Нобель Альфред

Нобель Альфред (шведийн маттахь Alfred Bernhard Nobel; вина 21 октябрь 1833- кхелхина 10 декабрь 1896) — шведийн химин Ӏилманча а, инженер а, кхоллархо а, хьуьнарча а, филантроп а ву.

Нобель Альфред
швед. Alfred Nobel
Сурт
Бакъ цӀешвед. Alfred Bernhard Nobel
ГӀуллакхан тайпахимин Ӏилманча а, филантроп а, долахо а, инженер а
Вина терахь1833 шеран 21 октябрь({{padleft:1833|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})[1][2][…]
Вина меттигСтокгольм
Кхелхина терахь1896 шеран 10 декабрь({{padleft:1896|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})[3][4][…] (63 шо)
Кхелхина меттиг
ДаЭммануэль Нобель[d][2]
НанаКаролина Андриетта Альсель[d][2]
Викилармин логотип Нобель Альфред Викилармехь

Нобель вевзаш ву динамит кхоьллинарг санна[6][7], иштта цуьнан долехь Бофорс компани йара. Йуьхьанцара и компани металлурги йукъахь белхаш беш йара, тӀаьхьо Нобелс цуьнан белхаш химин а, йоккхачу тоьпан а индустрин агӀора берзира. Нобелин кхо бӀе шовзткъе пхийтта тайп-тайпана патент йара, царна йукъахь уггар йевзаш динамит йу. Ша герз духкуш ахча даккхарна бехкевеш волу хеназа кадам (некролог) бешначул тӀаьхьа, Нобело весет дира шен дерриг даьхни Нобелин совгӀаташ[8][9] кхолла тӀехьажа дан. Нобелин совгӀаташ ло физикехь а, химехь а, медицинехь а, литературехь а, барт-машар чӀагӀбарехь а кхиамаш баьхначу нахан. Нобелин цӀе лелош йу Dynamit Nobel а, AkzoNobel а компанеш. Уьш цо кхоьллинчу компанешца дӀаийна тӀаьхьенаш ю[10].

Хьостанаш