1793 шо

II эзар шо
XVI бӀешоXVII бӀешоXVIII бӀешоXIX бӀешоXX бӀешо
1690‑гӀа 1690 1691 1692 1693 1694 1695 1696 1697 1698 1699
1700‑гӀа 1700 1701 1702 1703 1704 1705 1706 1707 1708 1709
1710‑гӀа 1710 1711 1712 1713 1714 1715 1716 1717 1718 1719
1720‑гӀа 1720 1721 1722 1723 1724 1725 1726 1727 1728 1729
1730‑гӀа 1730 1731 1732 1733 1734 1735 1736 1737 1738 1739
1740‑гӀа 1740 1741 1742 1743 1744 1745 1746 1747 1748 1749
1750‑гӀа 1750 1751 1752 1753 1754 1755 1756 1757 1758 1759
1760‑гӀа 1760 1761 1762 1763 1764 1765 1766 1767 1768 1769
1770‑гӀа 1770 1771 1772 1773 1774 1775 1776 1777 1778 1779
1780‑гӀа 1780 1781 1782 1783 1784 1785 1786 1787 1788 1789
1790‑гӀа 1790 1791 1792 1793 1794 1795 1796 1797 1798 1799
1800‑гӀа 1800 1801 1802 1803 1804 1805 1806 1807 1808 1809
Хронологин таблица
1793 шо кхечу рузманашкахь
Григорианан рузма1793
MDCCXCIII
Юлианан рузма1792—1793 (12 январехь дуьйна)
Юлианан рузма
византийн эрица
7301—7302 (12 сентябрехь дуьйна)
Рум йиллинчара дӀа2545—2546 (2 майхь дуьйна)
Жуьгтийн рузма
5553—5554

ה'תקנ"ג — ה'תקנ"ד

Исламан рузма1207—1208
Шираэрмалойн рузма4285—4286 (11 августехь)
Эрмалойн килсан рузма1242
ԹՎ ՌՄԽԲ

Цийн рузма4489—4490
壬子 — 癸丑
Ӏаьржа мукхдахк — Ӏаьржа старгӀа
Эфиопийн рузма1785 — 1786
ШирахӀиндин рузма
- Викрам-самват1849—1850
- Шака самват1715—1716
Иранан рузма1171—1172
Буддийн рузма2336
Японин шераш дагардар5-гӀа шо Кансэй

1793 (эзар ворхӀ бӀе дезткъе итт кхоалгӀа) шо Григорианан рузманцависокосан доцу шо, долалуш долу шинарахь. Иза вайн эран 1793 шо ду, 793 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 93 шо бӀешеран, 3 шо 10-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 4 шо 1790-гӀа шерийн.

  • январан йукъ — Людовик XVI-гӀачун конвентехь йина суд. Дукхаха болу депутаташ виеран кхелехьа бара.
  • 20 январь — паччахьан хилла ларвархочо Парис Пале-Роялан ресторанехь вийра, паччахь виеран кхаж тесна волу, Конвентан депутат Лепелетье де Сен-Фаржо Луи Мишель[1].
  • 21 январь — Людовик XVI-гӀачун виеран кхел кхочушйар.
  • январь — Французийн векал араваьккхина Ингалсара.
  • шеран йуьххьехь — Францин халкъо тӀедуьллу максимумах закон даккхар. «Хьерабевллачеран» агитаци (Ру Жак, Жан-Теофиль Леклерк, Варле).
  • 23 январь — Речь Посполити шозлагӀа йекъар.
  • 1 февраль — Францис Ингалсан тӀом кхайкхийна.
  • 26 февраль3 март — Конвенто бакъо ло революцин берриг мостагӀийн бахам схьабаккха, иза маьхаза «гӀийла бохкучу патриоташна» дӀабала.
  • 26 февраль — «амальгама» йаран Конвентан декрет — эскаран регуляран дакъош волонтёрийн кхолламашца цхьаьнатохар[2].
  • февраль — Екатерина II-гӀачо омар делла Францица махлелоран барт бохорехь, французийн кеманаш оьрсийн порташка чудита ца магорехь, ткъа Россех — французийн гражданаш.
  • 10-14 мартехь — Контрреволюцин гӀаттаман йуьхьиг Вандейхь а, Бретанехь а.
  • бӀаьсте — Хьалхара коалици кечйар: Ингалс, Австри, Прусси, Голланди, Испани, Сардини, Неаполь, дукхаха йолу кегийра немцойн пачхьалкхаш.
  • 18 март — Дюмурьен французийн эскар эшна Неервинденехь.
  • мартан чеккхе — Дюмурье гӀоьртира шен эскарца Парижан тӀелата, эшна ведира австрихой болчу.
  • апрель — якобхоша хийцира шайн ойла чӀагӀдина мехашка агӀора бевлира. «Къаьмнийн бахам» бохкаран Декрет, хьажийна ду кегийра а, йуккъера а ахархошна дуьхьала. Ахархойн гӀовттамаш Гар, Ло, Сена-и-Уаза, Марна департаменташкахь.
  • апрель — Маратан йо Революцин трибуналан суд. Марат бакъво.
  • апрель — Французаш йухабевлла Бельгера а, Германера а.
  • 6 апрель — кхоьллина шуьйра бакъонаш йолу Йукъаралла кӀелхьарайаккхаран комитет, министраллин белхан терго йан йиш а йолуш. Цигахь коьрта ловзайо Дантон Жоржа а, цуьнан агӀончаш а[3].
  • 4 май — Францехь буьртиган йалтан чӀагӀдина мехаш хӀиттийна (хьалхара максимум).
  • майн йукъ — Кхоьллина Конвентан «12-на Комисси». Жирондистийн контрреволюцин харцам Лионехь. Жирондисташ цхьа могӀа гӀаланашкахь Ӏедал схьалаца гӀоьртира.
  • 20 май — Нуьцкъала займах долу Конвента Декрет.
  • 31 май — Халкъан гӀаттам Парижехь. Парижан дакъош а, къоман гвардин тобанаш а (церан куьйгаллехь вара якобхо Анрио) Конвентан гӀишлонан тӀе буьйлабелира. Цара тӀедуьллура Шийттанна комисси дӀайаккхар, цхьа могӀа жирондистийн депутаташ лецар. Робеспьеран къамел. Конвенто сацам бира Шийттанна комисси дӀасахеца, амма депутаташ лецарна дуьхьалабевлира.
  • 1 июнь — Марата кхайкхира «маьрша къоме» революци ларйан гӀовтта аьлла.
  • 2 июнь — 80 эз. къоман гвардихоша а, гражданаша гуо бира Конвентан гӀишлон, Анрион омарца цунна тӀехьажийна йара йаккхий тоьпаш. Конвента тӀеийцира 29 депутат-жирондист йукъараваккхаран декрет.
  • 2 июнь — якобхойн диктатурин йуьхьиг Францехь.
  • 1793, 2 июнь — 1794, 27 июль — Якобхойн диктатура Францехь.
  • 3 июнь — кӀезиг бахам болчу ахархошна мухажирашкара схьадаьккхина латтанаш дохкаран льготин низамех лаьцна Конвентан Декрет.
  • 10 июнь — мехкадайша схьадаьхна дерриг йукъара латтанаш ахархошна йухадерзорах а, бахархойн кхоалгӀа декъо тӀедилларца, йукъара латтанаш бахархойн хӀора синна декъарх а лаьцна Конвентан Декрет[4].
  • июнь — Ингалсан флот одӀалаьцна Францин бердйисташ.
  • 24 июнь — французийн Конвенто тӀеэцна хьалхара демократин конституци (1793 шеран) (из алела а ца йелира). Лакхара кхочушдаран Ӏедал делира 24 стегах лаьтта Кхочушдаран кхеташоне (цуьнан ах декъахой хӀора шарахь карлабохура). Конституци чагӀйан йелира харжамхойн хьалхенан гуламашка, иза къобал йира.
  • июнь — Монархин гӀаттам баьржаш бара Вандейхь, Бретанехь, Нормандехь. Жирондисташа гӀаттам баьккхира Францин къилбехахь а, къилба-малхбузехь а.
  • 13 июль —Марат Корде Шарлоттас виер.
  • 17 июль — Феодалийн бакъонаш, гӀоленаш, ясакх дӀайахаран декрет Францехь. Феодалийн акташ а, документаш а дагон дезаш дара[4].
  • июль — Конвенто карлайаьккхина Йукъаралла кӀелхьарайаккхаран комитет. Дантон дӀаваьккхина. ЮКӀК йукъа хаьржина Сен-Жюст, Кутон, Карно Лазар. Хийцамаш бина Йукъараллин кхерамзаллин комитет.
  • 27 июль — Робеспьер Максимилиан ЮКӀК декъахо хаьржина[3].
  • 13 август — «амальгама» йаран йуьхьиг — эскаран регуляран дакъойн а, волонтерийн а кхолламийн цхьанатохар[2].
  • 23 август — Францехь дерриг къоман ополченех а, йукъара мобилизацех а Конвентан Декрет[2]. .
  • 30 август — Австрис а, Йоккха Британис а Францин дуьхьала барт бо[5].
  • сентябран йуьхьиг — Жак Ру а, кхин «хьерабевллачеран» тхьамданаш а лецна.
  • 4-5 сентябрь — Парижан урамашкахь баккхий гӀовттамаш.
  • 8 сентябрь — Гондсхотера тӀом. Французийн инарлас Гош Лазара доьзуьйту Йоркан герцоган ингалсан-австрийн эскарийн Дюнкеркан гуо баста
  • 5-9 сентябрь — Францехь Революцин эскар кхолларах Декреташ.
  • 12 сентябрь — Хьалхара коалицин тӀамера Фландрин компанехь[en] Авен-ле-Секера девнехь французаш хӀаллакбар.
  • 17 сентябрь — Конвентан Закон «шеконехь болчарех» лаьцна.
  • 29 сентябрь — Йукъара максимумех лаьцна декрет Францехь.
  • октябрь — Конвенто тӀеэцна революцин рузма.
  • Гуьйре — якобхошна йукъахь кхоллаелира шиъ оппозицин тоба:
  1. Дантон, Демулен («Шира кордельер» газетин редактор), Фабр д’Эглантин,
  2. аьрру якобхой (эбертисташ) (Шометт, Эбер («Да Дюшен» газетан редактор)).

Кхин мехкаш

  • ноябрь — Эдинбургехь гулйелла «йукъара харжаман бакъонаш а, хӀора шеран парламенташ а йаккхархьама цхьаьнакхетта Британин халкъан делегатийн конвент». ДӀасалаьхкина, цуьнан куьйгалхой арабаьхна 14 шарна Австрале.
  • 23 январь — Речь Посполити ШолгӀа йекъар, Гроднон сейм.
  • Йиллина Екатеринодар
  • 23 март — Российн Сенатан Минск йукъ йолуш, Минскан губерни кхолларх омар.

Ӏилма

Бина

Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1793 шарахь

Пестель
  • 5 апрель — Батеньков Гавриил Степанович, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо, декабрист (велла 1863).
  • 15 апрель — Струве Василий Яковлевич (велла 1864), академик, астроном, геодезист.
  • 4 май — Снегирёв Иван Михайлович, оьрсийн историк, этнограф, фольклорист, археолог (велла 1868).
  • 5 июль — Пестель Павел Иванович, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо, декабрист (вийна 1826).
  • 13 июль — Клэр Джон, ингалсан поэт (велла 1864 психиатрин дарбан цӀахь).
  • 18 август — Форт Жан-Антуан-Симеон, французийн исбаьхьалча (велла 1861).
  • 28 октябрь — Даукантас Симонас (Simonas Daukantas), литвахойн историк а, йаздархо-серлонча а (велла 1864).
  • 30 ноябрь — Клейнмихель Пётр Андреевич, Российн Империн хаамийн некъийн а, йукъара гӀишлойн коьрта урхалча (велла 1869).

Белла

Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1793 шарахь

  • 20 январь — Лепелетье де Сен-Фаржо Луи Мишель (Louis-Michel Lepeletier, marquis de Saint-Fargeau), маркиз, Парижан парламентан президент, Французийн революцин муьран политик, 1790 шарахь Францин кхолларан гуламан председатель, «Къоман кхиоран планан автор (вина 1760)
  • 21 январь — французийн паччахь Людовик XVI-гӀа вийна.
  • 9 май — Кречетников Михаил Никитич — российн пачхьалкхан гӀуллакххо, граф, екатерининин муьран инарла-аншеф, йуккъераоьрсийн губернеш коьллинарг а, инарла-губернатор а (вина 1729 шарахь).
  • 13 июль — французийн радикалан публицист Марат Жан-Поль; (Корде Шарлоттас вийна ванни чохь).
  • 14 июль — Кателино Жак, вандейхойн тхьамда республикин Францица къовсамехь (вина 1759)
  • 17 июль — Корде́ д’Армон Мари Анна Шарлотта, Марат Жана-Поль вийнарг (йина 1768)
  • 17 август - Дюлоран Анри Жозеф, французийн йаздархо а, философ а, хилла мозгӀар а.
  • 28 август — дивизионан инарла Кюстин Адам Филипп, французийн баьчча (вина 1742)
  • 16 октябрь — французийн паччахь-аьзни, Людовик XVI-гӀачун зуда Мария-Антуанетта йийна кхелаца.
  • 31 октябрь — Жансонне Арман, французийн политикин гӀуллакххо.

Хьажа иштта

Билгалдахарш