Терк

Терк (лахенашкахь Аликазган[2][⇨], гуьрж. თერგი (Тэрги); гӀалгӀ. Тийрк[3], хӀир. Терк[4]; гӀебарт.-чергаз. Тэрч[5]; кхарач.-балк. Терк суу; оьрс. Терк[6]; гӀум. Терек-сув)Къилбаседа Кавказера эрк. ОхьадогӀу шина пачхьалкхан мехкашкахула — Гуьржийчухула (лакхе) а, Российн Федерацехула а, ткъа цунна чохь тӀаьххьара йийцина 6 субъектан мехкашкахула. Ладаме хин бахаман маьӀна долуш ду. Теркан дельта ша лаьтта шуьйра 4000 км² гергга майда йолу, царех 500 км² сов ирригацин майданаша[7] дӀалаьцна латта ду.

Терк
гуьрж. თერგი, гӀалгӀ. Тийрк, оьрс. Терек, гӀум. Терек-сув
Сурт
Амал
Дохалла623 км
Бассейн43 200 км²
Хи дайар305 м³/с (16 км хикхочел лакхахь)
ДӀаэхар
Хьост (B) 
 • Эрк долу меттигЗильга-хох лам (Доккха Кавказан дукъ)
 • Локхалла2713 м
 • Координаташ42°37′17″ къ. ш. 44°14′51″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B)Каспий-хӀорд
 • Локхалла−28 м
 • Координаташ43°35′43″ къ. ш. 47°33′35″ м. д.HGЯO
Хин охьане4,40 м/км
Эрк долу меттиг
Хин системаКаспий-хӀорд
Пачхьалкхаш
РегионМцхета-Мтианети
КӀошташКъилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, ГӀебартойн-Балкхаройчоь, Ставрополан мохк, Нохчийн Республика, ДегӀаста
Код  ПХР чохь07020000212108200002513[1]
Терк (Кавказ)
хьост
хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ЦӀе

Эркан шира оьрсийн цӀе — Терка[8], цуо олу шира гидроним, тарло, тюркех схьаяьлла. Э. М. Мурзаевс дийцарехь, эркан цӀе схьайаьлла тюркийн меттанашкара]], церан меттанашкахь терек — иза «талл»[9] ду, ткъа эркан цӀе Терек су — «Таьллан эрк». Амма кхин гипотезаш а йу: масала, А. В. Суперанскаяс боху, гидрониман бух тӀехь ду хӀунну-булгарийн терек — «эрк». Талламхочо жамӀ до гидронимашкахь шуьйра даьржинчу терек лексемин бух тӀехь (Акх-Терек, Кхара-Терек, Уч-Терек, Иш-Терек, кхин а), ткъа кхин а оцу эркийн баккхий барамаш бахьнехь а[10]. кхарачойн-балкхаройн маттахь «терк суу» маьӀна ду «чехка, сих ахи йа эрк»[11]. Кхин а ойланаш йу эркан гӀебартойн-чергазийн цӀарах. Тэрч — «Серий лург» «ты» — далар; «чы» — серий. Серий (чы) дукха генара дуьйна, XIII бӀешо дӀадаллалц, ладаме гӀишлошъяран гӀирс бара чергазашна. Теркан шинне а бердаца яра юькъа яьлла хьун[12].

Амма нохчийн маттахь талла а ца оьшуш эрк охьадоьду хих олуш ду. «Терк» маьӀна хуьлу «тӀе+эрк», аьлча а «ТӀе эрк», хӀинца ма-аллара хилча «Эрк тӀе». Сулейманов Ахьмадан белхо уьш вуно дика гойту[13].

Гуьржийн шира хьосташкахь («Картлийн Дахар» Леонти Мровели) Терках "Ломеки" олу, иза вайнехан маттахь «ламан хи» бохург ду[14].

Географи

Теркан майда

Схьадолу басера Коьрта Кавказан дукъ Турсан чӀожера, Зилга-Хох шалам тӀийра, 2713 м хӀордан тӀегӀанал лакхара. ОхьадогӀу Гуьржийчоьнан, Къилбаседа ХӀирийчоьнан, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан, Ставрополан мехкан, Нохчийчоьнан, ДегӀастанан латтанаш тӀехула. Эркан дохалла — 623 км, хи гулдаран майда — 43 200 км². Каргалински гидрошед тӀиера дуьйна лелайо Керла Терк цӀе (наггахь литературехь лелайо Каргалинка цӀе а). Лахенашкахь олу Аликазган (цӀе, хетарехь, йелла Аликазган эвланах, иза хилла хӀинцалерачу Крайновкин тӀай долчохь). Йуккъера охьане 4,40 м/км.

Хьалхара 30 км охьадогӀу Коьрта а, АгӀонан а даккъашна йукъахула, цул тӀаьхьа доьрзу къилбаседехьа, АгӀонан (Теркан чӀожехула), Тархийн даккъаш а, Ӏаьржа лаьмнаш а хададой; БуритӀе гӀала йолчохь арадолу ломан кӀажошкара аренашка, цигахь цунах кхета дуьзина геннаш Гизельдон, Ардон, Урух, Малка (Баксанца). Малкан хикхочийлера дуьйна охьадоьду гӀамаран-сазлаттан харш чухула шортта гӀайренаш а, оьсигаш, гомхенаш а йолуш; Соьжин хикхочел лахахь декъало цхьа могӀа геннашна. Кхета Каспий-хӀордан Аграханан айманах, дельта а гулдеш (майда 4000 — 6000 км² гергга); дельтан декъехь коьрта харш масийттаза хийцаделла (1914 шарахь дуьйна доккхаха долу хи чекхдолу Каргалинскехь чухьаьдда даьккхинчу харш чухула). Эркан тиша харш ду, хӀинца татолаш дина эркаш, — Суллу-Чубутла, Шира Терк (Дельтин татол), Йуккъера, Таловка, Куру-Терк, Кардонка, кхин а. 1957 шарахь «Каргалинскехь хи хьаьддачу меттигал» лакхахь бира Каргалински гидрошед, цуьнан гӀоьнца теркан шира геннашна чу хи тотту.

Гидрологи

Эркан хи ийна ду, 70 % гергга хи догӀу бӀаьстенан а, аьхкенан а муьран. Терко дерриг шарахь дельте охьадахьа хи кхочу йуккъера барам 11 км³, царех 4 км³ гергга дойу дельтехь хи дуьллуш, Ӏаьнаре долуш, Ӏаьмнаш дузуш, латто худуш, ткъа 6 км³ кхочу хӀорд чу[15]. Уггаре дукха хи хуьлу июлехь — августехь, уггаре кӀезга — февралехь. Шарахь хи дайаран йуккъера барам — 530 км хикхочел лакхахь (БуритӀе йолчохь) 34 м³/с, хикхочел 16 км лакхахь – 305 м³/с. Даьржина хилар 400—500 г/м³ (шозза сов ду Ийдалан хил)[15]. Шарахь Терко охьайахьа 9 - 26 млн т хьаькхна латта а, гӀум а, тӀулгаш а. Шен раж цхьаьнаэшшара йац (ша цахӀутту луьра Ӏаьнашкахь бен).

Геннаш

Коьрта геннаш: аьрру — Ардон а, Гизельдон а (Гизельдон кхета Ардонах 0.2 км хикхочел лакхахь, цундела дукха хьолахь хьахадо Теркан аьрру га санна), Урух, Малка, аьтту — Армхи а, Соьлжа а.

Теркан дельта

Теркан дельтера коьрта транзитан га «лелаш» ду: керла га кхоллало 60—70 шо долуш, цу тӀе шираниг дукха хьолахь дӀадолу. Даьржа Каргалински гӀалин кӀоштахь, XX бӀешарахь и процесс адамо сацийра[16] хьалха хилла бохамаш бахьнехь.

Эрк таллар

Эрк талла йина 7 гидрологин пост — БуритӀехь, Котляревскехь, Мазалкехь (Малка эркан хикхочел лахахь), Хьаьнгаш-Йуртахь (Соьлжан хикхочел лахахь), Каргалински гидрошед, Аликазган, Дамба[17].

Хи бахамехь лелор

Теркан хи шуьйра леладо бахамехь. Цуьнан хиш дохку Теркан-ГӀуман а, Теркан-ГӀой-хин а чутаӀенашкахь масех эзар гектар декъа латташна. Хи дилла бина шиъ гидрошед — Павлодольски (цигахь долало Теркан-ГӀуман татол) а, Каргалински а (кхоъ татол — Дельтин, Новотеречни, Сулу-Чубутла), — ткъа кхин а даккхий татолаш — Ӏалханчуртан (долало Ӏалханчурт (Къилбаседа ХӀирийчоь) эвлана гергга), Куйбышевн цӀарах татол (Оьрза-ГӀалин) гергахь), Новран-Шелковски га (Оьрза-ГӀала), Дзержинскийн цӀарах (долало хьалха хилла Дзержинка кӀотаран кӀоштахь).

Теркаца йолу нах беха меттигаш

Гуьржийчоь
Российн Федераци
  • Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Алани:
    • Республика ГӀебартойн-Балкхаройчоь
    • Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Алани
    • Ставрополан мохк
    • Нохчийн Республика
    • Республика ДегӀаста

ГЭС

Эрк тӀехь лаьтта Теркан ГЭС каскад: Дарьяли ГЭС, Ларси ГЭС (Гуьржийчохь), Эзмински ГЭС, Дзауджикауски ГЭС, Павлодольски ГЭС (Россехь); йерриг йуьстина ницкъалалла 2018 шарахь хилира 185 МВт кхаччалц энергии, шеран йуккъера барамца 904 млн кВт•сахьт гергга. Тарло кхин а цхьа могӀа ГЭС йан.

Ӏалам

Лахенашкахь Теркан хиш чохь дукха чӀара бу (лосось, бакъ чӀара, саза, судак, яй, мекхашчӀара, кхин а).

Терк оьздангаллехь а, исбаьхьаллехь а

  • Терках баккхий бина А. С. Пушкин[19] а, М. Ю. Лермонтов[20] а, кхин берш а.
  • Къилбаседа ХӀирийчохь ю хелхаран хӀирийн фольклоран ансамбль «Терек»[21].
  • Теркан бердашца хилла, евзаш йолчу гӀазакхийн «Любо, братцы, любо» [22] эшарера хиламаш:
Сиха Теркан, лекха берде,
Шовзткъа эзар говр лаьллира гӀазакхаша.
Дийшийра Теркан тӀе, буьзира Теркан берд
БӀенашкахь цистина, чевнаш йина адамаш.
  • Футболан клуб «Ахьмат» (Соьлжа-ГӀала) 2017 шо кхаччалц «Терек»[23] цӀе йолуш яра.
  • ДоьалгӀа этюд соль-диез минор композиторан С. М. Ляпуновн «Лакхара говзаллин шийтта этюд» гуламера «Терек»[24] цӀе ю.
  • Терках лаьцна дийцина шен «Кавказ» жайнехь Дюма Александра 1858 шарахь[25].
  • Толстой Лев Николаевичан «ГӀазакхий» повестехь берриг хиламаш Теркан тӀехь хилла[26].
  • Ильфан а, Петровн а «Шийтта гӀант» романехь Остап Бендер, Киса Воробьянинов, мозгӀар Фёдор Кавказехула бинчу некъ Теркаца бира:
Буса цуо [мозгӀар Фёдор] мохь хьоькхура, цхьацца хенахь Терк а ца хозуьйтуш, ткъа Ӏуьйрана бепигца юьхь а диина, шайтӀа санна воьлура бухахула уьдучу автомобилех[27].

Галерей

Хьажа кхин а

  • Теркан губерни;
  • Теркан советийн республика;
  • Теркан говр;
  • Теркан область;
  • Теркан гуттаренна милици;
  • Теркан гӀазакхий.

Билгалдахарш

Литература

  • Терек (река) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  • Терек // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.

Хьажоргаш