Россельхозбанк

Российн юьртабахаман банк (Россельхозбанк) — российн пачхьалкхан банк. Коьрта офис Москохахь йу. Российн яккхийчу 30 банках цхьаъ (2016 шо)[1].

"Россельхозбанкан" гӀишло Теркан кӀоштарчу ЧӀулга-Юртахь

Истори

Банкан цхьаъ бен йоцу акционер, 2016 шеран январь беттан хьолехь, пачхьалкх йу - Росимущество.

Кхоьллина РФ Президентан декхарш кхочушдеш волчу В. В. Путинан 2000 шеран 15 мартан омар кхочушдархьама. Йиллина Россехь агропромышленностан арахецаран декъера сурсаташ дечарна гӀоьнна[2]. 2000 шеран 24 апрелехь регистраци йина РФ ЦБ (регистрацин лоьмар — 3349), коьрте хӀоьттина Трушин Юрий[3].

2008 шарахь банкан декхаран чоьтех долаелира Бурятера жижигкечден предприяти ОАО «Бурятмяспром».[4] 2008 шарахь «Россельхозбанкан» долаевлира Краснодаран мехкан йеа шекаран заводан активаш «Евросервис» тобан ОАО банкрот хиларна. Банкан кхолла ойла йу банкан куьйга кӀелахь шекаран холдинг «Евросервисан» заводийн бух тӀехь.[5]

2009 шеран апрелехь Россельхозбанкан долаелира Ленинградан областан уггаре йаккхийчех старгӀанаш кхиош йолу — «Агрокомплекс Рассвет» (хьалха долахь йара жижиган холдинган «Парнас-М») а, йалта охьу предприяти ООО «Зерностандарт-Кострома» (хьалха долахь йара Оьрсийн-промышленни финансан компани).[6]

2009 шарахь «Россельхозбанкан» Самарин филиало декхаршна схьаяьхна Самарин областан уггаре йаккхийчех агрохолдинган «Группа Аликор» йерриг активаш.[7] «Россельхозбанка» долаевлла активаш: ОАО «Безенчукский элеватор», ОАО «Подбельский элеватор», ОАО «Похвистневский элеватор», ОАО «Кошкинский элеватор», ОАО «Алексеевский ХПП», ОАО «Жито» (хьер), ОАО «Самарский комбикормовый завод», Красноармейскан кӀоштахь йеш йолу хьакхийкомплекс, кхин а кхоъ шуран-сурсатийн комплекс 1200 коьртан лерина йолу, юьртабахаман латташ ерриг майда 200 эз. га йолуш.[7] 2012 шарахь Самарин агрохолдинган «Группа Аликор» долахочун Неустроев Алексейн аьтту белира куьйга кӀела ерзо хьалха «Россельхозбанкан» дӀаелла тобан активаш.[8]

2009 шеран июнь чекхболуш российн «Ялтан компанис „Настюшас“» дӀаелира Россельхозбанкан декхарна дуьхьала шен долара Краснодаран махкара 4,75 млрд сом мах болу 10 элеватор[9]. 2013 шарахь, элеваторш оьцуш стаг ца карийна, банко барт бира суьдан кхелаца хьалхалерачу дена уьш йухайерзо 1.6 миллиардах, амма аьтту ца белира.[10]

Уьш а, кхин а кредиторашкара декхарна дуьхьал схьаяьхна активаш, Россельхозбанко дӀаелира 2010 шарахь кхоьллина ООО «Торговый дом „Агроторг“» кхолламан.[6]

2010 шарахь «Банкан гӀуллакх» совгӀатан лауреат хилла[11].

2011 шеран июлехь Россельхозбанкан долаелира Самарин хьакхийн «СВ-Поволжское» цӀе йолчу комплексан бахаман 75+1 % акцеш.[12]

Роснефть а, Россельхозбанк а 2014 шеран аьхка Украинера хиламаш бахьнехь АЦШн санкцеш йукъабахара. Иза бахьнехь Россельхозбанкан дуьненайукъара капиталийн базара йолийла ца хилира, цуьнан иза лаха дийзира пачхьалкхан чохь[13].

2015 шеран сентябрехь банк йукъатуьйхира Украинин санкцин испискан. Санкцино сацайо активаш а, Украинин экономикийн а, финансийн а декхараллаш а[14][15].

Роснефто 2015 шеран октябрехь делира Россельхозбанкан субординацин депозит $1,15 млрд 2021 шарахь токхур долуш 4,9 % шарахь риба доккхуш.

ГӀуллакх

2014 шеран 1 январан хьолашца Банкан берриг кредитан тӀоьрмиг хилира 1 трлн 274 млрд сом, оцу йукъахь юридически яххьийн сегментехь — 1 трлн 026 млрд сом, физикин яххьийн — 247 млрд сом. Жима а, йоккха а бизнесан кредиташ хилира 570 млрд сом сов, иза 55 % Банкан корпоративан кредитан тӀоьрмиг бу. Банко 1 меттиг боккху Россехь АПКн кредит луш, 1 меттиг – АПКн жима а, йоккха а кредит луш, 2 меттиг банкан машан барамца.

ОАО «Россельхозбанкан» активаш 2014 шо долалуш хилира 1 трлн 968 млрд сом.[16]

2008 шарахь юьртабахам кхиоран Пачхьалкхан программа йолайелчхьана ОАО «Россельхозбанко» делла кредитийн барам, 01.01.2014 ш. совбелира 2,3 трлн сом. Цуьнца цхьаьна аренан белхийн кредитан базарара Банкан дакъа 2013 шеран жамӀашца хилира 74 %.[17]

01.07.2015 шеран хьолашца РФ махка тӀехь яра 76 Россельхозбанкан регионан филиал[18].

  • Лоруш йолчу дуьненайукъара рейтингийн агенталлаш Moody's а, Fitch а АО «Россельхозбанкан» елира ехачу хенан кредитан рейтингаш Вa1 а, ВВВ- а, хӀораммо. Прогноз шинне а «негативан» ю[19][20].
  • 2014 шарахь йукъахь яра тешамаллин лакхарчу рейтингехь 100 банкан тобанахь Forbes журналан версица[21].
  • 2014 шарахь Россельхозбанк дуьххьара йукъайахара дуьненан яккхийчу банкийн брендашна «The Banker» арахецаран рейтингехь, 7 меттиг баьккхира российн банкашлахь брендан йукъарчу мехаца 283 млн доллар[22].
  • «Социалан жоьпаллин банк 2013»[23], «Экономикин реалан сектор кхиоран балхан»[24] совгӀаташ делла.

Рейтингаш

  • 2014 шарахь билгалйаьккхина Российн банкийн ассоциацин «Жимачу а, йуккъерчу а бизнес кхиорехь белхан» цӀе йолчу леринчу дипломца[25].
  • 1 меттиг баьккхина 100 йоккхачу дуьненан банкашкашна SWIFT декъашхошна йукъахь 2013 шарахь трафик тӀекхетарна.

Кхолламашкахь дакъалацар

АО «Россельхозбанк» декъашхо ю лахарчу российн а, дуьненайукъара а кхолламийн[26]:

  • Российн банкийн ассоциаци (РБА)
  • Российн банкийн ассоциаци (РБА)
  • Коммерцийн боцу кхоллам «Российн регионийн банкийн ассоциаци» ("Росси" ассоциаци)
  • Российн агропромышленностан союз (Росагропромсоюз)
  • Ерригроссийн болхлучеран отраслан агропромышленностан цхьаьнакхетар (Росагропромцхьаьнакхетар)
  • Коммерцин боцу кхоллам «Дуьненайукъара Юьртабахаман Кредитан Конфедераци»
  • Коммерцин доцу накъосталла «Российн-Цийн ГӀуллакхан Совет» (РЦГӀС)
  • Коммерцин йоцу корпорацеш «Америкин-Российн ГӀуллакхан Совет» (USRBC)
  • Канадан ГӀуллакхан Ассоциацеш Россехь а, Евразехь а (CERBA)

Спонсорийн гӀуллакх

АО «Россельхозбанк» ламастаца йу инарлин накъост Российн агропромышленностан гайтаман «Дешийн гуьйре» — Российн Федерацин юьртабахаман министраллас йеш йолчу, мехкан уггаре йоккхачу аграрийн форуман[27].

Иштта банко жигара гӀо лоцу тайп-тайпана дуьненайукъара, федералан, регионалан форумаш дӀахьуш, царна йукъахь йу Петарбухан дуьненайукъара экономикин форум[28][29], российн банкийн Ассоциацин Гулам[30], Сочера Дуьненайукъара Инвестицин Форум[31], Ерригроссийн агропромышленностан гайтам «Агрорусь — Регионаш»[32], Республикин форум «Республика Саха (Якути) АПК кхиар»[33], Юккъераоьрсийн экономикин форум (Курскан область), кхин дӀа а[34].

Дай а, куьйгалхой а

Цхьаъ бен йоцу банкан акционер, 2016 шеран хьолаца, пачхьалкхан Росимущество йу.

Урхаллин председатель

  • Листов, Борис Павлович 2018 шеран июнехь дуьйна.
  • Патрушев, Дмитрий Николаевич 2010—2018 шш.
  • Трушин Юрий Владимирович 2000—2010 шш.

Тергонан советан председатель

  • Дворкович, Аркадий Владимирович 2017 шеран сентябрехь дуьйна
  • Ткачев, Александр Николаевич 2015—2017 шш.
  • Пумпянский, Дмитрий Александрович 2012—2015 шш.
  • Гордеев, Алексей Васильевич 2000—2008 шш.

Хьажа иштта

  • Российн банкан система

Билгалдахарш

Хьажоргаш