ЖӀарахойн тӀелетарш

Жоьпаш дехар «2», «ЖӀарахой», «ЖӀарахойн тӀелетар» дӀасахьежайо кхуза; Хьажа кхин а терминийн кхин маьӀнаш 2, ЖӀарахой, ЖӀарахойн тӀелетар.

ЖӀарахойн тӀелетарш — XI—XV бӀешерера динан цхьа могӀа тӀемца Малхбузен Европера бусалбанашна а, кхечарна а тӀелата эхар[1].

Доцучу маьӀнехь — 1096—1272 шерашкара ПалестӀинин, керсталлин сийлаллаш мукъайаха лерина[2] (уггаре хьалха Къудс-ГӀала Ӏийса пайхамаран каш) тӀелетарш, сельджукашна дуьхьала.

Шуьйрачу маьӀнехь — руман папас кхайкхийна кхин тӀелетарш, царна йукъахь тӀаьхьа Ӏалашо Балтикайистера тӀекъархой керсталле балор хилларш а, Европехь динан а, антиклерикалан некъашна дуьхьала а тӀемаш (катарашна, гусгӀарна, кхечарна а), кхин гуттаре тӀаьхьарчу заманахь Ӏусманан империн тӀелетарш.

Схьайаларан истори

Гергара Малхбалера бусалбанийн областаш къарйина, сельджукаш (цӀе тиллина шайн тхьамдин Сельджукан цӀарах) ца севцира, тӀелетира византийн махкана. Византехь буьйхира. Цуьнан император Роман IV-гӀа совцо гӀоьртира мехкашдахархой, амма 1071 шарахь, Манцикертера тӀамехь, византийн эскаран боккха иэшам хилла, иза ша йийсаре кхечира. Цул тӀаьхьа византихойн ницкъ бацара дуьхьало йан. Сельджукаш, тӀаьхь-тӀаьхьа малхбузехьа теӀаш бара, схьайаьккхира Византегара йерриг аьлча санна Жима Ази.

Боккхачу барамехь керстачеран гӀаланашка а, йарташка а чухьевдда, сельджукаша къинхетам боцуш талораш дора царна, дакъаза бохура, багабора. Йогуш йара, йохийнера килсаш, монастыраш а. Мехкашдахархоша сийсаза йора керсталлин сийлаллаш, подвергали изощрённым пыткамницкъаш бора, цул тӀаьхьа бойура мозгӀарой, цӀувгаш, меттигерачу бахархошка ницкъала ислам тӀеоьцуьйтура, дуьхьало йинарг хӀаллак а веш.

1071 шарахь Къудс-ГӀала, Ӏийса пайхамаран сельджукийн карайахара, йерриг керстачеран сийлаллашца. Цул хьалхарчу масех бӀешарахь сийлахь гӀала Ӏаьрбийн Ӏедалан кӀелахь йара, уьш собаре бара меттигера керстачарна а, Европера гуттаренна Ӏийса пайхамаран коше зийарате оьхучарна а. ГӀалин керла дайша сийсаза йохура керстачеран килсаш, меттигерачу керстачеран бакъонаш йохайора, зийарате оьхучарна новкъарло йора: уьш сийсаза баха, йетта, лолле бохка, байа тарлора. Керстачарна урамашкахула лела а кхераме дара. Мехкашдахархоша башха къиза сийсазвора Къудс-ГӀалин патриарх, иза лелавора тӀаьххьара лай санна. Цкъа сельджукаша, маж лаьцна, Ӏарш тӀера лаьтта такхийна, цул тӀаьхьа бусалбачеран самукъадаккха такхийра урамашкахула, тӀаккха цхьан а бахьна доцуш набахти чувоьллира.

Европехь хаара Византийн халонех дерг. XI бӀешеран 60-гӀа шерашкахь дуьйна руман папанаш масийттаза бистхилира царна гӀоьнна дахаран ойланца. И ойла тӀаьхь-тӀаьхьа йаьржара малхбузен керстачарна йукъахь. Йоккха роль цигахь ловзийра сельджукийн Къудс-ГӀалара харцонаша а, уьш йуьйцура дуккха а Сийлахь Латта тӀе зийарате оьхучара. Цигахь дечу зуламех лаьцна дийцарша ладугӀучера дегнаш Ӏуьйдура, оьгӀазло гуллора, боьхучарна кхел йаран ойла кхоллалора.

1096 шарахь къилбафранцузийн Клермон гӀалахь папас Урбан II-гӀачо болийра Къудс-ГӀала туркой-сельджукех мукъайаккхарх шовкъе хьехамаш. Халкъо ладугӀура цуьнан кхайкхамашка. «ЖӀарахой» цӀе схьайелира, жӀарахойн тӀелатаран декъашхоша шайн духарна тӀе жӀараш летош хилла дела.

1095 шеран ноябрехь Клермонехь хилира килсан гулам — католикин килсан берриг гӀарабевлла векалш: кардиналаш, архиепископаш, епископаш, монастырийн Ӏуналчаш болу гулам. Иза бара коьрта ладамаллин хилам, цига баьхкинера кхин а дуккха а лахарчу даржера мозгӀарш, монахаш, дуккха а машаре бахархой, бевзаш болу сеньораш, къонахий. Нисса кхузахь Урбан II-гӀачо кхайкхам бина Малхбален тӀелата, Ӏийса пайхамаран каш а, кхин сийлахь меттигаш а мукъайаха, Византийн гӀоде аьлла.

Урбанан когаметта волчу Григорийс, папас Виктор III-гӀачо а дӀабаьхьира хьалхарчун кхайкхамаш. Бусалбачеран хӀордахойн тӀелетарех бала хьоьгу Пизин, Генуйан, цхьайолу кхин итальянхойн гӀаланийн бахархоша Африкин бердашка йоьду флот кечйира. Экспедицис йагийра Тунисера ши гӀала, амма оцу балхо шуьйра резонанс ца йира.

ЖӀарахой Ӏусманашна тӀелатар (1396)

1396 шарахь гулделира мажарийн паччахьан Сигизмундан а, графан Неверин Иоаннан а, кхечеран а куьйгаллера алссама жӀарахойн эскар; амма Никополан гергарчу тӀамехь туркоша цунна боккха иэшам бина, хӀаллакдира.

ГусгӀарна дуьхьала жӀарахой тӀелатар (1420—1434)

ЖӀарахой Варнин тӀелатар (1443—1444)

ЖӀарахойн тӀелатар чекхделира полякийн-мажаройн паччахь Владислав 1444 шарахь Варнин гергарчу тӀамехь верца.

ТӀаьхьара тӀелетарш

Руман папийн хӀаллак хуьлуш йолчу малхбален империн гӀодаран жӀарахойн тӀелетарех бен хьехамаша Малхбузехь тоъал къинхетам ца бойтура нахе, тӀаккха 1435 шарахь Константинополь йуьйжира. 1454 шарахь руман папас байракх йаийтина иркара хӀоттийна Бургундин герцоганна Филипп III-гӀа Дикачунна, лиира жӀарахойн тӀом бан Ӏусманан империца, оцу бахьнехь даздеш нийат дира Лиллехь, амма цуьнан ойла кхочуш ца йира, коьртаниг цуьнан шен мехкашкахь хьал цхьаьнаэшшара ца хиларна[3].

Кхин а хьалха, 1439 шарахь, Флорецин унин барт бира, папин курин пайден болу, хӀунда аьлча православин килс малхбузачуьн куьйгакӀела хӀоттайора. ТӀаьхьа Оьрсийн пачхьалкхехь КхоалгӀа Руман ойла кхиира, ткъа 1589 шарахь кхоьллира маьрша Москохан патриархат. ТӀаьххьара жӀарахойн тӀелатар туркошна дуьхьала хилира 1683 шеран тӀом, иза чекхбелира закончившуюся их Венин гергахь жӀарахой хӀаллакбина эшарца.

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Литература

Хьосташ зорба тохар
Талламаш

Хьажоргаш