Ламаз
Истори а, вегалш а Коьрта дешарш Жайнаш а, законаш а Культура а, йукъаралла а |
«Ламаз» (Ӏаьр. الصلاة; «Ас-солат») — исламехь АллахӀ делана деш долу Ӏибадат а, сужд дар а ду.
Истори
Вайн сийлахь волу делан элча «Мухьаммад» ﷺ, цунна дала тӀедиллинера шовзткъе итт ламаз. Мухьаммадан дуьхьал кхийтира Муса пайхамар, цо цуьнга элира: «и ламазаш мелла а кӀеззиг хилийта алахь Деле». Юха Дала, дийнахь пхиъ ламаз дар тӀедиллира. Юха а Мусас уьш лагӀде элира, Мухьаммада: «ша эхь хетталц дийхира цуьнга, кхин деха суна эхь хета» элира цо. Оцу замангара схьадеана ду ламаз дар. ВорхӀ шо кхаьчначу хенахь дуьйна, иза дар адамашна тӀехь ду.
Ламаз дале хьалха дан дезарг
- ДегӀ цӀена хила деза
- ДӀахӀоьттина меттиг цӀен хила еза
- Къилбе вирзина хила веза, ХьажицӀа долчу агӀора
- Ламаз кхочуш дан лууш хила веза
- Духар — цӀена бедар юьйхина хила веза
- Хьараме хӀуманах хьакхавелла хилла цавеза (масала: малар, кхин йолу алкоголь — уьш хьараме ю)
- Хан — шен хене хьаьжжина дан деза, хӀора ламаз.
Ламазан ракӀаташ
РакӀат — иза хӀора ламазехь доьшуш долу сурат «Аль-Фатихьат» ду, я «БисмиллахӀ».
Ламаз | РакӀат |
---|---|
Ӏуьйрачунна | 2 |
Делкъачунна | 4 |
Малх дӀабузучун | 4 |
МаьркӀажчунна | 3 |
Пхьуьйрачунна | 4 |
🔥 Top keywords: Категори:Википеди:Байлахь йисина агӀонаш/бо0ТеркКоьрта агӀо.neВикипеди:ФорумГӀирс:Керла нисдаршВикипеди:Администраторийн форумВикипеди:Йукъараллин ковВикипеди:Цуьнах лаьцнаВикипеди:ГӀоШолгӀа дуьненан тӀомПалм-Бич (гуо, Флорида)Ков:Карара хилларшОкичоби (гуо, Флорида)Ахмадов, Муса МагомедовичБисултанов, Апти ДибаевичВикипедиГӀирс:ЛахарВикипеди:File Upload WizardНохчийн моттТоронто (Огайо)Бадуев, СаьӀид СулеймановичMediaWiki:Group-autoeditorРоссиСулаев, Магомет АбуевичГай Юлий ЦезарьМамакаев, Мохьмад АмаевичНохчийчоьВиравулДанвилл (Калифорни)Кеп:НБМ-Иран/docХӀиндиИнгалсан моттДуров ПавелБеркаберАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташФольклорЙоккха БританиКатегори:Short description matches Wikidata