1514 шо
II эзар шо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
XIV бӀешо — XV бӀешо — XVI бӀешо — XVII бӀешо — XVIII бӀешо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Хронологин таблица |
1514 (эзар пхи бӀе дейтталгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу кӀирандийнахь. Иза вайн эран 1514 шо ду, 514 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 14 шо бӀешеран, 4 шо 2-гӀа иттаннаш шерашкахь XVI бӀешеран, 5 шо 1510-гӀа шерийн.
Хиламаш
- Италин архитектор Браманте валар, цуьнан дукхаха йолу Руман архитектурин проекташ янза йисина.
- Францин коннетабль хӀутту Шарль де Бурбон.
- Вюртембергера (Къилба-Малхбуза Германи) къайлахчу «Миска Конрад» барто куьйгалла де ахархойн а, гӀалахойн а антифеодалийн гӀаттам. Къиза охьатаӀийна.
- Оьрсийн эскар Смоленск тӀелетта, гӀала йаьккхина кхаа баттахь гуо латтийна. Смоленска Оьрсийн пачхьалкхах дӀатохар.
- 8 сентябрь — ЛСО а, Оьрсийн пачхьалкхан а йукъара Орша уллера тӀом, толам баьккхина литван эскаро.
- Дьёрдь Дожан гӀаттам.
- Коьртехь Селим волу, онда артиллери йолу, туркойн эскаро СефевидгӀеран эскарера Чалдыранера тӀамехь толам баьккхина. Селима дӀалаьцна Тебриз, арайаьккхина цигара йоккха хӀонс, царна йукъахь 1000 гӀажарийн уггаре дика пхьар.
- 1514—1515 – Туркоша йаьккхина Малхбуза Эрмалойчоь, Кхурдойчоь, Мосуле кхаччалц Къилбаседа Месопотами.
- 1514 - 1520 Ян йолийна Тулин кремль.
Бина
Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1514 шарахь
- Везалий, Андреас — Карл V-гӀачун, цул тӀаьхьа Филипп II-гӀачун лор а, анатом а, лейб-медик а. Парацельсан жимаха нийсархо, Ӏилманан анатомин бух биллинарг.
- Палестрина, Джованни Пьерлуиджи — италин композитор, шен заман уггаре воккха полифонийхо.
- Ретик, Георг Иоахим фон — немцойн математик а, астроном а. Дика вевза Ретик (я Ретикус) цӀарца, Коперник Николаян цхьаъ бен воцу дешархо, цуьнан болх зорба тухуш алсама гӀолаьцна ву.
- Тахмасп I — Иранан Шах, СефевидгӀеран некъех шолгӀа шах. СефевидгӀеран некъий кхоьллина ИсмаӀил I-чун воккхаха волу кӀант.
Белла
Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1514 шарахь
- Абреу, Антониу ди — XVI бӀешеран Португалин хӀордахо, штурман. 1512 шарахь европахойн чамбийриш ян Тиморе а, Банда а гӀайренашна тӀейоьдучу экспедицин коьртехь хилла[1].
- Анна Бранденбурган (1487—1514) — бранденбурган паччахьан йоӀ, марехь йолуш герцог-аьзни Шлезвиг-Гольштейн-Готторпан.
- Анна Бретонан — урхалла ден Бретанан герцог-аьзни, Нантан а, де Ришмонан (Ричмондан) граф-аьзни, де Монфор-Л’Амори а, д’Этампан (9 сентябрь 1488) а граф-аьзни, де Гуданан а, де Нофлан (9 сентябрь 1488) а дама, Лиможан виконт-аьзни, Францин паччахь-аьзни, Неаполан паччахь-аьзни. Вовшен хийцинчу Францин шина паччахьан зуда: Карл VIII-гӀачун а, Людовик XII-гӀачун а. Уггаре гӀарайаьлла Бретанан урхалча, шен заман Европехь уггаре а хьал долу зуда.
- Дьердь Дожа — Мажаройчуьра антифеодалийн ахархойн гӀаттаман куьйгалхо, болийна туркошна дуьхьала жӀаран тӀом санна.
- Донато Браманте — Лекха Дендаран архитектурин бухбиллинарг а, уггаре воккха векал а. Цуьнан уггаре гӀарабаьлла болх бу малхбуза керсталлин коьрта килс — Ватиканера Сийлахь Петран Килс.
- Шедель, Хартман — немцойн лор, гуманист, историк. Карташ деш машенан зорба лелийначу дуьххьарчу картографех цхьаъ.
Билгалдахарш
Хьажа кхин а
🔥 Top keywords: Категори:Википеди:Байлахь йисина агӀонаш/бо0ТеркКоьрта агӀо.neВикипеди:ФорумГӀирс:Керла нисдаршВикипеди:Администраторийн форумВикипеди:Йукъараллин ковВикипеди:Цуьнах лаьцнаВикипеди:ГӀоШолгӀа дуьненан тӀомПалм-Бич (гуо, Флорида)Ков:Карара хилларшОкичоби (гуо, Флорида)Ахмадов, Муса МагомедовичБисултанов, Апти ДибаевичВикипедиГӀирс:ЛахарВикипеди:File Upload WizardНохчийн моттТоронто (Огайо)Бадуев, СаьӀид СулеймановичMediaWiki:Group-autoeditorРоссиСулаев, Магомет АбуевичГай Юлий ЦезарьМамакаев, Мохьмад АмаевичНохчийчоьВиравулДанвилл (Калифорни)Кеп:НБМ-Иран/docХӀиндиИнгалсан моттДуров ПавелБеркаберАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташФольклорЙоккха БританиКатегори:Short description matches Wikidata