Брюссель

Брюссель[3] (нидерл. Brussel [ˈbrʏsəl], фр. Bruxelles [bʁyˈsɛl]) — Бельгийн а, Брюсселан гӀалийн кӀоштан коьрта гӀала йу. Брусселехь йу Французийн а, Фломанцийн а, Фландрийн а йукъараллийн меттигаш. Иштта Брусселехь ду Еврокхетшон коьрта цӀа, офис НАТО, Бенелюкс пачхьалкхийн секритариат а, Малхбузен Европин Кхеташо а.

ГIала
Брюссель
нидерл. Brussel, фр. Bruxelles
Сурт
50°50′48″ къ. ш. 4°21′09″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Бельги
РегионБрюсселан коьрта гӀалин регион
МэрФредди Тилеманс
Истори а, географи а
ЙиллинаVI бIешо
Дуьххьара хьахор966
Майда32,61 км²
Центран локхалла13 м
Сахьтан асаUTC+1:00[d], UTC+2:00[d]
Бахархой
Бахархой163 210[1] стаг (2011)
Официалан моттФранцузийн мотт, недерландхойн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+32 2
Поштан индекс1000[2], 1020[2], 1040[2], 1050, 1120[2], 1130[2]
bruxelles.be
(Франц.)(Нидерл.)(ингалс.)
Картин тӀехь
Брюссель картан тӀехь
Брюссель

Географи

Брюсселан кеп, нийса йоцу кеп лерина йу, кхаъ декъех хотта йелла: шуьйра къилбеседа, готта йукъера, кхин готта малхбале. Гlалийна Къилбседа агlор Лакен кӀошта йу, иштта цlе йолуш Пачахьан цlа лаьтташ. Гlалийн ширачу декъо бульварийн пхикlов кхуллу, хьалха тlеман чlагlонаш лаьттинчу меттехь. Брюссель Сенна хин тlехь лаьтташ йу, амма гlалийн дозанашкахь и хи гуш дац, XIX бхьей шарахь Анри Мо куьйгаллийца белгхойн инженераш хи дхьа къовлар бахьан долуш.

Истори

Гlалийн цlе bruoc (ширанедерл., «сацlар») а, sella (ширанедерл., «юрт») дешнех кхолла йелла. Гоч - «сацlар тlехь юрт».Къoман дийцарехь, Брюссель VI бхьей шарахь Горикс (Сен-Жери) кхоьллина. Амма доьхьара Историхь Bruocsella цlе йолу юрт 996 шарахь хьахийна йу, Сийлахь Оттонан яздаршкахь. 977 - 979 шерашкахь Лахарлотарингийн Карло Сенна хин тlехь гlап а йоьгlна, йуьртан гlала кхоллалуш гlулч йаьккхира.

Билгалдахарш