Володин, Вячеслав Викторович

Воло́дин Вячесла́в Ви́кторович (вина 1964 шеран 4 февралехь, Алексеевка, Саратовн область, РСФСР, ССРС) — Российн политикин гӀуллакххо. Российн Федерацин Федералан гуламан VII кхайкхаман Пачхьалкхан думин председатель[1], 2016 шеран 5 октябрехь дуьйна Российн Федерацин Кхерамзаллин кхеташонан декъахо.[2]. 2016 шеран 18 сентябрехь дуьйна Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин VII кхайкхаман депутат.[3] 2020 шеран 21 декабрехь дуьйна Российн Федерацин Пачхьалкхан кхеташонан декъахо. Российн Федерацин Баккъала а волу пачхьалкхан 1 классан хьехамча (2012).

Володин Вячеслав Викторович
Володин Вячеслав Викторович
Российн Федерацин Федералан гуламан VII кхайкхаман пачхьалкхан думин председатель
ПрезидентПутин Владимир
КогаметтанигНарышкин Сергей
Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин VII кхайкхаман депутат
Российн Федерацин Кхерамзаллин кхеташонан гуттаренна декъашхо
Российн Федерацин Президентан Администрацин куьйгалхочун хьалхара гӀовс
 — 2016 шеран 5 октябрь
ПрезидентМедведев Дмитрий
Путин Владимир
Хьалха хилларгСурков Владислав
КогаметтанигКириенко Сергей
Российн Федерацин Правительствон Аппаратан куьйгалхо — Российн Федерацин Правительствон председателан гӀовс
 — 2011 шеран 27 декабрь
Хьалха хилларгСобянин Сергей
КогаметтанигВайно Антон
IV а, V а кхайкхамийн Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин председателан гӀовс
 — 2010 шеран 21 октябрь
«Йукъара Росси» партин Инарлин кхеташонан
секретарь
 — 2011 шеран 11 сентябрь
Хьалха хилларгБогомолов Валерий
КогаметтанигНеверов Сергей
Вина терахь1964 шеран 4 февраль({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Вина меттигАлексеевка, Хвалынан кӀошт, Саратовн область, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь Российн Федерацин президентан Администрацин куьйгалхочун хьалхара гӀовс
НанаБарабанова Лидия Петровна
БерашйоӀ а, ши кӀант а
ПартиССКП
Даймохк — Йерриг Росси
Йукъара Росси
ДешарСаратовн йуьртан бахаман М. И. Калининан цӀарах механизацин институт (1986),
Российн Федерацин Президент волчура Российн пачхьалкхан гӀуллакхан академи (1995)
Ӏилманан дарж(1989),
(1996)
Ӏилманан цӀепрофессор
АвтографАвтографан сурт
СовгӀаташ
«Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден
Сийлаллин орден
ЦӀеподполковник[d], полковник[d]
Ӏилманан гӀуллакх
Ӏилманан кхочепачхьалкхан урхалла[d]
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

РФ Президентан Администрацин куьйгалхочун хьалхара гӀовс (2011 шеран 27 декабрь — 2016 шеран 5 октябрь). Российн Федерацин Правительствон Аппаратан куьйгалхо— Российн Федерацин Правительствон председателан гӀовс (2010—2011).

Техникин Ӏилманийн кандидат (1989), юридически Ӏилманийн доктор (1996), Российн Федерацин хьакъ долу юрист (2009 шеран 3 январь).

Йерригроссийн политикин «Йукъара Росси» партин Лакхара кхеташонан Бюрон декъахо[4].

Схьавалар

Вина 1964 шеран 4 февралехь Саратовн областан Хвалынан кӀоштара Алексеевка посёлкехь дуккха а бераш долчу доьзалехь. Да хилла эркан флотан капитан, велла 51 шо долуш. Да веллачул тӀаьхьа кхиийна ненан майрачо[5][6]. Йиша — консалтинган фирмин белхало, ваша — тӀеман пенсионер. Уьш берриш, Володина чӀагӀдарехь, беха Саратовн областехь.

Нана Барабанова Лидия Петровна (йина 1936 шарахь) чекхйаьккхина Саратовн хьехархойн доьшийла. Дешар чекхдаьлча Ленинграде хьажийра, амма реза ца хилла даймахкахь йисира, хӀунда аьлча, ца лиира къанйелла нана ша йита. Болх бира йуьртан ишколехь йуьхьанцара классийн хьехархо[5][7][8]. 2006 шарахь дуьйна йу 6 болх беш йолчу коммерцин фирман да.

Дешар

Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Володин дӀахӀотта гӀерташ вара оцу заманахь уггаре лоручех цхьаъ йолу лдме — Москохан лакхара техникин Бауманан цӀарах доьшийла, амма тӀаьххьара сацам бира шен областехь деша, дӀахӀоьттира Саратовн йуьртан бахаман механизацин институте (СЙБМИ), иза чекхйаьккхира 1986 шарахь. Ишттачу харжаман цхьа бахьна хилира доьзалан гӀодан эшар[8][9][10].

Институтехь жигара лелийра йукъараллин гӀуллакх: лахарчу курсашкахь болх бира говзбертан хӀусаман-бахаман комиссехь, студтобанийн комиссар вара.

1984—1988 шерашкахь болх бира СЙБМИ студентийн говзкоман председателан штатан даржехь[9][10]. 1985 шарахь ССКП велира[10].

1986 шарахь СЙБМИ машенийн ремонт кечйар а, технологеш а факультет «инженер-механик» говзаллица чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, хӀоьттира аспирантуре. 1989 шарахь диссертации йаздира техникин Ӏилманийн кандидатан тӀегӀа йоккхуш, тема йара «ГӀад долу докъар озаран, дозанан параметраш кечйар а, бухбиллар а»[10][11].

Карьера

1986 шарахь дуьйна — хьехархочун балхахь.

1990 шарахь хаьржина Саратовн гӀалин кхеташонан депутат.

1992 шарахь дуьйна — Саратовн администрацин куьйгалхочун гӀовс. 1994 шарахь дуьйна — Саратовн областан думин председателан гӀовс.

1993—1996 шерашкахь Ийдалйистан кадрийн центрехь (1995 шарахь дуьйна — Ийдалйистан пачхьалкхан гӀуллакхан академи) проректор болх бира, вара ИПГӀА конституцин бакъонан кафедрин профессор, пачхьалкхан а, регионийн а урхаллин кафедрин куьйгалхо[10].

1995 шарахь чекхйаьккхира РФ Президент волчура Российн пачхьалкхан гӀуллакхан академи, юристан говзалла схьаийцира[10][12].

1996 шарахь — Саратовн областан вице-губернатор. Оцу даржехь иза волчу цхьана шарахь Саратовн областехь дина даьккхира дакъанаш дехкина гӀишлошйаран 30 цӀа, 20 керла ишкол, 3 000 км газан биргӀа, бӀенаш эзар квадратан метр йина хӀусмаш.[8] Кхин дӀа пачхьалкхан гӀуллакхера дӀа а ваьлла Москоха а вахана, бизнес лело волавелира, ткъа тӀаьхьа — «Даймохк» боламан партийиллар[13], цуьнан коьртехь вара Лужков Юрий. Володин областан вице-губернаторан даржера дӀаваларан бахьна, 1996 шарахь Саратовн областан губернатор хиллачу Аяцков Дмитрийца дов даларех эладиташ, бакъ ца дира ша Аяцковс, цуо чӀогӀа хастайора Володинан профессионалан говзаллаш.[14]

1996 шарахь Петарбухан ЧГӀМ институтехь чекхдаьккхира юридически Ӏилманийн докторан Ӏилманан тӀегӀа йаккхаран диссертации, тема йара «Российн Федерацин субъект: Ӏедалан, законашкхолларан, урхаллин новкъарлонаш».[15].. 50 сов зорба тоьхначу белхийн автор[16].

СовгӀаташ

Пачхьалкхан совгӀаташ дӀало церемони. «Даймахкан гӀуллакхаш дарна» IV тӀегӀанан орденца совгӀат дина Пачхьалкхан думин Председателан гӀовсан Володин Вячеславана.
  • «Даймахкан гӀуллакхаш дарна» III тӀегӀанан орден (2012 шо)[17][18].
  • «Даймахкан гӀуллакхаш дарна» IV тӀегӀанан орден (2006 шеран 20 апрелехь) — законашкхолларан гӀуллакхехь доккха дакъа лацарна а, дуккха шерашкахь хьанала къахьегарна а[19].
  • Сийлаллин орден (2003 шеран 14 апрелехь) — жигара законашкхолларан гӀуллакхашна а, дуккха шерашкахь хьанала къахьегарна а[20].
  • ДоттагӀаллин орден (1997 шеран 15 августехь) — Пачхьалкхан гӀуллакхаш дарна а, область (Саратовн) социалан-экономикин кхиорехь доккха дакъа лацарна а[21].
  • Российн Федерацин хьакъ долу юрист (2009 шеран 3 январехь) — низам чӀагӀдарехь гӀуллакхаш дарна а, жигара законашкхолларан гӀуллакхашна а[22].
  • Кони Анатолийн мидал (Российн Федерацин Юстицин министралла, 2009 шо)[23].
  • «БӀаьхьаллин доттагӀаллин» мидал (Российн ЧГӀМ, 2006 шо).
  • Ртищево гӀалин а, Ртищевн муниципалан кӀоштан а сийлахь гражданин (2010 шеран январь)[24].
  • Примаковн мидал (Российн Федерацин Арахьара гӀуллакхийн министралла, 2019 шо)[25].

Билгалдахарш

Хьажоргаш