Ке́лли Грейс Патриция (инг. Grace Patricia Kelly; 1929 шеран 12 ноябрехь, Филадельфи, Пенсильвани, АЦШ1982 шеран 14 сентябрехь, Монако) — америкин актриса, 1956 шарахь дуьйна — Монакон элин Ренье III-гӀачун зуда, Монакон 10-гӀа сту, хӀинца урхаллехь волчу элин Альбер II-гӀачун нана. Цуьнан чоьтехь иттаннал кӀеззиг сов фильмаш йу, цхьа «Оскар» а, шен заманахь уггаре кассин актеран сий а.

Келли Грейс
инг. Grace Kelly
Келли Грейс
Келли Грейс 1954 шарахь
Келли Грейс
Байракх Монакон 10-гӀа сту
 — 1982 шеран 14 сентябрехь
Хьалха хилларгДомманже Жислен
КогаметтанигШарлен Линетт Уиттсток
Динкатоликин килс[d]
Йина терахь1929 шеран 12 ноябрь({{padleft:1929|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})[1][2][…]
Кхелхина терахь1982 шеран 14 сентябрь({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})[2][3][…] (52 шо)
ДӀайоьллина
ТайпаГримальди
Йича тиллина цӀеинг. Grace Patricia Kelly
ДаКелли Джек
НанаМайер Маргарет Кэтрин
МайраРенье III[d]
БерашйоьӀрий: Каролина, Стефания
кӀант: Альбер
Парти
Дешар
ДинлелорКатоликалла
АвтографАвтографан сурт
МонограммаМонограмма
СовгӀаташ

Сийлахь Карлан орденан Йоккха жӀар Къудсан Ӏийсан Сийлахь къуббан орденан йоккха жӀаран кавалер Диканаш дечеран орденан йоккха жӀар Йоккха pro Merito Melitensi жӀаран башха тӀегӀа

«Оскар» (1955)
«Дешин глобус» (1954, 1955)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Къона шераш

Келли Грейсан ирландхойн а, немцойн а орамаш хилла, йина АЦШ хьалдолчу а, лоруш болчу а доьзалехь[5]. Иза доьзалехь кхоалгӀа бер дара. Цуьнан да, Келли Джек[6], гӀишлошйархо вара, хьалха академин пийсиг хьакхарехь олимпийн чемпион хиллера. Цуьнан ваша Келли Уолтер К. хилла водевилан «седа», ваша Келли Джордж — гӀараваьлла драматург, Пулитцеран совгӀатан лауреат[7]. Грейсан йара йоккхаха йолу йиша Пегги а, ваша Джон а, жимаха йолу — Лизанна. Цуьнан нана, Маргарет Майер, немцойн орамаш дара[8][9], къоналлехь фотомодель йара[9]. Маргарета физикин оьздангалла хьоьхура Пенсильванин университетехь, оцу университетехь йайн атлетикин тренерех дуьххьарлера зуда йара[9][10]. 1924 шарахь Келли Джоне маре яхча Маргарет ахӀусаман нана хилира, шен бераш ишколе доьду хан кхаччалц, цул тӀаьхьа иза жигара дакъалаца йолайелира йукъараллин кхолламашкахь[9].

Келлин доьзал бехара хаза, доккха, ша лаьтта цӀа чохь Филадельфехь. Бераллехь дуьйна Грейс лакхара йукъараллин йукъакхачалора. Амма иза гӀертара киа кхечу хазчу дуьненахь, шен да-нана дехачух къаьсташ долу.

Доьзалехь Грейс хьомениг йацара — дена-нанна дукха йезара спортхо Пегги а, жимаха йолу Лизанна а, ткъа Джекана хӀиттайора йаккхийра планаш. Грейс физики нагӀора гӀийла йара йижрел а, вешел а.

Динан Рейнхилл колледжехь Грейсан делира луьра католикин дешар. Нисса цигахь йалх шо хан йолуш, иза театр хӀоттийна рождествон гайтамехь, дуьххьара сценин тӀейаьлира Марьяман ролехь.

Кинокарьера

Номинацеш

  • «Оскар»
    • 1954 — Уггаре дика зударийн шолгӀачу планан ролан («Могамбо»)
  • BAFTA
    • 1955 — Уггаре дика зударийн роль («Нагахь вийна меттиг хилахь хьовзаде «М»»)
    • 1956 — Уггаре дика зударийн ролан («Эвлара йоӀ»)

СовгӀаташ

Толамаш

  • «Оскар»
    • 1955 — уггаре дика зударийн роль («Эвлара йоӀ»)
  • «Дешин глобус»
    • 1954 — Уггаре дика зударийн шолгӀачу планан ролан («Могамбо»)

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш