвид Суше а волуш. Иза чӀогӀа герга хилира оригиналан.

Лерина йаздар

Кристис Ларрин а, Данден а лерина жайна йаздина уьш къинтӀиера бохуш, ша церан бассейн лелаярна зуламан меттиг санна[3]

Хьажоргаш

Роман «Лощина» в библиотеке Альдебаран Архивйина 2012-12-19 — Wayback Machine

Билгалдахарш