Кеп:Дийнахь хилларг:08-7

«Йоьза бере»
«Йоьза бере»

ЦӀерпоштновкъахочун де (Росси)

  • 1714 а, 1720 а — оьрсийн флотан дуьххьарлера бакхий толамаш: Гангутан тӀом а, Гренгамера тӀом а.
  • 1782 — Петарбухехь дӀайиллина Пётр I-чун иэс «Йоьза бере» (сурт тӀехь).
  • 1840Ингалсахь дихкина бераш туьнкалгаш цӀанйеш лело.
  • 1907 — оьрсийн физикин Розинг Борисан патент делла телевиденин сурт кхачаран дуьххьарлера система йарна.
  • 1918 — УХР а, Донан Республико а куьг йаздина дозанех болчу барт кӀелахь.
  • 1932ССРС тӀеэцна «Кхаа кенан закон», кхин а девза «Указ 7/8» цӀарца.
  • 1944 — болхбан йолайелла хьалхара америкин программа хӀоттош йолу компьютер «Марк I».
  • 1997канадхоша чекхбаьккхина тӀех йоккха газбиргӀа Андашкахула Аргентинера Чили кхаччалц йаран болх.