Гражданийн тӀом

Гражданийн тӀом- цхьа латтан тӀехь йа пачхьалкхехь цхьацца тобанийн юкъахь болу тӀом бу. Иза пачхьалкхехь гулъела социалан галморзахаллаш дӀаяхаран уггар къиза некъ бу[1]. Ишта тӀом хила тарло хьалха цхьана пачхьалкхехь Ӏийначу къаьмнашна юкъахь[2].

Оьрсийчохь хиллачу Гражданийн тӀамехь дакъалецначу комсомолан лерина ССРБ-н марка.

Цара тӀеман хьалхара бухадуьллург пачхьалкхан йа мехкан Ӏедал доладерзор ду. Гражданийн тӀеман билгалонаш ю — гражданийн бахархоша дакъалацар а, цу хьокъехь даккхий зенаш а, эшамаш а хилар а.

Хьостанаш