Ийдалан Булгари

Ийдалан Булга́ри (Детин Булгари[9], Болгарин ханалла[10], Булгарин паччахьалла, Ийдалан-Камин Булгари[2]; гӀез. Идел буе Болгары, чуваш. Атӑлҫи́ Пӑлха́р, Нухрат Пӑлхар[9])[~ 2] — X - XIII бӀешерашкахь хиллачу Йуккъера Ийдалйистан а, Камин майданера историн пачхьалкх.

Историн пачхьалкх
Ийдалан Булгари
оьрс. Волжская Булгария
← 
 
VII век — 1240
Коьрта гӀалаБолгар (X бӀешеран йуьхьиг[1]X бӀешеран 2-гӀа чийрик кхаччалц.[2]),
Биляр (100 эз.)[3] (X бӀешеран 2-гӀа чийрикера[2] – XIII бӀешеран йуьххье кхаччалц)
Мотт (меттанаш)булгарийн[4] , туьрки[~ 1]
Официалан моттбулгарин мотт[d][8]
Динтенгрианалла[d], ислам, керста, славянийн текъамдин[d]
Ахчасом[5] [6] , динар[7]
Бахархой2 млн. булгараш, сувараш, эскелаш, барсилаш, баланджараш
Урхаллин тайпамонархи
Йаккхий гӀаланашБиляр, Болгар, Сувар, Жукотин
Кар-кара далар
← Сийлахь Болгари

Дешин Орда →

Дешин Ордин Булгарин улус →
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Истори

Йуккъераийдалан регионан исторехь, цуьнан кхоллайаларехь къастайо болгарел хьалхара зама (VIII бӀешо кхаччалц), хьалхараболгарийн мур (VIII—X бӀешераш), Болгарин пачхьалкх кхиаран а, къагаран а мур (XI — XIII бӀешеран хьалхара ткъе кхойтта шо), дешин ордан мур (XIII — XV бӀешеран йукъ)[11].

Монголаш тӀелатале

VII бӀешеран шолгӀачу декъехь дукхаха дерг кутригурийн тайпанех лаьтта орданех цхьаъ, Котраг йуьххьехь волуш Азовйистера Сийлахь Болгарин махкара йолайелира къилбаседехьа, охьахевшира Йуккъера Ийдалан а, Камин а кӀоштахь, дукхаха дерг баьржира финнийн-угорийн тайпанашна йукъахь.

ЧӀогӀа тӀеман кечам болу булгараша, тӀаьхь-тӀаьхьа аратеттира йа иэшийра балтийн-славянийн тайпанаш («Именьковн оьздангаллин» бахархой), шайн куьйга кӀела берзийра баланджараш, барсилаш, савираш, эсегелаш, билераш, кхин туьркийн а, финнийн-угорийн тайпанаш. ЖамӀехь VIII бӀешарахь Йуккъера Ийдалйистехь кхоллало булгарийн тайпанийн барт, тӀаьхьа цунах хуьлу пачхьалкх Ийдалан Булгари. ТӀаьхьуо Ийдалан Булгарин бахархошна йукъакхета огузийн-печенегийн а, кипчакийн а тайпанийн цхьацца тобанаш, кхин а лулара къаьмнийн (буртасаш, мажараш, муромаш, кхи дӀа а).

922 шарахь йылтывар Алмуша йахӀудийн дин лелош болу хазарашна дуьхьала тӀеман гӀо лоьхуш, кхойкху БагӀдадера вакилат, официалан кхайкхадо хьанафийн кхетаман ислам пачхьалкхан дин, тӀеоьцу эмиран дарж а, Джафар ибн ӀабдаллахӀ цӀе а[12]. Амма «нах» (куьйгакӀелара тайпа) Саван[13] коьртехь «паччахь Вираг» а волуш, тера ду, оцу гӀуллакхна реза ца хилира, иза бахьнехь болгарийн элий шина декъе бекъабелира (шолгӀачунна коьрте хӀоьттира «паччахь Аскал»). Алмуша кхерам тесна (тарраш деттар ду аьлла), хьалхара дакъа а къарделира. Гуш дара, «Паччахь» Вираг Саван Ийдалан Булгарехь даржаца шолгӀа стаг хилар (шолгӀа тӀегӀа хьаканал лахара) йылтывар Алмушал тӀаьхьа (хьалхара тӀегӀа хьаканал лахара). Цул сов, хууш ду, «паччахьан Алмушан» шен тайпанца хилла «виъ куьйгакӀелара паччахь» шайн тайпанашца, иза пачхьалкхан структура а хуьлу, «Булгараш» цӀе — «пхи гар (дакъа)» — кхолларан теорех цхьаъ а хуьлу[14]. Бийцина хиламаш а, факташ а йазйина йу багӀдадан Ийдалан тӀе йахана вакилатан декъахочун Ахьмад Ибн Фадланан тептаршкахь[15].

985 шарахь элас Владимира Ийдалан булгарашца машар бар. XV бӀешерера Радзивилловн тептар чуьра миниатюра

Алмушал тӀаьхьа урхалла дира цуьнан кӀанта Микаил ибн ДжаӀфара, цул тӀаьхьа кӀентан кӀанта ӀабдуллахӀ ибн Микаила[16].

965 шарахь, Хазарийн каганат йоьжначул тӀаьхьа, хьалха цуьнан куьйгакӀела хилла Булгари йуьззина маьрша йелира, амма хало Ӏевшира киевн эла Святослав Игоревич малхбале тӀелатар бахьнехь (964—969).

X бӀешеран дохаллехь шираоьрсийн пачхьалкхан элий Ийдалан-Камин Болгарин тӀелийтира. Гуттаренна кхерамаш хиларо булгарашка шайн пачхьалкхан коьрта шахьар дехьайаккхийтира Каминдехьен йуккъерачу декъе — Биляр гӀала.

985 шарахь киевн эла Владимир Святославич торкашца бертахь тӀемца бахара Булгарин тӀелата, машаран барт бира цуьнца[~ 3].

Булгарийн пачхьалкх а, цунна гуонахьара пачхьалкхаш а, 1025

986 шарахь Ийдалан Булгарин вакилат йахара Киев коьртехь Владимир волу киевхошка булгарашкара иман дилла аьлла.

1006 шарахь Русан а, Ийдалан Булгарин а йукъахь махлелоран барт бира: булгарийн совдегархойн маьрша махлело таро йара Ийдалан а, Окан а тӀаьхь, ткъа Русин совдегархойн — Булгарехь. 1088 шарахь камин булгараша йоцучу ханна схьайаьккхира Муром. 1107 шарахь ийдалан булгараша гуо лаьцна йаьккхира Суздаль.

Билгалдахарш

Комментареш
Хьосташ

Литература

  • Гагин И. А. Волжская Булгария: Очерки истории средневековой дипломатии (X — первая четверть XIII в.). — Рязань: СПбГУ; РОИРО, 2004. — 240 с.
  • Ковалевский А. П. О степени достоверности Ибн-Фадлана // Исторические записки. — 1950. — Т. 35. — С. 265—293.
  • Смирнов А. П. Волжские булгары. — М.: Государственный исторический музей, 1951. — 276 с.
  • Фахрутдинов Р. Г. Очерки по истории Волжской Булгарии / Отв. ред. С. А. Плетнёва. — М.: Наука, 1984. — 216 с.
  • Чолов П. Волжка България (VII—XVI век). — София: КАМА, 2008. — 240 с. — ISBN 978-954-9890-84-6.(болг.)
  • Павлов П., Владимиров Г. Златната орда и българите. — София: Военно издателство ЕООД, 2009. — 176 с. — ISBN 978-954-509-418-7.
  • Бурханов А. А. Памятники Иске-Казанского комплекса: К проблеме изучения и сохранения историко-культурного наследия и роли географического положения и природно-экологических особенностей в заповедных зонах. — Казань, 2002.(болг.)

Хьажоргаш