Лазийчоь

Лазийчоь йа Лазистан (лаз. ლაზონა — Лазона; гуьрж. ჭანეთი — Чанети) — Ӏусманан провинцис (санджако) дӀалоцуш болу мохк, Трапезундан вилайетан йукъахь хилла, ткъа доза хилла Кутаисин губернин Батумин гуоца, баьхна лазаш а, хемшилаш а. XVI—XIX бӀешерийн оьрсийн хьосташкахь хьахайо «Туркойн Гуьржийчоьн» дакъа санна[1] йа «Гуьржийн латта» аьлла.[2]

Ӏалам

Лаьтта хӀинцалера Туркойчоьнан къилбаседа-малхбалехь, Малхбален-Понтийн лаьмнийн Ӏаьржа хӀордан тӀейирзина къилбаседа басешкахь. Локхалла 3931 м кхаччалц (Качкар лам Лазийчоьнан дукъ тӀера). Басеш хедийна ю охьаоьхучу эркийн тогӀенашца. Климат субтропикийн, йочанаш 2-3 эзар мм шарахь. Бердан йисттерачу асанехь лелайдо тонка, кемсаш, хьаьжкӀаш, фундук, цитрусаш. Шуьйра гӀа долу хьаннаш лаьтта ножех, леганех, пепнеха, пхенех, лаьмнийн кӀажошкахь хьаннашна бухахь ю гуттаренна а сийна йолу коьллаш; 400-1250 м лакхахь ю пепнийн-базанан хьаннаш ю; 1250-1900 м лакхахь базанан пихтанца ийна хьаннаш; лакхахь — гома хьаннаш а, ломан байнаш а ду. Ширачу заманахь ша бинчу хенахь Лазийчоь йовхо еза флора а, фауна а лечкъа меттиг йара.

Истори

Ширачу заманахь и регион Колхидин паччахьаллин дакъа дара. Эгриси паччахьалла довзура ширачу желтошна а, румхошна а Лазика цӀарца, ткъа гӀажаршна, Лазистан цӀарца. Къилбаседа лулахойх — мегрелех а, къилба лулахойх — эрмалойх а къаьсташ, Чанети кӀелхьара елира Ӏаьрбийн олаллех, йисира Византин йукъахь. Йуккъера бӀешерашкахь Лазийчоь Гуьржийчоьнан дакъа дара, 1578 шарахь туркоша схьайаккхалц. 1878 шарахь малхбален Лазийчоь (Батуми гӀалица цхьаьна) Российн империн йукъайахара, ткъа Ӏусманан санджакан йукъ дехьаелира Батумера Ризе. Санджакан майда йара 3733,73 км² (3500 кв. чаккхарма). Бахархой (лазаш а, желтой а) бара 138400. Лазийчоьно латтабора туркойн флотан уггаре дика хӀордахой[3].

Гуьржийн Демократин Республика 1922 шарахь йоьжачул тӀаьхьа, 1925 шарахь, Лазийчоьнан мохк бийкъира Гуьржийн ССРн (Аджари) а, кемалан Туркойчоьнан йукъахь.

Малхбуза Лазийчоь долахь хилар

  • антикан мур — I бӀешо — Колхида / Эгриси
Лазийчоь
  • II бӀешо — III бӀешо — Гонио-Фындыклы дакъа — Ибери (Картли), Фыртына-Оф дакъа — махелонийн а, гениохийн а паччахьалла (Санети)
  • III бӀешо — VI бӀешо — махелонийн а, гениохийн а паччахьалла (Санети)
  • VI бӀешеран 60-гӀа — VII бӀешеран 30-гӀа — Ибери (Картли)
  • VII бӀешеран 30-гӀа — VIII бӀешо — Византийн импери

Хьосташ

  • Большая советская энциклопедия
  • Ингороква Павле, «Георгий Мерчуле», издательство «Сабчота Mцерали», ст. 205—288, Тбилиси, 1954 г. (на грузинском).

Хьажа кхин а

Билгалдахарш