Йиппар

Йиппар (лат. Foenīculum, оьрс. Фенхель)) — Четарнаш (Apiaceae) доьзалера шина- а, дукха а шерийн орамат бецан тайпана жима орамат.

Йиппар
Йиппар
Йиппар.
Ораматан кеп.
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Foeniculum Mill., 1754
Номенклатуран тайпа
Foeniculum vulgare Mill., 1768Йиппар
Йиппар.
О. В. Томен «Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1885

Ботаникан сурт

ГӀад нийса лаьтта, геннаш долуш ду, локхалла 2 м гергга.

Орам чӀукепара, стомма, урчакхкепара.

ГӀаш кхузза я деазза месашца декъна.

Кедалг къаьсташ йоцучу цергашца, жаз можа, шуьйра хӀоакепара, боьххьехь шуьйра кӀаг бу, циггахь дакъолг ду чухьовзийна.

ХӀу хӀоакепара-дехуо, пурхнехьа гоьрга, аххӀу 5 дика къаьстачу аьрта сенца, агӀонашкара — кӀеззиг сов озийна, кхуллу юткъа тӀамкепара йист, 1000 хӀун масса 5—6 г.

Лелор

Культивацию ширачу заманара дуьйна юурган а, дарбанан а орамат.

Эфирдаьттан (хӀушца 6,5 % эфиран даьтта ду, юкъахь 40-60 % анетол а долуш), чоман орамат. Хьожано дагайоуьйту цица а, эстрагон а.

Йиппаран эфиран даьтта леладо медицинехь, парфюмерин-косметикан, сабадаран промышленностехь, ветеринарихь; хӀуш а, эфиран даьтта а леладо препараташ еш, леладо метеоризмехь, кхин а ламастан дарбанан гӀирс санна, масала оччаман хи, тайп-тайпана бецан чайнаш, бецан гуламаш.

Даххаш (20 % гергга белок) даадо даьхнашна.

APILAMан хаамашца, йиппаран даьттанца долу эфир анетол нейротоксикан ду, моха яийта тарло, иза ненан шурех кхета кӀезиг барамехь. Йиппаро ненан шура тӀетуху боху хабарш, гӀалате ду[1].

ХӀуш леладо абсент еш оригиналан рецептаца.

Кепаш

The Plant List хаамийн базанца, тайпанан юкъахь 3 кеп[2] ю:

  • Foeniculum scoparium Quézel
  • Foeniculum subinodorum Maire, Weiller & Wilczek
  • Foeniculum vulgare Mill.Йиппар, йа Аптекан оччам

Билгалдахарш

Литература

Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
  • Кеп:Книга:Пряно-ароматические и пряно-вкусовые растения
  • Кеп:Флора СССР
  • Йиппар — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. .

Кеп:Пряности