Терешкова, Валентина Владимировна
Терешко́ва Валенти́на Влади́мировна (йина 1937 6 мартехь, Йоккха Масленниково эвла, Тутаевн кӀошт, Ярославлан область) — ССРС лётчик-космонавт, дуьненахь дуьххьарлера зуда-космонавт (1963), Советийн Союзан Турпалхо (1963), авиацин инарла-майор (1995)[3].
Терешкова Валентина Владимировна | |
---|---|
оьрс. Валентина Владимировна Терешкова | |
Йина терахь | 1937 шеран 6 март (87 шо) |
Йина меттиг | Йоккха Масленниково, Тутаевн кӀошт, Ярославлан область, РСФСР, ССРС |
Йича тиллина цӀе | оьрс. Валентина Владимировна Терешкова маж. Valentyina Vlagyimirovna Tyereskova |
Майра | Андриян Григорьевич Николаев[d], Юлий Георгиевич Шапошников[d] |
Парти | ССКП (1960—1991) Тхан цӀа — Росси (1995) Российн дахаран парти (2003) Йукъара Росси (с 2008) |
Дешар | |
Ӏилманан цӀе | профессор[d] |
ГӀуллакхалла | политик[d], космонавтика[d][2] |
Автограф | |
СовгӀаташ | |
ЦӀе | инарла-майор[d] |
Болхбаран меттиг | |
Медиафайлаш Викилармехь |
ССРС Лакхара Советан VII—XI кхайкхаман депутат, ССРС Лакхара Советан Президиуман декъашхо. Советийн зударийн комитетан корта.
Российн политик, Российн Федерацин Пачхьалкхан думан депутат, «Йукъара Росси» партин Лакхара советан декъашхо[4].
Бералла а, къуоналла а
Терешкова Валентина йина Ярославлан областера Тутаев гӀалан гергара Йоккха Масленниково эвлахь, Белоруссера схьабовлар долчу, ахархойн доьзалехь. Да — Терешков Владимир Аксёнович (1912—1940), схьаваьлла Могилёвн областера Белыничски кӀоштан Выйлово эвлара, тракторист болх беш вара. 1939 шарахь ЦӀен эскаре кхайкхина, тӀепаз вайна советийн-финийн тӀамехь. Нана — Терешкова (йинчу хенахь Круглова) Елена Фёдоровна (1913—1987), схьайаьлла Витебскан областера Дубровенски кӀоштан Еремеевщина эвлара, текстилан фабрикан белхало. Доьзалехь кхин а йара йоккхаха йолу йиша Людмила а, жимаха волу ваша Владимир[5] а.
1945 шарахь йахара Ярославль гӀаларчу йуккъерачу № 32 йолчу ишколе (хӀинца ишколо цуьнан цӀе лелайо)[6]. Мукъачу хенахь домра олу пондар лакха Ӏемаш йара. ВорхӀ класс чекхйаьккхира 1953 шарахь.
Доьзалан гӀодархьама, 1954 шарахь Валентина балха йахара Ярославлан чкъургийн заводе вовшахтосу-вулканизацин цехе кечаман операцин хӀазаршдийриг дарже, урхалла деш йара пурх-хадоран чархан. Оцу хеннахь 1954—1955 шерашкахь дийшира Ярославль гӀалан белхалойн кегийрхойн суьйренан № 10 йолу ишколан 8—9 классашкахь.
1955 шеран апрелехь дуьйна болх бира Ярославлан техникин кӀадийн «Красни Перекоп» комбинатан асаровницан цехехь ровничница даржехь (комбинатехь къахоьгуш йара цуьнан нана а, йоккхаха йолу йиша а[5]). 1955 - 1960 шерашкахь балхана йукъара а ца йолуш дийшира Ярославлан йайн промышленностан тӀаьхьашхан техникумехь бамбахьовзаран техник-технолог говзаллийна. 1957 шарахь комсомоле йелира. 1960 шеран 11 августера 1962 шеран март кхаччалц — «Красни Перекоп» комбинатан ЕЛККС комитетан мукъайаьккхина секретарь. Комбинатан оьздангаллин цӀен халкъан гӀирсийн оркестрехь домра локхуш йара.
1959 шарахь Ярославлан аэроклубехь Ӏамийра четарийн спорт (90 чукхоссайелира кеман тӀийра).
2011 елда ул Ярославль региональ исемлегендә Берләшкән Россия партиясеннән Россия Дәүләт Думасына сайланды. Терешкова, Елена Мизулина, Ирина Яровая һәм Андрей Скоч [7][8][9] белән берлектә, христиан кыйммәтләрен яклау буенча фракцияләрара депутат төркеме әгъзасы; Бу потенциалда ул Россия Конституциясенә үзгәрешләр кертүне хуплады, аның нигезендә "Православие - Россиянең милли һәм мәдәни үзенчәлеге нигезе". Федераль структура һәм җирле үзидарә буенча Дәүләт Дума Комитеты Рәисе урынбасары 2011 елның 21 декабреннән.
Космонавтийн тобанехь
Советийн космонавтийн хьалхара аьттонца дина хьалахецаршла тӀаьхьа Королёв Сергейн дагадеира космосе хьалахеца зуда-космонавт[10]. 1962 шо долалуш лаха буьйлабелира иштта хьуьнарш долуш зуда: парашютистка, хан 30 шо кхачанза, локхалла 170 см ца кхочуш, йозалла 70 кг ца кхочуш. БӀенех хаьржира пхи кандидатура: Ёркина Жанна, Кузнецова Татьяна, Пономарёва Валентина, Соловьёва Ирина, Терешкова Валентина.
Космонавтин тобане дӀоьцушехь Терешкова кхечу йоьӀаршца кхайкхира хан тоьхначу тӀеман гӀуллакхе салтичун дарже.
Кечам
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Валентина Терешкова занимается на вестибулярном тренажёре («дьявольском колесе») |
СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а
Квалификаци
Спортин кхиамаш
ТӀеман цӀераш
Российн а, ССРС а совгӀаташ
Кхечу мехкийн совгӀаташ
Ӏилманан а, йукъараллин а, динан а кхолламийн совгӀаташ
ГӀаланийн сийлахь гражданин
Хьаккъаш къобалдар
Терешкован цӀераш техкина:
- Беттан тӀийра кратер[11];
- жима планета 1671 Chaika (цуьнан кхайкхаман цӀарца — «Чайка»);
- Терешкован оазис - Антарктидера Паччахьан кӀентан Улафан берд тӀехь (координаташ: 67°57′ къ. ш. 44°30′ м. д.HGЯO), билгалбина САЭ картин тӀехь 1962 шарахь, цӀе тиллина 1965 шарахь йа хьалха[12];
- тайп-тайпанчу гӀаланийн урамашна, царна йукъахь: Александров, Балахна, Балашиха, Витебск, Владивосток, Гродно, Данков, Дзержинск, Донецк, Иркутск, Ишимбай, Кемерово, Клин, Королёв, Кострома, Красноярск, Ленкорань, Липецк, Минвод, Мытищи, Нижни Новгород, Новосибирск, Новочебоксарск, Новочеркасск, Оренбург, Пенза, Петропавловск-Камчатски, Рубцовск, Соьлжа-ГӀала, Улан-Удэ, Ульяновск, Ярославль, Гуьмсен проспект, Тверехь майда, Евпаторехь хин йист;
Поштан маркаш
Тайп-тайпанчу мехкашкахь арахецна Терешкован лерина поштан марканаш:
Хьажа кхин а
- Савицкая, Светлана Евгеньевна
- Кондакова, Елена Владимировна
- Серова, Елена Олеговна
Билгалдахарш
Литература
- Николаева-Терешкова В. В. Вселенная — открытый океан! — М.: Правда, 1964. — 200 с., 140 000 экз.
- Герои звёздных трасс: Сборник / Составитель Д. Мамлеев.. — Изд. 2-е, доп. — М.: Известия, 1963. — 192, [34] с. — (Библиотека «Известий». Специальный выпуск). — 300 000 экз.
- И. А. Маринин, С. Х. Шамсутдинов, А. В. Глушко (составители). Советские и российские космонавты. 1960—2000 / Под редакцией Ю. М. Батурина. — М.: ООО Информационно-издательский дом «Новости космонавтики», 2001. — ISBN 5-93345-003-0.
- Кто есть кто в мире / гл. ред. Г. П. Шалаева. — Филологическое общество «Слово», «Олма-Пресс». — М., 2003. — 1680 с. — ISBN 5812300887.
- Валентина Владимировна Терешкова: путь к звёздам. — РМП, 2012. — 254 с. — ISBN 9785915970297.
- Осташев А. И. Испытание ракетно-космической техники — дело моей жизни. События и факты. — Королёв, 2001. — 213 с.
- Осташев, А. И. Сергей Павлович Королёв — гений XX века: прижизненные личные воспоминания об академике С. П. Королёве. — Королёв: Изд-во Московского гос. ун-та леса, 2010. — 128 с. — ISBN 978-5-8135-0510-2.
- С. П. Королёв. Энциклопедия жизни и творчества / под редакцией В. А. Лопота. — РКК «Энергия» им. С. П. Королёва, 2014. — 704 с. — ISBN 978-5-906674-04-3.
Хьажоргаш
- Терешкова, Валентина Владимировна . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- Биография в энциклопедии «Космонавтика».
- Биография на peoples.ru
- Валентина Терешкова. ХӀуний а тӀехьенна а дитта
- Валентина Терешкова, президент РАМС Архивйина 2008-02-06 — Wayback Machine
- Терешкова: по просьбе Королёва я не один десяток лет хранила эту тайну
- Королёв обещал, что мы все полетим в космос
- Валентина Терешкова. Улица Восьмого марта. Воспоминания Валентины Терешковой о военном детстве.
- Профиль Валентины Терешковой на сайте Государственной думы
- Почётные граждане города Байконур // Официальный сайт администрации г. Байконур
- Фотографии с Валентиной Терешковой на портале «История России в фотографиях»
- Испытатель космической техники развеяла мифы о полёте Терешковой // РИА, 15 июня 2018