Пугачёва, Алла Борисовна


Пугачёва А́лла Бори́совна (дуьххьара марехь йолуш — Орбакене; йина 1949 15 апрелехь, Москохахь, РСФСР, ССРС) — советийн а, российн а эстрадан йишлакхархо, композитор-эшархо, эстрадан режиссёр, продюсер, киноактриса, телехьалхелелорг. ССРС халкъан артист (1991). Российн Федерацин Пачхьалкхан совгӀатан лауреат (1995). II, III, IV тӀегӀанера «Даймехкан гӀуллакхдарна» орденан кавалер.

Пугачёва, Алла Борисовна
Алла Борисовна Пугачёва
Коьрта хаам
Йуьззина цӀеПугачёва Алла Борисовна
Йина терахь1949 шеран 15 апрель({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})[1][2] (75 шо)
Йина меттигМоскох, РСФСР, СССР
Жигараллин шераш1965 — хӀинца а
Пачхьалкх ССРС
 Росси
 Кипр[3]
Говзаллашйишлакхархо, композитор-эшархо, пианист, эстрадан режиссёр-хӀотторхо, актриса, музыкин продюсер , хьуьнарча, йуккъерачу ишколан хьехархо, хьехархо
Эшаран азмеццо-сопрано[d]
Пондаршфортепиано
Жанрашпоп, диско, синтипоп, поп-рок, софт-рок, фанк-рок
ПсевдонимашБорис Горбонос
Коллективашрадиостанци «Къоналлин» агитбригада (1967—1968);
ПЦЭГД (1969);
ВГӀА «Керла электрон» (1969—1970);
Москохан областан филармони (1970—1971);
ВИА «Москвичи» (1971);
Лундстрем Олеган урхаллера джаз-оркестр (1972—1973);
Москохан областан филармони (1973);
ВГӀА «Москохахо» (1973—1974);
ВГӀА «Самукъане бераш» (1974—1976);
Пачхьалкхан эстрадан Эрмалойчоьнан Орбелян Константинан урхаллера оркестр (1976).
ЛейблашМелоди, Amiga, Balkanton, Victor, Opus, Kansan, Supraphon, Track Music, World Record Music, Ритонис, Оьрсийн диск, студи «Союз», General Records, Sintez Records, Extraphone, Alla Pugacheva production, арт-студи «Алла», Астра, Гранд Рекордс
СовгӀаташ
«Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден
Сийлахь Месроп Маштоцан орден  — 2009
ССРС Халкъан артист— 1991РСФСР Халкъан артист — 1985РСФСР Хьакъдолу артист — 1980РФ Пачхьалкхан совгӀат — 1995
Автограф
Автограф
http://www.allaradio.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Цуьнан репертуар йукъахь йу 500 сов эшар оьрсийн, ингалс, немцойн, французийн, иврит, финийн, украинийн меттанашкахь, ткъа цуьнан дискографехь ду 20 сов солон пластинка, CD. Росси а, ССРС хилла мехкашкахь а доцург йишлакхархочун альбомаш арахецна Японехь[4], Корейхь[5], Швецехь[6], Финляндехь[7], Германехь[8], Польшехь[9], Чехословакехь[10], Болгарехь[11]. Дискийн йукъара тираж совйаьлла 250 млн экземплярал[12].

Пугачёва Аллин карьера лору йерригсоюзан санна, иштта дуьненайукъара аьтту хилла музыкин сценин тӀехь малхбален а, къилбаседан а Европин мехкашкахь. ХӀинца цунах олу «примадонна», «эстрадан паччахь-аьзни», «Российн коьрта йишлакхархо». 1976 шарахь дуьйна 1990-гӀа шераш дуьйладаллалц йерригсоюзан музыкин хит-парадийн хеттарийн жамӀашца хийца а ца луш лорура уггаре дика йишлакхархо.

2010 шарахь сацийра гастролийн гӀуллакх, амма ца йелира жигара кхоллараллин гӀуллакхна гена: сих-сиха дакъалоцу дуккха а гулйинчу концерташкахь а, телепередачашкахь а, ткъа кхин а цхьаьнаэшшара арахоьцу керла эшарш. Марехь йу Галкин Максимехь. Ши йоӀ а, кӀант а, кхоъ берийн бер а.ТЕПЕРЬ Я ПИШУ НЕ ПРО АЛЛУ ПУГАЧЕВУ. Я ПИШУ О ДРУГОМ.

Новой самой красивой девочкой стала Виолетта Антоновна. Эта милая красавица-блондинка с прекрасными голубыми глазами и выразительным лицом не может не понравится. Она покоряет мир! Но в тоже время красавицу шатенку тоже любят все.

Биографи

Да-нана: Одегова Зинаида Архиповна (1922—1986) а, Пугачёв Борис Михайлович (1918—1982) а девзира 1946 шарахь, ший а фронтовикаш бара, оццу шарахь оцу шимма мах бира, ткъа 1947 шарахь церан дуьххьара бер хилира – Геннадий, амма бер цомгаш дара, делира масех бутт болуш. 1949 шеран 15 апрелехь церан хилира шолгӀа бер — йоӀ, цунна цӀе тиллира МИАТан актрисийн Тарасова Аллин сийнна. 1950 шеран 7 апрелехь дира кхоалгӀа бер — кӀант Евгений (1950—2011).

1949—1964: Бералла

Арахьара суьрташ
Одегова Зинаида Архиповна къоналлехь
Алла вешица Евгеница а, ненаца Зинаида Архиповница
Алла вешица Евгеница бераллехь
Алла вешица Евгеница бераллехь
Алла бераллехь
Алла вешица Евгеница бераллехь
Алла ишколехь

Пугачёва Алла йина 1949 шеран 15 апрелехь Москохахь. Бералла йерриг чекхйаьлира Москохахь Крестьянски заставехь Зонточни урамалгехь.

1954 шарахь, 5 шо долуш, дас-нанас йоӀ дӀайелира музыкин М. М. Ипполитов-Ивановн цӀарах доьшийлера музыкин № 31 йолу ишколе. Оццу шарахь Алла дуьххьара сцени йелира. Цуо дакъалецира Союзийн цӀен колоннан залехь гулйинчу йоккха концертехь.

Пхи шо кхаьчначу хенахь дуьйна, Алла аьхка даче йохуьйтура Новоалександрово эвла, иза лаьттара Клязьман хилоттийлан бердаца, цигга дӀахьора хӀонсан пианино «Циммерман», тӀаккха нанас цуьнга дийнахь 3 сахьт сов Ӏамабойтура иза лакха[13]

1956 шарахь Москохан Тагански кӀоштара Лавров урамалгера № 496 йолчу йуккъерачу ишколан хьалхара классе йахара. Шен интервьюшкахь масийттаза а ша ишколехь тӀехдика доьшуш йара баьхнехь а, аттестат тӀехь дара деаннаш а, кхааннаш а (географи, химин, кхечу мехканийн меттан, черченин, физикин кхиоран)[14].

Кхиина тӀемал тӀаьхьарчу кертарчу хьолехь. Цхьаболчу биографаш билгала ма-даккхара, иза дирзира цуьнан амале. Классехь болчара дагалоьцу, ишколехь йолуш иза чӀогӀа хьарцахьара йара. Шен амал бахьнехь а, кертахь а, ишколехь а ша ларйан доьналла хиларна а цунна цӀе тиллинера Фельдфебель. 14 шо долуш цигаьрка оза йолайелира.

1964 шарахь чекхйаьккхира фортепиано классера музыкин ишкол а, йуккъерачу ишколан 8 класс а, цул тӀаьхьа деша хӀоьттира музыкин Ипполитов-Ивановн цӀарах доьшийле (хӀинца Пачхьалкхан музыкин-хьехархойн М. М. Ипполитов-Ивановн цӀарах институт), цуьнца цхьаьна курсехь доьшуш вара Шуфутинский Михаил[15]. Музыкин ишколехь цунах дика пианистка хир йу баьхнехь а, цуо хаьржира дирижёрийн-хоран дакъа.

1965—1976: «Роботан» тӀиера «Арлекино» тӀекхаччалц: Кхоллараллин некъан йуьхьиг

1965—1968: Музыкин доьшийлера дешар. Хьалхара йаздарш а, гайтарш а

1965 шеран ноябрехь доьшийлан шолгӀа курсехь йолчу хенахь йахара шен хьалхарчу гастролашка Мосэстрадица вовшахтоьхначу А. Лившицан а, А. Левенбукан а эстрадан программица «Пиф-Паф, йа тӀе ца кхетначун Сатирица тохар». Гайтамаш хилира Кировн, Перман, Свердловскан, Тюменан, Омскан областашкахула. 1965 шеран декабрехь цӀайирзинчул тӀаьхьа, Йерригсоюзан радион «Дикачу Ӏуьйренца!» программан дӀайазйира шен хьалхара эшар «Робот».

1966 шо долалуш йишлакхархо йолчу веира кӀезиг вевзаш волу композитор Шаинский Владимир. Цуо кховдийра цунна шен масех эшар дӀайазйар: «Как бы мне влюбиться», «Не спорь со мной», «Дрозды». Дукха хан йалале эшарш «Как бы мне влюбиться» а, «Не спорь со мной» а туьйлира Йерригсоюзан радион «Беттан эшар» къовсамехь.

1967 шеран 9 майхь дуьххьара телевизионехь гайтира ша. Ӏидан арахецна берийн «Будильник» телепередачан дуьхьала эфирехь эшар лекхира «Иду из кино» (муз. Б. Савельевн, деш. И. Кашежевой)

1967 шеран августехь «Юность» радиостанцин агитбригадан декъа йахара, цаьрца гастролашка йахара Тюменан областехула хинкеман тӀехь Иртыш а, Обь а эркашна чухула. Агитбригадан йукъахь эшарш лийкхира геологашна-мехкдаьттадаккхархошна, геофизикашна, бурутохархошна, гӀишлошйархошна, Йисттера Къилбаседан сенашлелорхошна, локхура 3 эшар: «Король, цветочница и шут» (Шаинский Владимиран), «Просто очень люблю» (Филиппова Каринин), «Единственный вальс» (ша йаьккхина йолу).

Еха гастролаш, ткъа уьш бахьнехь, доьшийлехь кӀезиг хиларо дешаран процессан вуон Ӏаткъам бира. Иза бахьнехь 1968 шеран майхь цуьнга арахецаран пачхьалкхан экзаменаш ца йалийтира, цунна диплом ца делира. Куьйгаллин сацамца Алла хьажийра музыкин а, йишлакхаран а хьехархочун стажировке москохан йуккъерачу № 621 йолчу ишколе. Хьехархо болх бира эха шарахь: 1968 шеран сентябрера 1969 шеран январь кхаччалц. ТӀаьххьара, 1969 шеран майхь цуо дӀайелира пачхьалкхан экзаменаш, чекхдаьккхира музыкин доьшийлин дирижёрийн-хоран дакъа, говзалла «Хоран дирижировани» а йолуш, «Хоран дирижёр» а, «Йукъарадешаран ишколан эшарлакхаран хьехархо», «Берийн музыкин ишколан сольфеджио хьехархо» квалификаци а луш.

Масех баттахь болх бира Ташкентан урамера москохан № 621 йолу ишколехь музыкин хьехархо даржехь.

1969—1974: Говзанчин карьерин йуьхьиг

1969 шеран апрелехь Циркан а, эстрадин а говзаллин пачхьалкхан доьшийлин (ЦЭГПД) солистка а, концертмейстер а балха хӀоьттира. Цигахь вевзира циркан артист-жухарг Орбакас Миколас, хин волу майра. 1969 шеран аьхка ЦЭГПД студенташца, царна йукъахь Орбакас а волуш, йахара гастролашка Российн йуккъера асанан областашкахула гулйинчу эстрадин «Кехатан кема» цӀе йолчу программица[16]. Хин волу майра Орбакас Миколас воцуш, бригадехь вара тӀаьхьа Пугачёвн администратор хилла волу Олег Непомнящий, Киркоровн хьалхара директор, актёр Юрий Чернов, шен цхьа лоьмар Гиннессан рекордийн жайнин тӀейаьккхина иллюзионист Сос Петросян, Анатолий Марчевский, иза тӀаьхьа Екатеринбурган циркан коьрте хӀоьттира.

1969 шеран 8 октябрехь мааре йахара Орбакас Миколасега. Цуьнгахь йолуш цуо лелийра Орбакене фамили, хӀетте а концерташкахь лелайора шен ден фамили Пугачёва.

1969 шеран октябрехь дӀайелира ЦЭГПД, Липецкан филармоне солистка хӀоьттира ВГӀА «Керла электрон», цуьнан урхаллехь вара Приказчиков Валерий. Липецкехь а, Липецкан областехь а концерташ гайтарал сов, ансамблан йукъахь дукха гастролаш йора Йисттера Къилбаседен Архангельскан областан, республика Коми, Карелин кегийрачу гӀаланашкахула, посёлкашкахула, эвланашкахула [17].

1970 шеран августехь Липецкан филармонера а, ВГӀА «Керла электрон» балхара дӀайелира. Иза хӀоьттира Росконцерте Москохан областан филармонин солистка, оцу хенахь цигахь балхахь вара цуьнан майра Орбакас Миколас. Филармонин цӀарах майрачуьнца гулйинчу концерташкахула лийлира Сибрехахула а, Генара Малхбалехула а, ткъа керлачу шеран Ӏиданашкахь цуо ахча доккхура Москохгуонара берийн бошмашкахь, утренникашкахь. Доьзалхочух йолу 7 бутт кхаччалц болх бира, филармонера дӀа ца йелира 1971 шеран мартехь бен, декрете йахара[18].

1971 шеран 25 майхь Пугачёван а, Орбакасан а йоӀ хилира Орбакайте Кристина Эдмундовна[19].

ЙоӀ йинчул тӀаьхьа йишлакхархо цхьаьна хенахь йехира майрачун даймахкахь Литван гӀалахь Палангехь. Декретан отпускехь дукха ца Ӏийра, йоӀ йина йалх бутт ма-баьлла, 1971 шеран ноябрехь хилира урхаллехь Пузырёв Геннадий волу ВГӀА «Москохахойн» солистка[20][21]. Амма «Москохахошца» болх шина баттахь бен ца бира, 1972 шеран январехь, ансамблера дӀа а йаьлла, хилира, урхаллехь Лундстрем Олег волу, Пачхьалкхан эстрадин-джазан оркестран солистка (Росконцерт). Оркестран йукъахь гастролаш йира ССРС дукха гӀаланашкахула, ткъа 1972 шеран сентябрехь хилира цуьнан дуьххьарлера дозанал арахьара гастролаш: цуо дакъа лецира джазан «Jazz Jamboree[pl]» фестивалехь Варшавехь, ткъа кхин а Польшин гӀаланашкахула концерташкахь[22]. 1972 шеран октябрехь Ленинградера гастролашкахь вевзира поэт-эшархо Резник Илья, цуо кховдийра эшар «Посидим, поокаем»[23].

1973 шеран майхь йишлакхочо йитира Лундстреман оркестр, йуха а хилира Москохан областан филармонин солистка, цигахь хӀинца а болх беш вара цуьнан майра Орбакас Миколас[24]. Филармонин солистка йолуш болх бира берийн эшарийн жанрехь, кхин тӀе берийн «Шиъ шозза — диъ» аудиоспектаклан эшарш йазйира[25].

1973 шеран ноябрехь Орбакас Миколасца къаьстира, дӀайелира Росконцертера а, Москохан областан филармонера. Из адӀахӀоьттира Москонцерте, хилира, урхаллехь Кретюк Виталий волу, ВГӀА «Москохахойн» керла хӀоттаман солистка[24]. Ансамблан йукъахь концерташ йелира Москохахь а, ССРС кхечу гӀаланашкахь а. 1974 шеран 14 майхь москохан цӀерпоштнекъахойн оьздангаллин цӀа чохь хилира ансамблан концертан «Хьо, со, эшар» программин премьера, цуьнан режиссёр-хӀотторхо вара Брод Наум, ткъа солисташ — Пугачёва Алла а, Слободкин Юлий а. Цара дукхах дерг дуэтаца локхура, Аллин масех солон лоьмарш йолушехь[26][20][27].

1974 шеран октябрехь дакъа лецира V Йерригсоюзан эстрадин артистийн къовсамехь эшаршца «Посидим, поокаем» а, «Ермолова ЦӀенчу Ӏаьмнашкара». Цуьнан жамӀашца совгӀатам меттиг ца белира цунна, амма жюрин декъахоша Кобзон Иосифа, Великанова Геленас, Орбелян Константина гӀолецира, къона солистка йуьстаха ца йитийта. ЖамӀехь уьш тӀетовӀар бахьнехь реза хилира цунна кхоалгӀа совгӀат дала, иза цуо бийкъира Айрумян Шайгенца, Лехтлаан Борисца, Мороз Сергейца, иштта хилира къовсаман лауреат. Хьалхара совгӀат делира Чемоданов Валерийс а, Ибрагимов Ренат[28][29].

1975—1976: ВГӀА «Весёлые ребята» (Самукъане бераш) а, «Арлекино» а

Пугачёва Алла ВГӀА «Весёлые ребята йукъахь». Ярославлан областан филармонехь концерт гайтар. 1975 шеран ноябрь

V Йерригсоюзан эстрадин артистийн къовсамехь дакъа лаьцначул тӀаьхьа йишлакхархочуьнга, ВГӀА «Весёлые ребята» Слободкин Павелас кхайкхира шен ансамбле. 1974 шеран ноябрехь из адӀайелира «Москвичашна» йукъара, хилира «Весёлые ребята» ансамблан солистк. Цуо интонации дика ярна, йуьхьанца Слободкина из ахӀоттайора кулисашна тӀехьа бэк-вокале. Амма дукха хан йалале цунна йелира ши эшар хьалхарчу декъехь, цул тӀаьхьа шишша эшар шинне а декъехь локхура (хьалхарниг чекхдолуш а, шолгӀаниг долалуш а).

1975 шо долалуш иза хаьржира Болгарера XI дуьненайукъара эшаран «Дешин Орфей» къовсаме ССРС векал. Оьздангаллин министраллин Пугачёва Аллин кандидатура кховдийра Орбелян Константина, хӀунда аьлча иза йерригсоюзан къовсаман лауреат йу аьлла. 1975 шеран мартехь дуьйна цуо къовсаман кечам болийра — хаьржира болгарин авторан а, йишлакхархочун а Димитров Эмилан эшар «Арлекино». Слободкин Павела мелоди то а йина керла аранжировка йира, Баркас Бориса йазйира оьрсийн текст, ткъа ша йишлакхархочо тӀетуьйхира гӀарадаьлла делар тӀехьара локхург чекх массаза дели. 1975 шеран майхь иза йиш лекха йолайелира концерташкахь, шарйалийтархьама.

1975 шеран 2 июнехь иза йахара «Дешин Орфее». 4 июнехь дакъалецира керлачу болгарийн эшаран къовсамехь, эшарца «Я вновь хочу увидеть Ленинград» (Суна йуха а ган лаь Ленинград), ткъа 5 июнехь — дуьненайукъара йишлакхархойн къовсамехь в международном эшаршца «Ты снишься мне» (Суна гӀенах го хьо) а, «Арлекино» а. «Арлекино» лакхаро чӀогӀа хазахетийтар нахана, хьажархой дехаршца кхин цкъа а лакха дийзира. Гайтаман жамӀашца жюрис, берриш реза болуш йишлакхархочун делира фестивалан коьрта совгӀат — гран-при Орфейн дешин хӀоллам кепара. 1975 шеран 4 июлехь фестиваль гайтира ССРС Центран телевизионехь, ткъа 1975 шеран 20 июлехь дуьненан чуйелира цуьнан солон релиз — миньон «Арлекино», цигахь иза дуьххьара йовзийтира ша бен йоцу йишлакхархо. Миньон йира гӀарайевллачу эшарех «Арлекино», «Посидим, поокаем», «Ты снишься мне». Экъан йукъара тираж хилира 14 миллион экземпляр. Оцу хенахь дуьйна иза сиха гӀарайелира Советийн Союзехь, ткъа «Арлекино» йиш цуьнан зиератан карточка хилира.

Пугачёва Алла Берлинехь дакъа лоцуш йу ГДР Республикин ГӀала дӀаелларан лерина концертехь. 1976 шеран 28 апрелехь

«Дешин Орфейн» аьттонан тулгӀенехь 1976 шеран дохаллехь цуьнга кхойкхура сий долу дуьненайукъара фестивалашка. 1976 шеран январехь дакъалецира дуьненайукъара музыкин MIDEM ярмаркехь Каннашкахь (Франци), цигахь цунна аккомпанировка йира ВГӀА «Песняры» (Эшархой). 1976 шеран апрелехь «Весёлые ребята» ансамбльца йахара ГДР беттан промотуре, цигахь дакъалецира дуккха а гуламан концерташкахь а, немцойн телевизионан а, радион а гӀарайевллачу передачашкахь, дӀайазйира сингл «Harlekino». Цул тӀаьхьа, 1976 шеран майхь—июнехь ансамбльца гастролаш йира Чехословакин а, Болгарин а гӀаланашкахула, цигахь йиш лекхира «Дешин Орфей» фестивалан сийдолчу хьешо санна. 1976 шеран августехь дакъалецира Польшера XVI дуьненайукъара эшаран «Сопот-76» фестивалехь, седарчийн концертехь. 1976 шеран сентябрехь ансамбльца гастролашка йахара ГДР гӀаланашка, дакъалецира дуьненайукъара шлягер-фестивалехь Дрезденехь. Дозанал арахьара гастролашкахь Пугачёваца ансамбль йолушехь, берриг публикин тидам тӀебирзинера Аллин, ткъа ша ансамбль хетара «Пугачёван тӀеоьллина хӀума» санна. Оцу хенахь, 1976 шо долалуш йишлакхархочун репертуар хаъал йуьзира керлачу эшаршца. Хан мел йолу «Весёлые ребята» ансамблан концертийн дерриг шолгӀа дакъа дӀалора цунна, царех де-дене мел долу хуьлура йишлакхархочун аккомпанировкин коллектив. Цунна реза бацара дукхаха болу музыканташ а, ансамблан куьйгалхо — Слободкин Павел а. Оцу бахьнехь Пугачёвин а, Слободкинан а дов делира, 1976 шеран 30 сентябрехь цуо йитира ансамбль, Москонцертера балхара дӀайелира.

ВГӀА «Весёлые ребята» йукъара дӀайаханчул тӀаьхьа 1976 шеран октябрехь балха хӀоьттира Росконцерте, хилира Эрмалойчоьнан Орбелян Константинан урхаллера эстрадин-симфонин оркестран солист. Оркестран йукъахь гуламан концерташкахь дакъалецира москохан ПЦКЗ «Росси» чохь, цигахь лекхира 4 эшар. Амма Орбелянан оркестрехь болх дукха ца бира. 1976 шеран ноябрехь вевзира Стефанович Александр, тӀаьхьо — цуьнан хин волу шолгӀа майра. Цуьнан хьехамца 1976 шеран декабрехь йитира Орбелянан оркестр, солон карьера йолорхьама. Иза дӀайелира Росконцертера, йуха а Москонцертан солист хилира.

1976 шарахь иза дуьххьара хилира «Песня года» (Шеран эшар) фестивалан лауреат. ТӀаьхьарчу «Песня-76» концертехь лекхира, оцу хенахь гӀарайаьлла йолу, эшар «Очень хорошо» (ЧӀогӀа дика ду) (муз. А. Мажуковн, деш. Д. Усмановн)[30]. Оццу хенахь, 1976 шарахь дуьххьара дакъалецира керлачу шеран «Голубой огонёк» (Айсина цӀе) телепередачехь, кхин тӀе йишлакхархо хилла ца Ӏаш, программа дӀакхоьхьучун накъост а хилира[31].

Дискографи

Йишлакхархочун дискографехь йу 100 сов солон экъа, CD а, DVD а экъанаш, царна йукъахь: 17 лоьмарийн альбом, 34 сингл а, 25 «компиляци» а, гуламаш а. Россехь а, ССРС хиллачу мехкашкахь а доцуш альбомаш арахийцира Японехь (5, йухаарахецаршца), Корейхь (1), Швецехь (6), Финляндехь (4), Германехь (1), Польшехь (2), Чехословакехь (3), Болгарехь (5).

Йерриг йоьхкина экъанийн мах хадабо 250 миллион экземпляр[12].

Йишлакхархочун солон студийн альбомаш:

Шо[~ 1]МохкЦӀеФорматЛейблАльбоман синглашХьажоргаш
11977  ССРСЗеркало души (Синан куьзга)LPМелодиСтиглара йуккъерниг (1976)[32]
21979  ССРСАрлекино и другие (Арлекино а, кхин а)LPМелодиАрлекино (1975)
Сто часов счастья (Ирсан бӀе сахьт)(1977)
[33]
31979  ССРСПоднимись над суетой! (Сихаллин тӀехула вала!)LPМелодиВот так случилось, мама (Иштта нисделира, нана) (1980)[34]
41980  ССРСТо ли ещё будет… (Иза хилла Ӏийрий теша…)LPМелодиЙишлокху зуда (1978)
Минков Маркан эшарш (1980)
[35]
51982  ССРСКак тревожен этот путь (Ма синхьийзаме бу и некъ)LPМелодиМаэстро (1981)
Дежурный ангел (Ларден малик) (1981)
Я больше не ревную (Аса кхин эмгаралла ца до) (1982)
[36]
61985  ССРС
 Болгари
Ах, как хочется жить (ЭхӀ, ма чӀогӀа лаьа ваха)LPМелоди, БалкантонМиллион роз (Миллион ровзан) (1982)
Цигонийн хор (1983)
Кинофильмера «Безам безамах» сонет (1984)
Расскажите, птицы (Дийцийша, олхазарш) (1985)
[37]
71985  ШвециWatch OutLPWorld Record MusicLousy party (1984)
Capitan, capitan (1984)
Superman (1985)
[38]
81986  ССРС…Счастья в личной жизни! (…Шен дахарехь ирс хуьлийла)LPМелодиБурам лелориг (1986)
Ши седа (1986)
[39]
91987  ССРСЯн а еина бохуLPМелодиЙист (1987)[40]
101990  ССРСАллаCD, LPМелоди,
Sintez records
[41]
111991  ССРСРождествохь цхьаьнакхетарш ILPОьрсийн экъа[42]
121992  РоссиРождествохь цхьаьнакхетарш IILPОьрсийн экъа[43]
131995  РоссиНе делайте мне больно, господа (ГӀо мА-дайша сунна, элий)CDСоюз[44]
141998  РоссиХӀаъ!CDExtraphoneПримадонна (1997)[45]
152001  РоссиЭркан трамвайCDАрт-студи «Алла»КӀайн ло (2000)
Мадам Брошкина(2000)
[46]
162003  РоссиПаргӀат баха, мохк!CDАрт-студи «Алла», Монолит Рекордс[47]
172008  РоссиПриглашение на закат (Малх чубузаре кхайкхар)CDРКФ «Долги наши»[48]

Фильмографи

Гайтина еккъа ловзоран кинош. Ах дерстина йазйина билгала йаьхна, Пугачёвас коьрта ролаш ловзийна фильмаш.

Кеп:ТФильме
ШоЦӀеРоль

хьажорг корта

1976корАьтто боцучеран ансамблькамео
1978фЙиш лоькху зудаАнна Стрельцова
1979фЧопайишлакхархо фестивалехь
1980фРецитал[49]Алёна Вольнова
1983фбезамах безамйишлакхархо
1985фЯн а еина бохуПугачёва Алла
1985фӀаламатийн шеран заматаксист
1992тфДжулиякамео
1997тфШира эшарш коьртачух 2кертахь йаьхна хилларг
1998тфШира эшарш коьртачух 3Рязанов Эльдаран хазйелла къона йишлакхархо
2001тфШира эшарш коьртачух. ПостскриптумИмя персонажа не указано
2004тфШина пхьагалан тӀаьхьаваьлчаКоровяк Тоня
2007тфГома куьзганий паччахьаллаПримадонна
2010фЩелкунчик а, Мукадехкийн Паччахь (Nutcracker in 3D, The)Мукадехкийн Паччахь-аьзни, Фрау Эва (аз дина)

ТВ программашкахь дакъалацар

Йишлакхархочо дакъалаьцна дукха телевизионан передачашкахь российн а, дозанал арахьара а телевизионехь. Царна йукъахь: «Беркате Ӏуьйренца!», «ГӀатториг», «Айсина цӀе», «Шеран эшар», «ДоттагӀийн аьзнаш», «Олимпиадин ритмаш», «Керла шеран Аттракцион», «ХӀун? Мичхьа? Маца?», «Кинопанорама», «Ӏуьйренан пошт», «Якобан лами», «Телевизионехь довзар», «Музыкин ринг», «Хьажар», «50х50», «Бомонд», «Тема», «Сиха хан», «Ӏаламатан аре», «МузОбоз», «Шотанан суьйре», «16 кхачанза а, кхин бакхий а…», «Деларан панорама», «Седарчийн фабрика», «Шаломан мур», «Дийцийтахь», «Ши седа», «Фактор А», « Республикин рицкъ», «Познер», кхин а.

Массийн оьздангаллехь

Кинош чохь

  • 1985 — «Ну, погоди!», 15-гӀа арахецар (мультфильм) — Пхьагало, Берзах едда, Цхьогалан духар духий (оба а, парик а), «Шалам» эшаран пароди локху; сценин тӀехьара реза доцуш хьоьжу Цхьогал — Пугачёва Аллин комплиментан шарж.
  • 1986 — «Ӏаьнан суьйре Гагрехь» — девне эстрадин седан Мельникова Иринин роль ловзайо Гундарева Натальяс. Фильман сценарихочун Бородянский Александран дагалецамашца, цуо хууш йиллина и роль Пугачёва Аллин тӀиера: 1980 шарахь цуо дов даьккхира кино йоккхучу майданахь «Рецитал» фильм (арайелира «Са» цӀе йолуш) йоккхуш, иза коьрта роль ловзош йара. ТӀаьххьара, кино йоккху тоба, шеш цуьнца болх бийр бац аьлла дуьхьалайелира; иза дӀа а йаьккхина, цуьнан меттана коьрта роль ловзийра Ротару Софияс.
  • 1988 — «Бехказаллин презумпци» — Болотникова Зоян роль ловзайо Полищук Любовас
  • 1998 — «Примадонна Мэри» — Смирнова Татьянин роль ловзайо Розанова Иринас
  • 2005 — «Седа ца хилча ца йолург» — Годунова Анна Борисовнин роль ловзайо Дребнёва Людмилас
  • 2014 — «Кураж» — Галлин роль ловзайо Волкова Александрас

Пугачеван лерина эшарш

  • Крылов Сергей — «Маршалла хуьлда, Алла Борисовна!» (1989)
  • Николаев Игорь — «Халкъан артистка» (1989)
  • Игорь Тальков — «Звезда» YouTube чохь (1990, цхьа эшар бен ца хила мега, Пугачёва емал йеш)
  • Пресняков-воккханиг Владимир — «Ах, Алла» (1993)
  • Александр Барыкин — «Сийна бӀаьргаш» (1993)
  • Филипп Киркоров — «Примадонна» (1993), Пхьагал сан, «Алла» (2009)
  • Телевизор — «Алла Борисна» (2001)
  • Лика Стар — «АБ» (2002)
  • Зверев Сергей — «Алла» YouTube чохь (2005)
  • Тоба «Йиш локху турси» — «Алла санна» YouTube чохь (2010)
  • Тоба «Богу кортош» — «Хьада, хьада, Пугачёва» (2010)

Беламаш

  • «ОСП-студин» телепередачехь Пугачёва Алла беламе йаьккхира Лазарева Татьянас[50].
  • Шозза беламе йаьккхира телепередачашкахь «Евровизион вайн санна»[51] и «День знаний по-нашему»[52].
  • «Гома куьзга» телепередачехь гайтира «Пугачёва Аллин Седарчийн фабрика -5» белам. Йишлакхархо беламе йаьккхира Степаненко Еленас, Киркоров ФилиппаПетросян Евгений. «Фабрике» вогӀу Максим цӀе йолу стаг, иза чӀогӀа хазло «седан» (Галкин Максиман аллюзи)[53].
  • «Седарчий шан тӀехь» телешоухь йишлакхархочун белам бо Галустян Михаил[54].
  • Пхоьазза беламе йаьккхира «Йоккха башхалла» телепередачехь «Шен мур» шоун декъашхо санна, «Айсберг», «Кафешка», «Метель» эшарш лакхархо санна, «Галкин Максим хила хьанна лаьа?» программин хьаша санна, Одессера фестивалехь «Йоккха башхалла». Беламаш ловзийра труппан артисташа Матюшенко Еленас, Сластёнкова Марияс, кхайкхина валийна актёра Золотов Алексейс.
  • Эстрадехь йишлакхархон беламаш бира Базаркина Галинас[55], Воробей Еленас[56], Галкин Максима[57], Песков Александра[58], кхечара а.

Билгалдахарш

Комментареш

Хьосташ

Литература

  • Резник И. Монологи певицы. — Казань: «Татарстан», 1981. — 86 с.
  • Алла Пугачёва: Сборник нот / сост. Е. Б. Болдин. — М.: Всесоюзное творческо-производственное объединение «Киноцентр», 1990. — 96 с.
  • Василинина И. Алла Пугачёва. — М.: «Советский композитор», 1991. — 62 с.
  • Савченко Б. Дорогая Алла Борисовна…. — М.: «Знание», 1992. — 62 с. — (Серия «Мир искусств»; № 1′1992). — 36 818 экз.
  • Алла Пугачёва глазами друзей и недругов. — М.: «Центрполиграф», 1997. — Т. 1. — 424 с. — ISBN 5-218-00522-3.
  • Алла Пугачёва глазами друзей и недругов. — М.: «Центрполиграф», 1997. — Т. 2. — 378 с. — ISBN 5-218-00523-1.
  • Беляков А. Алка, Аллочка, Алла Борисовна. — М.: «Вагриус», 1997. — 349 с. — ISBN 5-7027-0481-9.
  • Олег Непомнящий. «Однажды наступит завтра». — Центр Сирена, 1999. — 344 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-936-25001-6.
  • Макарова Н. Алла Пугачёва. — М.: «Литература», 1998. — 256 с. — (Жизнь знаменитых людей). — ISBN 985-437-722-9.
  • Резник И. Алла Пугачёва и другие. — М.: «Олма-Пресс», 2001. — 384 с. — ISBN 5-310-00015-1.
  • Piotrowski G.[pl]. Ałła Pugaczowa — fenomen piosenkarstwa rosyjskiego. — Toruń: Wydawnictwo Adam Marszałek[pl], 2002. — 609 s. — ISBN 8-373-22244-8.
  • Раззаков Ф. Алла Пугачёва: По ступеням славы. — М.: «Яуза», «Эксмо», 2003. — 928 с. — ISBN 5-8153-0059-4. Архиван копи 2014 шеран 1 февралехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
  • Скороходов Г. Алла и Рождество. — М.: «Эксмо», 2004. — 320 с. — ISBN 5-699-04678-X.
  • Пугачёва А. Лучшие песни. Тексты и аккорды. — М.: «Харвест», 2004. — 48 с. — ISBN 985-13-2101-X.
  • Скороходов Г. Алла и Рождество. — 2-е изд. — М.: «Эксмо», «Алгоритм», 2005. — 320 с. — (Любимые наших любимых). — ISBN 5-699-09127-0.
  • Резник И. Пугачёва и другие. — М.: «Зебра Е», 2006. — 448 с. — ISBN 5-94663-310-4.
  • Беляков А. Алла Пугачёва. — М.: «Молодая гвардия», 2009. — 368 с. — (Жизнь замечательных людей. Биография продолжается). — ISBN 978-5-235-03230-9.
  • Раззаков Ф. Алла Пугачёва: Рождённая в СССР. — М.: «Эксмо», 2009. — 528 с. — ISBN 978-5-699-33902-0.
  • Раззаков Ф. Алла Пугачёва: В безумном веке. — М.: «Эксмо», 2009. — 576 с. — ISBN 978-5-699-33906-8.
  • Раззаков Ф. Пугачёва против Ротару. Великие соперницы. — М.: «Эксмо», 2009. — 576 с.
  • Пугачёва А. Алла Art. — М.: «Арбор», 2009. — 240 с. — ISBN 978-5-9900759-8-6.
  • Резник И. Пугачёва и другие. — 2-е изд. — М.: «Книга по Требованию», 2010. — 432 с. — ISBN 5-94663-310-4.
  • Скороходов Г. Неизвестная Пугачёва. Рождественские встречи. — М.: «Эксмо», «Алгоритм», 2010. — 312 с. — (Гении и злодеи). — ISBN 978-5-699-41141-2.
  • Скороходов Г. Алла Пугачёва как она есть. — М.: «Эксмо», «Алгоритм», 2011. — 256 с. — ISBN 978-5-699-52863-9.
  • Глеб Скороходов. Алла Пугачёва. Встречи с рождественской феей. — М.: Алгоритм, 2012. — С. 320. — (Женщина, покорившая мир). — 3000 экз. — ISBN 978-5-4438-0154-4.
  • Раззаков Ф. Алла Пугачёва. 50 мужчин Примадонны. — М.: «Эксмо», 2014. — ISBN 9785457613829.
  • Екатерина Мишаненкова. Я — Алла Пугачёва. — М., 2014. — ISBN 978-5-17-085305-2.
  • Екатерина Мишаненкова. Алла Пугачёва. Единственная звезда. — М., 2015. — ISBN 978-5-17-092310-6.

Хьажоргаш