Саьнгар

Саьнгар (фр. tranchée, оьрс. траншéя) — дукха хьолахь, трапецикепара хадор долу, оьшшучу йохаллера (иттаннаш метраш тӀиера эзарнаш километрашка кхаччалц, газан-нефтан биргӀа юьллуш) йолу, дӀайиллина латта хьаладаьккхина меттиг.

Нью-Йоркан 1-ра шен лаамца кхоьллина инженерийн полкан сапёраш Моррис-Айлендехь саьнгар йоккхуш, гуш йу фашина, 1863 шо.

Хьалха саьнгар йоккхуш хилла тӀамехь гӀопан тӀекхача[1].

ТӀеман гӀуллакх

Дуьнанан дукха пачхьалкхийн тӀеман гӀуллакхехь, дукха хенахь дуьйна лелош йу саьнгарш.

Саьнгарх, валца, латах дуьзина галешца йа турашца къевлина йолу — сапа[2] олу, цунах даьлла сапёр боху дош, сапа йаьккхинчух олуш хилла иза.

ТӀеман ницкъашкахь саьнгар (окоп) лелайо коьрта Ӏалашо шайн салтий мостагӀчун герзах ларбеш.

Саьнгар, цӀеххьана тӀекхаьтта герз тохаран ойсараллех (эскаршкахь пулемёташ йукъайевлча) ларваларан кеп, шуьйра йаьржира Хьалхара дуьненан тӀом болуш, хӀинца а церан тӀамехь иэшар лагӀ а ца делла.

ССРС ТӀН БАЦӀЭхь саьнгар, аренан хьолашкара дуьхьалон, коьрта тӀеман эскарийн дуьхьалон асан элемент йу:

  • тӀекӀела, даржийна, раххьажийна, фланкирца герз тохар хьалхара йистан дуьхьалон хьалхарчу 400 метран асанехь;
  • манёвр герзаца а, салташца а;
  • гӀоьртина гуонан танкашна дуьхьала а, гӀашлошна дуьхьала а йолу дуьхьало;
  • къайлаха хаам фронтан йохаллехь;
  • ца хедда зӀе а, тӀеман тешаме урхалла а.

Дуьхьалон инженерийн гӀирсашна йукъахь ца хедда саьнгарийн система йу коьртаниг, цуьнца цхьаьна хьалхара йа коьрта саьнгар кечйо дуьхьалонан хьалхарчу йисттехь. Саьнгар йоккху меттиган, герз тохаран, гаран хьолашка хьожжий, хьалхарчу йисттал хьалхара 400 метр йерриг аса фронталан а, разхьажоран а гӀашлойн герзо лоцуш хилийта. Оперативан йа тактикан хьоле хьаьжжина йоху шолгӀа, кхоалгӀа, кхин дӀа а саьнгарш.

Саьнгар йоккхуш лело йеза иштта параметраш:

  • кӀоргалла (1,5 метр + бруствер 0,30 — 0,40 метр) салтий вахвелла дӀахӀоьттина волавала йиш йолуш;
  • шоралла, бухара, 0,70 метр;
  • герзтохаран тӀегӀа йо 1,05 метр кӀоргехь;
  • саьнгаран сенаш, пурхнехьа герзтохарх ларваран Ӏалашо йолуш йо;
  • кхоссархочун, снайперан, автоматхочун, пулемётхочун, кхечарна а майда йо.

Кхин дерг

Саьнгар йоккху леррина техникица (тайп-тайпана экскаваторш, кхин техника), техника ца лелачухула куьйга йоккху. Саьнгар йоккху коммуникацеш (хин а, газан а биргӀа, токан а, зӀен а кабелаш) йохкуш.

Хьажа иштта

  • Хаамийн некъ
  • Саьнгар-майор
  • Саьнгаран сахьт
  • Саьнгаран экскаватор

Билгалдахарш

Литература

  • Траншея // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
  • Минная война // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
  • Сапа // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.

Хьажоргаш