Чулацаман тӀегӀо

Джексон, Лорен

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Джексон Лорен
инг. Lauren Jackson
Карьера чекхйаьккхина
ПозициЦентровая / Йеза форвард
Локхалла196 см
Йозалла85 кг
Гражданалла Австрали
Йина терахь1981 шеран 25 май({{padleft:1981|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (43 шо)
Йина меттигОлбери, Керла Къилба Уэльс
ИшколЛейк-Джинниндерра (Канберра, Австралин коьрта гӀалин мохк)
Драфт КъБА1-ра, 2001, Сиэтл Шторм

Командаш
1997—1999Австралин байракх Австралин спортан институт
1999—2006Австралин байракх Канберра Кэпиталз
2001—2012АЦШн байракх Сиэтл Шторм
2006—2007Республика Корейн байракх Сеул Старз
2007—2009Российн байракх Спарта&К
2009—2010Австралин байракх Канберра Кэпиталз
2010—2011Российн байракх Спарта&К
2011—2012Испанин байракх Рос Касарес Валенсия
2012—2013Австралин байракх Канберра Кэпиталз
2014—2016Австралин байракх Канберра Кэпиталз
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
  • Зударийн КъБА чемпион (2004, 2010)
  • Зударийн КъБА MVP (2003, 2007, 2010)
  • Зударийн КъБА финалан MVP (2010)
  • Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда (2003—2007, 2009, 2010)
  • ДКъБА дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда (2008)
  • ДКъБА уггаре дика дуьхьалонан ловзархо (2007)
  • Дерриг седарчийндуьхьалонан гулйина 1-ра команда (2007, 2009)
  • ДКъБА дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда (2005, 2008, 2010)
  • ДКъБа рогӀера чемпионатан уггаре жамӀе ловзархо (2003, 2004, 2007)
  • ДКъБА рогӀера чемпионатан буьрка схьаэцарехь лидер (2007)
  • ДКъБА итт шеран гулйина команда (2006)
  • ДКъБА исторехь уггаре дика 15 ловзархо (2011)
  • ДКъБА исторехь уггаре дика 20 ловзархо (2016)
  • Зударийн КъБЛ чемпион (1999, 2000, 2002, 2003, 2006, 2010)
  • Зударийн КъБЛ MVP (1999, 2000, 2003, 2004)
  • ЗКъБЛ финалан MVP (2002, 2003, 2006, 2010)
  • Зударийн КъБЛ седарчийн гулйина команда (1999—2004)
  • ЗКъБЛ уггаре дика иччархо (1999, 2003, 2004)
  • Зударийн КъБЛ керла ловзархо (1997)
  • Австралин баскетболан сийлаллин зал (2019)
Мидалш
Олимпийн ловзарш
ДетиСидней 2000баскетбол
ДетиАфина 2004баскетбол
ДетиПекин 2008баскетбол
БорзаЛондон 2012баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
БорзаГермани 1998
БорзаЦийчоь 2002
ДешиБразили 2006
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Джексон Лорен Элизабет (инг. Lauren Elizabeth Jackson; йина 1981 шеран 11 майхь, Олберехь, Керла Къилба Уэльс штат, Австрали) — австралин профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацин «Сиэтл Шторм» клубехь, цуо иза хаьржира 2001 шеран ДКъБА драфтан хьалхарчу раундехь, йукъара хьалхарчу лоьмарца. Левзина йеза форвардан а, центровойн а позицешкахь. Австралин къоман гулйина командин йукъахь тоьлла 2006 шеран Бразилера дуьненан чемпионатехь, тӀаьхьий-хьалхий доьазза совгӀатхо хилла аьхкенан Олимпийн ловзарийн, цул сов Олимпиадин уггаре жамӀе ловзархо йу. 2019 шарахь дуьйна Австралин баскетболан сийлаллин залан декъахо, 2021 шарахь дуьйна баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Биографинисйе

Джексон Лорен баскетболех ловза йолайелира 4 шо долуш. 1997 шарахь иза левзира Австралин кегийрхойн гулйина командехь а, «Австралин спортан институтехь» а. 1999 шарахь Лорен дехьайелира «Канберра Кэпиталз» клубе. 2000 шарахь цуьнан дебют хилира баскетболех ловзу Австралин зударийн гулйина командехь Олимпийн ловзаршкахь. 2006 шарахь Лорен левзира корейн «Сеул» клубехь. Цул тӀаьхьа 2007 шарахь цуо контракт дира Москохан областан Виднера «Спартакца» («Спарта&К»). 2009/2010 шо Лорен левзира «Канберра Кэпиталз» йукъахь, цул тӀаьхьа йуха а Виднера клубан ловзархо хилира. 2011/2012 шо долалуш цунах испанин Валенсера «Рос-Касарес» клубан ловзархо хилира.[1]

2001 шеран ДКъБА драфтехь иза хьалхарчу лоьмарца хаьржира «Сиэтл Штормо», цунна йукъахь Лорен левзира 2001—2012 шерашкахь. «Сиэтл Шторм» командин йукъахь цунах шозза WNBA чемпион хилира (2004 а, 2010 а), ткъа кхин а зударийн КъБА долара совгӀаташ а дехира.

Карьера чекхйаьккхира 2016 шарахь.

Кхиамашнисйе

Командин совгӀаташнисйе

  • Олимпийн ловзаршкахь детин совгӀатхо: 2000, 2004, 2008
  • Дуьненан чемпион: 2006
  • Австралин чемпион (WNBL): 1999/2000, 2000/2001, 2001/2002, 2002/2003, 2005/2006, 2009/2010
  • WNBA чемпион: 2004, 2010
  • Российн чемпион: 2006/2007, 2007/2008
  • Российн чемпионатан детин совгӀатхо: 2008/2009
  • Евролигин чемпион: 2007/2008, 2008/2009, 2011/2012

Долара кхиамашнисйе

  • Зударийн КъБА MVP : 2003, 2007, 2010
  • WNBA финалан серин MVP: 2010
  • Зударийн КъБЛ MVP : 1999, 2000, 2003, 2004
  • ЗКъБЛ финалан MVP : 2002, 2003, 2006, 2010
  • Корейн лигин MVP: 2007
  • Евролигин MVP: 2008
  • WNBA 209 матчехь 4000 очко сов йаьккхина[2]
  • 25.07.2007 йуха а хьалхалера WNBA рекорд гайтира жамӀаца, 47 очко кхоьссина цхьаьна матчехь[3]
  • Олимпийн турниран кхоалгӀачу туран Бразилин командица йолчу матчехь (67:61) кхоьссира 18 очко, иштта Ловзаршкара шен гайтам кхачийра 497 очкога. Джексона йохийра америкахочун Лесли Лизин хьалхалера рекорд (488 очко), иштта хилира Олимпийн ловзарийн исторехь уггаре жамӀе ловзархо.[4]
  • 2012 шеран 21 сентябрехь хилира WNBA исторехь 6000 очко кхоьссина 4-гӀа ловзархо[5].

Билгалдахаршнисйе

Хьажоргашнисйе

🔥 Top keywords: Коьрта агӀоВикипеди:ФорумЭджворт (Пенсильвани)ШолгӀа дуьненан тӀомАхмадов, Муса Магомедович.neКеп:Динан адамНохчийчуьра акхаройВикипеди:Цуьнах лаьцнаГӀирс:ЛахарВикипеди:ГӀоГӀирс:Керла нисдаршВикипедиКеп:Динан цхьаьнакхетарКеп:Адам/ИсламВикипеди:Йукъараллин ковБадуев, СаьӀид СулеймановичАль-БарбахӀариБарта кхоллараллаКиранцНохчийчоьАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташКов:Карара хилларшНохчийн моттЙоккха БританиВикипеди:Хаьржина йаззамашВикипеди:Йаззам кечбарКеп:Динан цхьаьнакхетар/docХьанбалийн мазхӀабВикипеди:Элпнашца гайтарМухьаммадВикипеди:Бакъонаш а, куьйгалла аInstagramБексултанов, Муса ЭльмурзаевичКеп:Infobox softwareВикипеди:Массо а маттахь хилайеза агӀонашАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀВикипеди:Категорешца лахарГорник (Айова)