Хьамзат бин Ӏабдул-МуттӀелип

Мухьаммадан деваша

Хьамзат бин Ӏабдул МуттӀелип бин ХӀашим (Ӏаьр. حمزة بن عبد المطلب‎‎) — Мухьаммад пайхамаран жимах волу деваша ву. Цулла диъ шо воккха ву иза. Ӏабдул-МуттӀелипан жимах волу кӀант а ву. «Делан лом — АсадуллахӀ» — аьлла цӀе йахара цунна.

Хьамзат бин Ӏабдул-МуттӀелип
حمزة بن عبد المطلب
Абу Ӏамарат, Абу ЯӀала, АсадуллахӀ ва Асаду-р-расулахӀу, Саййид АшшухӀадаъ, Саййидина Хьамзат
Говзаллаталлархо, йаздархо, баьчча
Вина терахь568
Вина меттигМакка
Кхелхина терахь625 шеран 22 март({{padleft:625|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Кхелхина меттигУхьуд, Мадинат
ДӀавоьллина меттигУхьуд лам
КъамӀаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим
ДаӀабдул-МуттӀелип бин ХӀашим
НанаХӀалат бинт ВахӀб
ЗудаСальма бинт Умайс
БерашЯӀла, Ӏамир, Ӏамарат, Умамат
Динлелор ислам
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Биографи

Хьамзат къурайшин йукъахь уггаре чӀогӀа онда стаг вара. Иштта таллархо а вара иза. «Делан лом» — аьлла цӀе тиллира цунна. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад-пайхамар . Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатана, талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана йуккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀадуьйцуш лаьтташ Абу-ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу ДжаьхӀлана, йоккха чов а йеш. Орцах хьаьдда Абу-ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлоно, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.

«ТӀаккха со а ца теша-кха шун тӀулгийн деланах. Ницкъ буй шун со цунах тешийта?» — аьлла цо. Цу меттехь дакхайкхина Хьамзата, Дела цхьаъ во ша, шен вешин кӀант Мухьаммад пайхамар хиларца бакъ а во ша, аьлла.

Ухьудан гӀазотехь иза вийнера, Вахьши бин Хьарбас, хӀунда аьлча Ӏутбатан йоӀ ХӀиндо шен да вийна дера, цунах чӀир эцархьама. Ша вийначу меттехь дӀавоьллина ву Хьамзат.

Билгалдахарш

Фильмаш