Авианекъ

Авианекъ — латан я хин тIехулара хIаваан шораллин барам хIоттийна коридор кепара есалла, оцу чухула чIагIйинчу маршрутаца кеманаш а, вертолёташ а тIома лела.

Авианекъан болх дIабохуйту аэродромаш, радиомаякаш, хIаваан леларан урхаллин гIуллакх, метеорологин гIуллакх.

Дуьххьарлера российн чоьхьарчу хаамийн авианекъ дIабиллина Москохан а, Нижни Новгородан а юкъахь 1923 шарахь, дуьненайукъара — Москох-Рига-Кёнигсберг 1922 шарахь.

Авианекъан коьрта ши тайпа хуьлу:

  • Меттигера хIаваан некъ (МХIН) — регионан авианекъаш, областан центрашна йукъара уьйр латтайо, ткъа иштта кIоштан центрашца а, 500—1000 км радиус йолчу генарчу посёлкашца а; лелабо гIирсашца тIома леларан бакъонашца (ГIТIЛБ) а, иштта гарца тIома леларан бакъонашца (ГТIЛБ).
  • ХIаваан некъаш — генарчу (масех эзар км) меттигашка леларан магистралан авианекъаш ду; лелабо гIирсашца тIома леларан бакъонашца (ГIТIЛБ).

ХIаваан некъаш зорба тоьхна ду аэронавигацин хааман сборникашкахь сизнашца, цхьаьнатухуш долу шиъ я сов ДДП.

Хьажа иштта

  • Къилбаседаатлантикан некъаш
  • Охьа ца ховшу авиарейсаш

Хьажоргаш