Нехаш

Онда бахамера / коммуналан даххаш (ОБД, ОКД, коммуналан нехаш) — телхина лело пайденна йоцу хӀумаш йа сурсаташ, доккхаха долу дакъа лелийна хӀуманийн даххаш.

Нехаш чу кхуьсу контейнерш. Итон-Кхелла кlошта
Нехаш контейнер чохь
Нехаш чуйухку бак махлелоран центран уллехь

ОКД декъало кхин а (биологин) диларшка а, нехашка а (биологин доцу онда адамо дина, Ӏаламера хилла даххаш)[1]. Бахамера хилла ца Ӏаш, нехаш кхин а хуьлу белхан а, гӀишлошйаран а.

Нехаш Ӏамош («нехашшан археологи») а, цуьнан утилизацин хьесапаш Ӏамош а ду гарбологи олу Ӏилма.

ХӀоттам

Шира авточкъургаш
Ма кхийса нехаш!
Нехаш кхийса ца мега

Онда бахаман даххаш чолхе гетерогенналлин иэдар ду.

Морфологин хьесапца ОБД хӀинца лаьтта лахарчу декъех[2]:

  • Биологин даххаш:
    • ДаьӀахкаш
    • Дааран а, ораматийн адаххаш (диларш, нехаш)
  • Синтетикин даххаш:
    • Целлюлоза кечйаран:
    • Мехкадаьттан сурсаташ:
    • Тайп-тайпана металлаш (бесара а, Ӏаьржа а)
    • Ангали
    • Нуй хьаькхна нехаш

ОКД фракцин хӀоттамо (тайп-тайпана барамера Ӏуьргаш долу цацанах чекхйовлу массашкахь компоненташ) Ӏаткъам бо даххаш гулдарна а, дӀадахьарна а, кхин а уьш тӀаьхьа ахьаран технологина а, сорташка йекъарна.

ОКД химин хӀоттам уьш охьуш кхаьчна компостан йа биогазан дикалла билгалйаккха оьшу.

ОКД хӀоттам къаьсташ хуьлу тайп-тайпана мехкашкахь а, гӀаланашкахь а. Иза йоьзна йу дукхачу факторех, царна йукъахь бахархойн аьтту, климат, дика дӀанисбалар. Нехашан хӀоттамна хаъал Ӏаткъам бо гӀалахь ангали пхьегӀаш гулйаран, кехат гулдаран, иштта кхин а системо. Иза хийцайала тарло шеран замане, хенан-хӀоттаман хьелашка хьаьжжина. Иштта гуьйрана тӀекхета диларш, иза доьзна алсама хасстоьмаш а, стоьмаш а даарца. Ткъа Ӏай а, бӀаьста а лахло кегийра нехаш (арара нехаш).

Хенан йохаллица ОКД хӀоттам мелла а хийцало. ТӀекхета кехатан а, полимеран гӀирсийн дакъа. Ткъа йукъара йовхолатторо ОКД йукъара дӀабоккху кӀора а, йукъ а.

Хенан йохаллица ОКД хӀоттам мелла а хийцало. ТӀекхета кехатан а, полимеран гӀирсийн дакъа. Ткъа йукъара йовхолатторо ОКД йукъара дӀабоккху кӀора а, йукъ а.

Ӏаламна Ӏаткъам

Нехаш кхуьйсу меттиг хуьлу синантропан кепийн — ун даржочеран кхачанан хьост, уггаре хьалха, кхерста дийнатийн. Органикин диларшца йолу банканаша, шишанаша, кхин пхьегӀаша гуранан роль лелайо экханашна, сагалматашна[3]. Кхин а цуо зулам до Ӏаламна, дийнаташна, ораматашна. 80 % нехаш ахьа ца ло, экологина зулам деш йу.

Даххаш дӀадохкаран, ахьаран, утилизаци йаран технологи

Мелитополан онда бахаман даххийн полигон
Ангали а, пластик а гулйен бакаш, Москох, 2020 шо
Йухалало хьажо кечйина металлан банканаш, Иллинойс

Леладо даххаш къаьстина гулдар, дӀадоллар, дагор.

Даххийн тайп-тайпана категореш къаьстина гулйаро билгалбоккху утилизацин, цхьацца компонентийн пайда а, мах а. Утилизацин уггаре аьтту боцуш ду ийна даххаш, масала, биойахкало тӀуьна диларийн а, пластмассийн а, металлийн а, ангалин а, кхин а иэдарийн компоненташ.

XX бӀешарахь а, тӀаьхьуо а кхиинчу мехкашкахь даххаш дӀадохкар дукхах дерг шайн луъ-луучохь нехаш дӀакхуьйсийлаш ца йеш, леррина проекташ йина инженерийн объекташкахь йухку, цунах бахаман даххаш дӀадухку полигон олу. Полигонийн проекташа лара деза гуонахьара Ӏаламан зен кӀезиг дар, луьра санитарийн-гигиенан бехкамаш кхочушбар.

Цхьа могӀа мехкашкахь даьржина ОКД утилизаци йагоран хьесапан новкъа, тӀаьхьа йисина овкъарш башха полигонашкахь лаьттах йухкуш. И хьесап нийса кхочушдан билгалчу ханна оьшу лакхара температураш («йагийна дӀайаккхар», масала схьайовла газаш йагоро 850 градусал сов температура хьалайоккху шина секунданна а, сов а).

ОКД прогноз йар

Бахаман баххашца къовсам латто леладо ОБД кхолладаларан прогноз йаран а, моделаш йаран а хьесапаш. ОКД кхоллайаларан балансан а, факторан а, статистикин а моделаш къастайо. Балансан моделашкахь даххаш гулдаларан мах хадабо сурсаташ лелоран, дохкаран, дааран хаамашца, церан йукъаметтиг хуьлу даххаш дӀасалеларан спецификица. Факторан моделийн бух бу даххаш гулдаларан хьесапаш гайтаран факторийн анализ тӀехь. Статистикин моделаша гучудоху ОКД гулдалар хийцадаларан статистикин законашца[4].

ОКД цхьацца мехкашкахь

ХӀора шарахь нехийн барам тӀекхета чухоамца 3 % гергга. ЛПДхь гулло 100 млн тонн гергга ОКД шарахь. Российн декъана кхочу цунах ах сов (2007 шарахь 63 млн т гергга[5]; около 53 млн т в 2011 году[6]).

Россехь

Россехь хӀора шарахь гулло 6,2 млрд тонн гергга дерриг кепара даххаш[7]. ОКД барам хуьлу 63 млн т/шарахь (цхьаьна адаманна кхочу йуккъера барам 445 кг)[5]. ОКД хӀоттам: кехат а, картон а — 35 %, диларш — 41 %, пластмассаш — 3 %, ангали — 8 %, металлаш — 4 %, кӀади а, кхин дерг а — 9 %[5]. Нехийн йуккъера барам 10 % — 15 % охьу. Онда бахаман даххаш 3 % — 4 % бен ца охьу, промышленностан — 35 %. Дукхаха йолу нехаш нехаш дӀакхийсуьйле дӀахьо — уьш Россехь 11 эзар гергга йу. Цигахь дӀадоьхкина 82 млрд т гергга даххаш[8].

АЦШ

АЦШхь хӀора шарахь гулло 230 млн тонн гергга ОКД (цхьаьна стаганна йуккъера барам 760 кг), 30 % гергга охьу, компост йо, 15 % йагайо, 55 % дӀайуллу[5]. Состав ТБО: бумага и картон — 37 %, пищевые отходы — 24 %, пластмассы — 11 %, стекло — 5 %, металлы — 8 %, текстиль и другое — 15 %[5].

Хьажа кхин а

  • Даххаш
  • Нехийн урна
  • Нехийн бак
  • Даххаш ахьар
  • Нехаш дӀакхийсуьйлера газ
  • ХӀордан нехаш
  • Доккха тийнаӀапказан нехийн тача
  • Нехаш гулйечеран гӀала

Билгалдахарш

Литература

оьрсийн маттахь
  • де Сильги К. История мусора: от средних веков до наших дней = Histoire des hommes et de leurs ordures, du moyen-âge à nos jours / Пер. с фр. И. Васюченко, Г. Зингера. — М.: Текст, 2011. — 288 с.
  • Эрисман Ф. Ф. Сожигание мусора // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
кхечу меттанашкахь

Хьажоргаш

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «нехаш»

Кеп:Бехдарш