Орографи

Орографи (схьадаьлла желт. óros — лам, grapho — йаздо), йа морфометри[1], — геоморфологин а, физикин географин а дакъа, тӀехуларчу хьесапашца а, схьайаларе ца хьоьжуш вовшех йазарца а рельефан куьцан сурт хӀотто а, классификаци йен а.[2][3]

Малхбален Сибрехан орографин карта, автор Кропоткин Петр, 1875 шо.

Рельефан куьцан (даккъийн, тӀамлаьмнийн, аренийн, тогӀенийн, Ӏаннийн, боьрийн, иштта кхин а) сурт хӀоттош гойту лаьтта меттиг, анасизан агӀонийн ориентировка, йалайо метрин амалаш: дохалла, майда, локхалла, кӀоргалла, эркан машано цестаран луьсталла, тӀехалонан а, басенийн а Ӏункаре. Орографин сурт ладам еду меттиг лелочу хенахь проект хӀоттош[4].

Туризмехь маршрутийн сурт хӀоттош сих-сиха хаало «орографин агӀора» термин, цуо билгала доккху, ламанца, шунашца доьзна дерг. Масала, «орографин агӀора аьрру йа орографин агӀора аьтту берд» (масала, локхаллица йа лохаллица доьзна эркан, Ӏинан, моренин, дукъан, рельефан кхечу куьцан) меттиг нийса аьлла маьӀна ду, схьадалар ломан аьтту йа аьрру агӀора ду бохург ду[5].

Билгалдахарш

Литература

  • Словарь названий орографических объектов СССР / Сост.: К. Т. Глива, С. К. Бушмакин, Т. В. Государенко и др.; Ред.: К. Т. Глива, Г. Г. Кузьмина; Гл. упр. геодезии и картографии при Совете Министров СССР. Центр. науч.-исслед. ин-т геодезии, аэросъёмки и картографии. — М.: Недра, 1976. — 304 с.

Хьажоргаш