Рузма

Ру́зма (лат. calendarium — декхаран жайна: Ширчу Румехь декхархоша са лора календашкахь, беттан хьалхарчу деношкахь) — еха хенан юькъан лараран система, йоьзна стиглара догӀмаш леларан бух тӀаьхь: Маьлхан — маьлхан рузманашкахь, Беттан — беттан рузманашкахь, Маьлхан а, Беттан а цхьаьна хенахь йолу беттан-маьлхан рузманашкахь. Иштта рузма олу тӀаьхь билгалдаьхна Ӏиданаш долу шеран денош кӀиранашка а, беттанашка а декъначу испискех, денойн, кӀиранийн, беттанийн раж гойту, ткъа иштта кхин тайп-тайпанчу амалера хаамаш а болу рогӀера справкин арахецар.

Рузма
Рузманах дерг

Кхин рузманаш
Армелинан •Эрмалойн: шираэрмалойн, керстачеран • Ассирийн • Ацтекийн • Бахаин • Бенгалийн • Буддийн • Вавилонан • Византийн • Малхбаленславянийн • Вьетнаман • Гильбурдан • Голоценан • Григорийн • Гуьржийн • Дарийн • Ширагрекийн • Ширамисран • ШирахӀиндин • ШирагӀажарийн • Шираславянийн • Жугтийн • Зороастрийн • ХӀиндийн • Инкийн • Иранан • Ирландин • Исламан • Кельтийн • Цийн • Контан • Коптийн • Малайн • Майян • Масонийн • Миньго • Непалан • Керлаюлианан • Пролептийн: юлианан, григорианан • Руман • Румийн • Симметрин • Советийн • Цхьанаэшшарниг • Тамилан • Тайхойн: беттан, маьлхан • Тибетан • Кхаазаман • Туван • Туркменийн • Французийн • Хакасийн • Ханаанейн • Хараппийн • Чучхе • Шведийн • Шумерийн • Эфиопийн • Юлианийн • Яван • Японийн

Истори

Мисран рузма Нил дестаран бух тӀаьхь ю

Хьалхара рузманаш евлира чӀогӀа иэшарна рогӀера а, хир буй хуучу хенан-хӀоттаман а хьолашкахь. Набта-Плаяхь (Мисран таханлера мохк) вайн эрал 5 эз. шо хьалха ахкхерста даьхнийлелорхойн тайпанаша йира, хила тарло, хьалхара шеран «рузманан гуо», шо долалора Сириус седа гучубаьлчи. Оцу рузмано гӀодора тайпанан догӀан зама йола а, чекх а маца йолу, тӀаккха гӀум-аренан регионах даьхний дажо мегаш йолу сенъелла саванна хуьлура. Оцу хенахь гергга таханлера Германин махкахь кхоьллира Гозекан гуо, цуьнан бух бара Ӏай малх цӀа кхачаран тӀаьхь[1].

Нохчийн рузма

Дечкен-бутт[2]
Чиллан-бутт[3]
Зазадоккху-бутт[4]
Оханан-бутт[5]
Стигалкъекъа-бутт[6]
Мангалан-бутт[7]
Товбецан-бутт[8]
Марсхьокху-бутт[9]
Гезгмашан-бутт[10]
ГIадужу-бутт[11]
Лахьанан-бутт[12]
ГIуран-бутт[13]

Хьажа иштта

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш