Зовкхечу Василийн цӀарах Килс

Москвахь ЦӀен Майданахь йолу Зовкхе Василийн цӀарах килс (оьрс. Храм Василия Блаженного). Иштта а цунах олу Саьнгар йистехь Сийлахь-Езачу Делан Ненан Бедаран килс (оьрс. Собо́р Покрова́ Пресвято́й Богоро́дицы), Бедаран килс (оьрс. Покро́вский собо́р), Саьнгар йистехь Бедаран Килс (оьрс. Собо́р Покрова́ на Рву).

Сийлахь меттиг
Зовкхечу Василийн цӀарах Килс
Храм Василия Блаженного
55°45′09″ къ. ш. 37°37′23″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРосси
ГӀалаМоскох
Лаьтта меттигТверской район[d]
Гергара метрон станциОхотный Ряд
ДинКерста
ЕпархиМосква-гӀалан
Архитектурин хатӀрусская архитектура[d]
АрхитекторПостник Яковлев[d]
ЙиллинаргИван Грозни
Дуьххьара хьахор1554
Йиллина терахь1561 шо
СтатусПачхьалкхо ларйеш ю
Локхалла47,5 метр[1]
ГӀирсКибарчиг
Сайтshm.ru/museum/hvb/
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

1555 шарахь доладелла килс яран белхаш. Буьрса Иван вара белхаш дӀадолийнарг. Цо болийна тӀамехь  Казань а, Астрахань а ийшира. Цундела шен толаман сий дархьама йеш яра цо керла килс. Белхаш чекхделира 1561 шарахь.

Килсан йукъайогӀуш 11-та сий долу нехан цӀарах жима килсаш ю. Юккъера килс Делан Ненан Бедаран цӀарах ю. Цуьнан йистехь лаьтташ ю:

  • Сийлахь Кхолхонан килс;
  • Къудс-гӀала чу Ӏийса варан килс;
  • Никола Великорецкийн цӀарах килс
  • Кхаъ Патриархан: Александран а, Иоаннан а, Керлачу Павлан а килс
  • Эрмалойн Григорийн а, Киприанан а, Иустин килс;
  • Свирски Александран цӀарах килс;
  • Хутынски Варлааман цӀарах килс;
  • Зовкхе Василийн цӀарах cагӀдар;
  • 2018-чу шарахь схьайиллина Зовкхе Иоаннан цӀарах килс;
  • иштта а горгалин бӀов а.