Чулацаман тӀегӀо

Хьамзат ибн Ӏабдул-МуттӀалиб

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хьамзат ибн Ӏабдул-МуттӀалиб
Ӏаьр. حمزة بن عبد المطلب‎‎
Абу Ӏамарат, Абу ЯӀла, асадуллахӀ ва асад расулихӀ, саййидуш-шухӀадаъ
Говзаллаталлархо, йаздархо, баьчча
Вина терахь568
Вина меттигМакка
Кхелхина терахь625 шеран 22 март({{padleft:625|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Кхелхина меттигУхьуд, Мадийнат
ДӀавоьллина меттигУхьуд лам
Къам, некъехӀашимхой, къурайш, Ӏаьрбий
ДаӀабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим
НанаХӀалат бинт ВахӀб
ЗудаСалма бинт Умайс
БерашЯӀла, Ӏамир, Ӏамарат, Умамат
Динлелорислам
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Хьамзат ибн Ӏабдул-МуттӀалиб аль-ХӀа̄шими аль-Къурашӣ (Ӏаьр. حَمْزَةُ بْنُ عَبْدِ الْمُطَّلِبِ الهَاشِمِي القُرَشِيُّ‎‎; 568, Макка[1][2]625 шеран 22 март, Ухьуд лам[d]) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ жимах волу деваша а, цуьнан асхьабех цхьа сахьаби а, цуьнан бакхийначу вежарех цхьаъ а, цуьнан вейтта визирех цхьаъ а ву. Мухьаммадан ﷺ девежарех тӀехдиканиг а ву иза, цо аьлла: «Сан вежарех диканиг — Ӏалий ву, ткъа девежарех диканиг — Хьамзат ву»[3][4].Мухьаммадал ﷺ ши шо воккха хилла иза. Цуьнан нана ХӀалат бинт ВухӀайб, Мухьаммадан ﷺ ненан Аминат бинт ВахӀбан девешин йоӀ хилла.

Дахарнисйе

Хьамзат къурайшин йукъахь уггаре чӀогӀа онда стаг вара. Иштта таллархо а вара иза. «Делан лом» — аьлла цӀе тиллира цунна. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад пайхамар . Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатана, талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана йуккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀадуьйцуш лаьтташ Абу-ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу ДжаьхӀлана, йоккха чов а йеш. Орцах хьаьдда Абу-ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлоно, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.

«ТӀаккха со а ца теша-кха шун тӀулгийн деланах. Ницкъ буй шун со цунах тешийта?» — аьлла цо. Цу меттехь дакхайкхина Хьамзата, Дела цхьаъ во ша, шен вешин кӀант Мухьаммад пайхамар хиларца бакъ а во ша, аьлла.

Ухьудан гӀазотехь иза вийнера, Вахьши бин Хьарбас, хӀунда аьлча Ӏутбатан йоӀ ХӀиндо шен да вийна дера, цунах чӀир эцархьама. Ша вийначу меттехь дӀавоьллина ву Хьамзат.

Хьосташнисйе

Фильманашкахьнисйе

🔥 Top keywords: Коьрта агӀоВикипеди:ФорумЭджворт (Пенсильвани)ШолгӀа дуьненан тӀомАхмадов, Муса Магомедович.neКеп:Динан адамНохчийчуьра акхаройВикипеди:Цуьнах лаьцнаГӀирс:ЛахарВикипеди:ГӀоГӀирс:Керла нисдаршВикипедиКеп:Динан цхьаьнакхетарКеп:Адам/ИсламВикипеди:Йукъараллин ковБадуев, СаьӀид СулеймановичАль-БарбахӀариБарта кхоллараллаКиранцНохчийчоьАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташКов:Карара хилларшНохчийн моттЙоккха БританиВикипеди:Хаьржина йаззамашВикипеди:Йаззам кечбарКеп:Динан цхьаьнакхетар/docХьанбалийн мазхӀабВикипеди:Элпнашца гайтарМухьаммадВикипеди:Бакъонаш а, куьйгалла аInstagramБексултанов, Муса ЭльмурзаевичКеп:Infobox softwareВикипеди:Массо а маттахь хилайеза агӀонашАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀВикипеди:Категорешца лахарГорник (Айова)