Шара-Орга (эрк)

Шара-Орга[2]) — Нохчийчуьра эрк. Орган аьтту га.

Шара-Орга
оьрс. Шароаргун
Сурт
Амал
Дохалла86 км
Бассейн1150 км²
ДӀаэхар
Хьост (B) 
 • Локхалла3280 м
 • Координаташ42°34′04″ къ. ш. 45°29′25″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B)Орга
 • Эрк чекхдолу меттиг45 км аьтту бердаца, Дуби-Эвлан къилбехахь
 • Локхалла340 м
 • Координаташ43°01′25″ къ. ш. 45°42′57″ м. д.HGЯO
Хин охьане35,3 м/км
Эрк долу меттиг
Хин системаОрга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионНохчийчоь
КӀошташШаройн кӀошт, Шуьйтан кӀошт
Код  ПХР чохь07020001212108200005993[1]
Шара-Орга (эрк) (Нохчийчоь)
— хьост, — хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Схьадолу Бацойн дукън къилбаседа басера, Донойн-лам, ЧӀиешойн лам[3], Кочие баххьаш тӀиера лайнашкара а, шешкара а. Хьостан локхалла — 3050 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь.

Дохалла — 86 км[2]. Майда — 1150 км²[2]. Кхета Органах Дуби-Эвлахь. Шара-Орга дикка шуьйра а, сиха а ломан эрк ду, шораллехь цхьаццанхьа 40 метр сов а хуьлу.

Лахенашкахь Шара-Орга а, Орга а доькъу Дарген дукъо, цуьнан басеш хьаннех юьзина ю, ткъа дукъ ломан цанех. Оцу дукъ тӀехула XIX бӀешарахь оьрсийн эскарш тӀеоьхура Шуьйтан агӀора а, кхечу Нохчийчоьн ломан меттигашка, иза къаръян гӀерташ, иштта цара дуьтура лахахь готта хьун яьлла Орган Ӏин.

Геннаш

Шара-Орган лакхенашкара охьанехьа геннаш: Хашалдой-Аьхк (аьтту), ЦӀесин эрк (аьрру), Кенхи-эхк (аьтту), ЧӀунойн Аьхк (аьрру), Киелойн эхка (аьтту), ДӀай ахк (аьтту), Инз арара хи (аьрру), Сунхай ахк (аьрру), Сурхохи (аьтту), Нижлойн-Ахк (аьтту), Ваштар (аьтту).

Шара-Орган тӀай

Билгалдахарш

Литература

  • Шаро-Аргун // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш