Сан-Антонио Спёрс

«Сан-Антонио Спёрс» (инг. San Antonio Spurs) — профессионалан баскетболан клуб, ловзуш йу Къоман баскетболан ассоциацехь. Команда кхоьллина 1967 шарахь. Клубан база йу Техасера Сан-Антонио галахь. ЦӀера матчаш дӀахьо AT&T-центр аренехь.

Сан-Антонио Спёрс
КонференциМалхбузен
ДивизионКъилба-Малхбузен
Кхоьллина шо1967
ИсториДаллас Чеперрелс
1967–1970, 1971–1973

Техас Чеперрелс
1970–1971
Сан-Антонио Спёрс
1973—хӀ. а.

СтадионAT&T-центр
ГӀалаСан-Антонио, Техас
ДолахоПитер Холт
Инарлин менеджерР.С. Бьюфорд
Коьрта тренерГрегг Попович
Д-Лигин клубашОстин Спёрс
Чемпионалла5 (1999, 2003, 2005, 2007, 2014)
ЧӀагӀйина лоьмарш10 (00, 6, 9, 12, 13, 20, 21, 32, 44, 50)
Официалан сайт
Форма
Форма
ЦӀера
Форма
ХьошалгӀара

«Сан-Антонио Спёрс» АБА хиллачу декъашхойх йеаннах цхьаъ йу, 1976 шарахь АБА а, КъБа а вовшахтоьхна цхьа лига йинчул тӀаьхьа хийца а ца луш КъБАхь дакъалоцучех[1], AБA йукъахь хиллачех КъБА коьрта хӀонс йаьккхина иза бен йац[2]. «Сан-Антонио» 5-зза КъБАн толамхо хилла (команда хилла КъБА чемпион 1999, 2003, 2005, 2007, 2014 шерашкахь[3]), Цул сов толам бац «Бостон Селтикс» (17), «Лос-Анджелес Лейкерс» (16), «Чикаго Буллс» (6) бен. 2015 шеран июлехь «Сан-Антонио Спёрс» клубо хьалхара меттиг йоккху Ассоциацин йерриг командашлахь КъБА плей-оффехь дакъалацаран процентаца, иза ца левзина 4 плей-оффан къовсамехь доцург ша КъБАхь мел ловзу: 89,7% (Лейкерсан – 89,6%, Селтиксан – 75,4%, Филадельфин – 71,2%, кхечера – 70% кӀезиг)[4].

2019 шеран апрелерчу хьолехь «Спёрс» 22-зза тоьлла шен дивизионехь[5]. Командо тӀаьхьарчу 25 шарахь 24-зза дакъалаьцна плей-оффехь (1989/90 шарахь дуьйна). Сан-Антонио йукъахь Данкан Тим веинчул тӀаьхьа, клубо дакъалецира плей-оффехь 18 шарахь 18-зза. Командин берриг тӀаьхьара кхиамаш бихкина бу командин коьртачу тренеран цӀарах Попович Греггах, иза «Спёрсан» тренер ву 1996 шарахь дуьйна[3][6].

«Спёрс» Сан Антониохь

«Спёрс» Сан-Антониора цхьаъ бен йоцу команда йу, гӀала АЦШ профессионалийн йеа лигехь ловзуш йолу, изий бен йац 5 шарахь сов цунна йукъахь левзина. Дукхаха болу хилла ловзархой а болх беш бу клубан структурехь. Масала Дэвид Робинсон Академехь[en][7], ткъа Джордж Гервин Кегийрхойн Центрехь[8].

Статистика

Къоман баскетболан ассоциацера 39 шарахь клуб 35-зза плей-оффе йелира 5-зза йаьккхира чемпионийн титул. «Спёрсал» алсама чемпион ца хилла «Бостон Селтикс» (17-зза), «Лос-Анджелес Лейкерс» (16-зза), «Чикаго Буллз» (6-зза) бен.

Ловзархой

Карара хӀоттам

Текущий состав

Карара хӀоттам «Сан-Антонио Спёрс»
ЛовзархойТренераш
Поз.Гражд.ЦӀеЛокхаллаВозаллаСтенгара
ТӀ Лонни Уокерсм кг
Ф Келдон Джонсонсм кг
ТӀ Деррик Уайтсм кг
ТӀ Деджонте Мюррейсм кг
ТӀ Брин Форбссм кг
ТӀ Джошуа Примосм кг
Ф/Ц Дрю Юбэнкссм кг
Джо Уискампсм кг
Ф Девонте Кейкоксм кг
Ф Дуг Макдермоттсм кг
Ф/Ц Зак Коллинзсм кг
Девин Васселлсм кг
Ц Якоб Пёлтлсм кг
Ф Таддеус Янгсм кг
Ф Кейта Бэйтс-Диопсм кг
ТӀ Тре Джонссм кг
Ц Джок Лэндейлсм кг
Коьрта тренер
  • Грегг Попович
Тренеран ассистенташ
  • Чип Энгелланд
  • Бекки Хэммон
  • Уилл Харди
  • Митч Джонсон

ХӀоттамДехьаваларш
ТӀаьххьара хийцамаш: 2021 шеран 18 октябрь

Баскетболан Сийлаллин зал

  • Джордж Гервин — 1996
  • Артис Гилмор — 2011
  • Мозес Мэлоун — 2001
  • Дэвид Робинсон — 2009
  • Деннис Родман — 2011
  • Доминик Уилкинс — 2006

Лелочуьра йукъара йаьхна лоьмарш

  • 00 — Джонни Мур, Т, 1980—1988, 1989—1990
  • 6 — Эйвери Джонсон, Т, 1991, 1992—1993, 1994—2001
  • 9 — Тони Паркер, ЛДТ, 2001—2018
  • 121 — Брюс Боуэн, ВФ, 2001—2009
  • 13 — Джеймс Сайлас, Т, 1972—1981
  • 20 — Ману Джинобили, ТӀТ, 2002—2018
  • 21 — Тим Данкан, Ц/ВезФ, 1997—2016
  • 32 — Шон Эллиотт, Ф, 1989—1993, 1994—2001
  • 44 — Джордж Гервин, З, 1974—85
  • 50Дэвид Робинсон, Ц, 1989—2003

Билгалдахарш

  • 2015 шеран 1 9 июлехь «Спёрсо» йуха йукъайаьккхира лоьмар 12, иза йелира Олдридж Ламаркусан, Боуэн Брюсан пурбанца[9].

ГӀарабевлла ловзархой

Википедехь йаззамаш болу «Сан-Антонио Спёрсан» ловзархойн юьззина испискаш, хьажа кхузахь

Тренераш

Билгалдахарш

Хьажоргаш