Теркан кӀошт


Теркан кӏошт[5]Российн Федерацин Нохчийн Республикин йукъара административан-мехкан дакъа а, муниципалан кхоллам (муниципалан кӀошт) а.

Административан кӀошт
Теркан кӀошт
43°40′44″ къ. ш. 45°07′25″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
ЙукъайодуНохчийн Республикин
Цунна йукъайоду12 муниципалан кхоллам
Адм. центрЧӏулга-Юрт[1]
КӀоштан администрацин кортаКуцаев Шамиль Ахмедович
Депутатийн Советан председательХаджиев Сайд-Ахьмад
Истори а, географи а
Кхоллар1926
Латта883,16[3]
Локхалла
 • Максималан565 (Белши-Корта) м
Сахьтан асаMSK-3 (UTC)
Бахархой
Бахархой64 099[4] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий
Динан хӀоттамбусулбанаш-суннийш
Идентификаторан терахьаш
Код ОКТМО96616000
Телефонан код87132
Официалан сайт
Теркан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Административан центр — ЧӀулга-Йурт.

География

Теркан кӀоштан Администраци

Теркан а, Теркан дукъан а юккъехь йохалла яьржина теркан кIошт, Теркан дукъан уггаре лекха бохь бу - Белиш-Корта (565 м), Темнбарцъ (г. Горская) (505 м)[6].

КIоштан доза хIоттало: къилбаседа-малхбузехь — Ставрополан мохкаца, къилбаседехь — Невран кӀоштаца, къилбехахь — Соьлжа-ГӀалин кӀоштаца, къилба-малхбузехь — ГIалгIайчоьнца, малхбузехьа — Къилбаседа ХӀирийчоьнца.

КӀоштан коьрта хин пхенаш ду Терк.

ЧӀулга-Йурт
Минеральни
Бена-Йурт
Горагорск
ГӀулоз
ӀамтӀе-КӀотар
Аьчка-ХитӀа
Лакха Невре
Эмсуле
Лаха Невре
НогӀамирзин-Йурт
Макане
Кирпични
Макана-КӀотар
Ӏелин Йурт
Теркан кӀошт

Истори

ХӀокху меттигехь ширачу заманахь дуьйна деха нохчийн тайпанаш. Амма уьш юхабовлура кхерста къаьмнийн бӀо тӀелетча. XVIII бӀешарахь оьрсийн паччахьан эскар Нохчийчоьна тӀелеттачу хенахь а, Кавказан тӀом болуш а лаьмнашкара латтанаш а лой кхалхабора Российн дуьхьала боцу нохчий. Цуьнца цхьаьна дуьхьала болчу нохчашна а, паччахьан эскарна а юкъахь дуккха а тӀемаш хуьлура. Нохчий дуьхьала бовларан бахьана дара, паччахьан бӀаьччалло оцу меттигашкахь гӀазакхийн гӀаланаш йогӀар а, машаре нохчийн эвланаш яхкар а, цара новкъарло йора Российн дуьхьала тӀом бан а, латта кӀезиг долу ламанхой хьена латташ тӀе охьаховшорна а.

Теркан кӀошт кхоьллина 1926 шеран 8 мартехь.

1934 шеран 1 августехь ЕЦКХК сацам бина «Нохч-ГӀалгӀайн автономин областехь керла Соьлжа-ГӀалин кӀошт кхолла новый центром Соьлжа-ГӀала а йолуш, цуьнан дозанаш юкъатоьхна:»... ...«в) Теркан кӀоштан Шира Йурт»[7].

Бахархой

Бахархойн дукхалла
2002[8]2010[9]2012[10]2013[11]2014[12]2015[13]2016[14]
51 75555 78257 45859 03560 25661 17361 868
2017[15]2018[16]2019[17]2020[4]
62 63563 13063 74864 099

Нах беха меттигаш

Билгалдахарш