Трамвай

Тарамбай я трамвай (ингалсан маттахь tram — вагон, way — некъ)- лаьтта тӀехулара электрически аьчка некъ бу, урамийн а, цхьанадекъа урамийн йукъараллин транспорт а ю. Цо билгалйина маршрутца пассажираш дӀасалелабо. Алсамчу барамехь шахьаршкахь пайдаоьцуш траспорт ю иза[1][2].

Трамвай
Трамвайный вагон КТМ-23 на Нагатинской улице в Москве
Мурс 1881 года (электрические)
Чехкалладо 65–90 км/ч и более[1]
Лелоран юкъеобщественный транспорт, преимущественно в пределах города
Инфраструктурарельсовый путь, контактная сеть

Тарамбай гӀалин пассажирийн транспортшна юккъахь уггаре а ширачарех цхьаъ ю[3]. Трамвай юкъаяьлла 19-чу оьмаран хьалхарчу декъехь. Пироцкис кхоьллина а, зийна а экспериментийн электрически тарамбай, дуьххьар а гучуяьккхира Санкт-Петарбухахь 1880-чу шарах[4][5]ь. Ткъа 1881-чу шарахь хӀутосург-баттахь (майехь) Siemens & Halske компанино рожера (регуляре) трамвайн некъ биллина Берлин-гӀалин йистехь[6].

Интербеллум олучу заманчохь трамвайн система заза доккхуш яра. ТӀаьхьайогӀучу хенахь цуьнан кхиар лахделира. Амма ХХ-чу бӀешеран 70-чу шерашкахь дуьйна тарамбай дуьненахь юха а гӀарайолуш ю, хӀунда аьлча кхийолу транспортца юьстича, цо Ӏаламан даккхий зенаш ца до, иштта трамвайн технологеш кхуьуш ю.

Электрически йоцург кхиъ канатан а, дизелан а трамвайш ю. Хьалхалерачу заманчохь дошлойн а, хӀаваан Ӏаткъамца болх беш йерг а, Ӏаьнаран а, бензомоторан а трамвай яра.

Трамвайн вагонаш масийтта тайпана хуьлу: пассажирийн а, гӀуллакхан а, леррина а (кран-вагон, компрессор-вагон, техникин «летучка», дӀасалелаен электростанци). Трамвайн системаш гӀалин а, гӀалин йистера а, гӀаланашна юккъера а хуьлу, иштта цуьнан цхьалхе а, сихаллин а (наггахь лаьттан бухара) кепаш ю.

Хьостанаш