Боярчук, Александр Алексеевич

Боярчу́к Алекса́ндр Алексе́евич (1931 21 июнехь, Соьлжа-ГӀала2015 10 августехь, Москохахь) — советийн а, российн а физик, астроном. РӀА академик (1987 шарахь дуьйна). РӀА Астрономин институт Ӏилманан куьйгалхо.

Боярчук Александр Алексеевич
Викилармин логотип Боярчук Александр Алексеевич Викилармехь

Ӏилманан гӀуллакхан коьрта агӀо йу седарчийн физика. Цуьнан белхашна далийна 2000 сов цитата ду, зорбатоьхна 1986 шерал тӀаьхьа. Хиршан индекс — 21[1].

Биографи

1953 шарахь чекхйаьккхира Ленинградан университет. Цул тӀаьхьа болхбира ССРС ӀА ГӀирман астрофизикин обсерваторехь. 1969 шарахь дуьйна обсерваторин директоран Ӏилманан белхан гӀовс ву. 1976 шарахь хаьржина ССРС ӀА корреспондент-декъашхо, ССРС ӀА академик — 1987 шарахь. 1987 - 2003 шерашкахь вара РӀА Астрономин институтан директор (1990 шо кхаччалц — ССРС ӀА Астрономин кхеташон председатель, цунах йира институт). 1991 - 1993 шерашкахь вара Дуьненайукъара астрономин союзан президент.

ДӀавоьллина Троекуровн кешнашкахь.

Ӏилманан кхиамаш

А. А. Боярчукан Ӏилманан белхийн тема йу седарчийн физикех лаьцна. Цуо талламаш бина тайп-тайпанчу классан седарчийн Химин хӀоттаман, масала, карийна сов гелий β Лирехь. А. А. Боярчука Ӏамийра седарчийн атмосферашкахь леларш, ткъа кхин а седарчий хьийзар. Цхьа могӀа белхаш бина стационаран доцучу седарчашна тӀаьхь а.

Шийла гигантах а, йовха буйдолах а лаьтташ йолу симбиотийн седарчийн — шала системан модель йинарг ву. Оцу моделан бух тӀаьхь мах хадийна цу объектийн массан, йоккхаллин бараман, температуран, кхин амалийн а.

Э. Р. Мустельца цхьаьна гайтина керлачу седарчийн чкъоьран модель.

А. А. Боярчукан куьйгаллийца йина космосан ультрафиолетан телескоп «Астрон».

Йукъараллин гӀуллакх

  • РӀА хьехамча
  • РӀА Физикин Ӏилманийн дакъа куьйгалхо
  • РӀА Астрономин институтан Ӏилманан куьйгалхо
  • РӀА Космосех долчу гӀуллакхийн кхеташон председателан гӀовс
  • Российн астрономийн къоман комитетан председатель
  • Америкин астрономин йукъараллин декъашхо
  • Америкин физикин йукъараллин декъашхо
  • Йоккха Британин Паччахьан астрономин йукъараллин декъашхо
  • Европин астрономин йукъараллин декъашхо
  • Дуьненайукъара астрономин союзан декъашхо
  • «Астрономин журналан» коьрта редактор
  • РӀА Ӏилманан-арахецаран кхеташо физикин-математикин Ӏилманашкара литературин секцин председатель

СовгӀаташ

  • ССРС Пачхьалкхан совгӀатан лауреат (1984)
  • «Сийлаллин Билгало» орденца совгӀат дина (1976)
  • Сийлаллин орденца совгӀат дина (1996)[2]
  • «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орденан кавалер (2000) — пачхьалкхан хьалха динчу гӀуллакхашна а, дуккха шерашкахь дика къахьегарна, къаьмнашна йукъахь доттагӀалла а, йукъаметтигаш а чӀагӀдеш доккха дакъа лацарна[3]
  • «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 3 тӀегӀанера орденан кавалер (2007)[4]
  • Ф. А. Бредихинан цӀарах совгӀатан лауреат (2001)
  • А. А. Белопольскийн цӀарах совгӀатан лауреат (2011)
  • ППУ Сийлахь доктор (2001)[5]

А. А. Боярчукан сийнна цӀе тиллина, ГӀирман астрофизикин обсерваторин астранома Н. С. Черныха 1977 шеран 22 мартехь дӀайиллина йолу, жима планетан (2563) Боярчукан[6][7].

Билгалдахарш

Литература

  • Колчинский И.Г., Корсунь А.А., Родригес М.Г. Астрономы: Биографический справочник. — 2-е изд., перераб. и доп.. — Киев: Наукова думка, 1986. — 512 с.
  • Губарев В.С. Секретные академики. Кто сделал СССР сверхдержавой. — М.: Вече, 2015. — 320 с. — ISBN 978-5-4444-2546-6.

Хьажоргаш