Буда (Будапешт)

Буда (маж. Buda, словак. Budín, хорв. Budim, турк. Budin, серб. Будим я Budim), Офен (нем. Ofen)[1]Мажаройчоьнан коьрта шахьран Будапештан Дунайн аьтту бердаца долу малхбуза дакъа. Шира дийцарца, Буда цӀе схьаяьлла гуннийн тхьамдан Бледан (маж. Buda) цӀарах, кхечу версица, гӀалан цӀе славянех схьаяьлла буда — «цӀа, гӀишло, эвла»[2]

Будапешт: аьрру агӀора — Пешт, аьтту агӀора — Буда, юккъехь Дунай тӀиера Маргит гӀайре

Будан майда Будапештачух кхоалгӀа дакъа ду, шунаш а, хьаннаш а ю.

Истори

Буда 1361 шарахь дуьйна Мажаройчоьн коьрта шахьар хилла 1541 шарахь Хункар-мехкан юкъаяххалц, цул тӀаьхьа керла коьрта шахьар хилла Пожонь (таханлера цӀе — Братислава, Словакин коьрта шахьар).

1686 шарахь Буда схьаяьккхина Австрис.

Буда маьрша гӀала хилла 1703 шарахь, тӀаьхьуо, 1784 шарахь хилла Мажаройчоьнан коьрта шахьар.

1873 шарахь Пешт, Буда, Обуда гӀаланаш цхьаьнатоьхна хилла гӀала Будапешт[3].

Хазнаш

Будан шу

  • Буда (гӀап-гӀала): Паччахьан гӀала а, юккъерабӀешеран гӀап-гӀалин саьлнаш а
  • Шира ратуша
  • Сийлахь Матьяшан килс

Хьажа иштта

Билгалдахарш

Хьажоргаш