Бебу

Бебунаш, йа бебу йа аттйокх (лат. Cuculidae) — хьозакепарчеран гергара бебукепара тобанера олхазарийн доьзал. Уггаре йевза доьзалан векал — ма-дарра бебу. Антарктида йоцург, йерриг континенташ тӀехь йу. Йисттера къилбаседехь а, Къилбаседа Америкин къилба-малхбузехь а, Гергара Малхбален а, Къилбаседа Африкин а тӀех йекъа регионашкахь а йац. Доьзалан цхьацца тайпанаш кхелха[1].

Бебу
Бебу-динберг (Geococcyx californianus)
Бебу-динберг (Geococcyx californianus)
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Cuculidae (Vigors, 1825)
Кхоьлина бебу декар (Cacomantis pallidus)

Дахаран кеп

Дукхаха йолу кепаш ша лала кеп лелайо, наггахь ца хуьлу тобанашца лелар. Йукъара йолу тайпа Ани, цара до колективан бенаш[2].Церан векалш еха хьуьнхахь, амма цхайолчара алсама йиллина меттигаш гӀоле хета. ТӀаьхьарчеран йу деха онда когаш, уьш 30 км/сахьт сиха лела[3].

Дукхаха йолу кепаш йуу сагалматаш, цаьрца цхьаьна дуу мокха нӀаьна-цициг, дукхаха долу олхазарш уьш ца дуу. Исполински бебус коьртаниг дуу стоьмаш[4].

Доьзална йукъайогӀу кепаш, масала, америкин бебу, бебу-динберг, бебу ани, шпорцеви бебу. Массара а цара бенаш до дитташ тӀехь а, коьллаш тӀахь а. Кхечу бебух къасташ шпорцеви бебус доху шен хӀоьаш лаьттара я лоху коьллаш тӀера бенаш чохь. И йаккхийра тропикин бебуш толлу кегийра моьлкъанашна.

Бенан паразитизм

Дукхаха йолу бебун кепаш бенан паразиташ йу. Цара доху шайн хӀоьаш кхечу олхазарийн бенаш чохь. Бебун кӀорнеш хьалха доху, дика кхиина а хуьлу, чехка а кхуьу, жамӀехь цара аракхуьйсу хӀоьаш йа кӀорнеш уьш тӀеэцна де-нений, цул тӀехьа цара бебун кӀорнеш бен ца кхобу[5].

Ма-йарра йолу а, африкин а бебун тевнан интервал 48 сахьт ду. Бебун эмбрионаш тевна доккхучу хенахь ондий йу кхечу олхазарийнчул. 1802 шарахь хетарг аратетитна Ӏилманчаш, иза чоьхьара инкубацица кхетадо. Бебун хӀоа кирахь лаьтта 30 сахьтех температура 40 °C йолуш, иза лакхараю бена чуьра температурел (йуккъера 36 °C). Цундела бебу сиха дуьнен тӀе йолу, кӀорнел бенан хӀусам-ненанчул. Бебу кӀорнеш хьалха хуьлу 31 сахьт кхечарел[5].

ТӀехулара куц

Йозаллин а, йоккхаллин а барам техка 17 гр а, 15 см а тӀера (Chrysococcyx minutillus) 630 гр а, 63 см а кхаччалц (Ӏаламате бебу)[6]. Ладамечех доьзалан цхьа башхал когаш ду: ши пӀелг хьалха бирзина бу, ткъа шиъ – тӀехьа. Дерриг аьлча санна векалийн деха цӀога хуьлу, цуо йодуш а, тӀема йоьдуш а кадолийта. ТӀемийн кеп хийцало дахаран кепе хьаьжжина: кхелха олхазарийн тӀемаш деха а, готта а хуьлу, кхечеран — доцуо а, гоьргуо а хуьлу.

Классификаци

  • Бухара доьзал Crotophaginae — Бебуш-нӀаьна-цицигаш дуурш — 2 кеп а, 4 тайпа а
    • Ани (тайпа) — Crotophaga — 3 кеп
    • Guira — Гуира — 1 кеп
  • Бухара доьзал Neomorphinae — Уьду бебуш — 5 тайпа а, 4 кеп а
    • Биъ тӀам болу бебуш (Tapera) — 1 кеп
    • Dromococcyx — ТӀавусан бебуш — 2 кеп
    • Morococcyx — Шоршалан бебу — 1 кеп
    • Geococcyx — Бебуш-динбергаш — 2 кеп
    • Neomorphus — Лаьттан бебуш — 5 кеп
  • Бухара доьзал Centropodinae — Шпорцеви бебуш — 1 тайпа а, 28 кеп
    • Centropus — Шпорцевые кукушки — 28 видов
  • Бухара доьзал Couinae — 2 тайпа а, 13 кеп а
    • Carpococcyx — Лаьттан бебуш (азин) — 3 кеп
    • Coua — Мадагаскаран бебуш, йа коуа — 10 кеп
  • Бухара доьзал Cuculinae — Бакъ йолу бебуш — 23 тайпа а, 93 кеп а
    • Rhinortha — Малайн коьллин бебуш — 1 кеп: Rhinortha chlorophaea.
    • Ceuthmochares — Можа зӀок йолу бебуш — 2 кеп
    • Taccocua — ХӀиндин коьллин бебуш — 1 кепд: Taccocua leschenaultii
    • Zanclostomus — ЦӀен зӀок йолу коьллийн бебу — 1 кеп: Zanclostomus javanicus
    • Rhamphococcyx — Къорза зӀок йолу коьллийн бебу — 1 кенп: Rhamphococcyx calyorhynchus
    • Phaenicophaeus — Коьллийн бебу — 6 кеп
    • Dasylophus — 2 кеп
    • Clamator — Къужал йолу бебуш — 4 кеп
    • Coccycua — 3 кеп
    • Piaya — Пиайа — 2 кеп
    • Coccyzus — Америкин бебуш — 13 кеп
    • Pachycoccyx — Стомма зӀок йолу бебуш — 1 кеп: Pachycoccyx audeberti
    • Microdynamis — Ӏаьржа корта болу бебуш — 1 кеп: Microdynamis parva
    • Eudynamys — Коэли — 3 кеп
    • Urodynamis — Деха цӀога долу коэли — 1 кеп: Urodynamis taitensis
    • Scythrops — Йаккхий бебуш — 1 кеп: Scythrops novaehollandiae
    • Chrysococcyx — Борзанан бебуш — 13 кеп
    • Cacomantis — Мадж йолу бебуш — 10 кеп
    • Cercococcyx — Деха цӀога долу бебуш — 3 кеп (йа 4 кеп)
    • Surniculus — Дронгови бебуш — 4 кеп
    • Hierococcyx — ГӀиргӀан бебуш — 8 кеп
    • Cuculus — Бебуш — 11 кеп
    • Nannococcyx — 1 кеп: Nannococcyx psix

Хьалха иштта билгайохура:

    • Йеха зӀок йолу бебуш (Rhamphomantis) — 1 кеп, хӀинца йукъатуху тайпана Chrysococcyx
    • КӀайн корта болу коэлаш (Caliechthrus) — 1 кеп, хӀинца йукъатуху тайпана Cacomantis

Галерей

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Викицитатникехь агӀо йу теманера
Бебу
  • Видео кукушки в интернет-коллекции птиц
  • Кукушки // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Бебу — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.