Экономикин лакхара ишкол

Къоман талламан университетан «Экономикин лакхара ишкол» (ӀТУ ЭЛИ; Вы́шка) — автономин кхоллам, федералан пачхьалкхан лакхара дешаран меттиг. ЭЛИ йиллина 1992 шарахь, хӀинцалера статус лелайо 2009 шарахь дуьйна. Коьрта кампус лаьтта Москохахь, кхин кхоъ — Петарбухехь, Нижни Новгородехь, Пермехь[4].

Къоман талламан университет
«Экономикин лакхара ишкол»
(ӀТУ ЭЛИ)
сурт
ДацдарӀТУ ЭЛИ
Халкъашна йуккъера цӀеHigher School of Economics — National Research University
Девизлат. Non scholae sed vitae discimus
оьрс. Ишколан ца доьшу, дахарна доьшу оха
Кхоьллина шо1992 шо
Тайпапачхьалкхан
РекторКузьминов Ярослав
ПрезидентШохин Александр
Ӏилманан куьйгалхоЯсин Евгений
Студенташ40 300 (2018 шарахь)[1]
Арахьара студенташ2760 (аспиранташца)[2]
Аспирантура700[3]
Хьехархой5600 (2018 шарахь)[1]
Лаьтта меттиг Росси,
 Москох
Юридически адресМясницки урам, 20
Сайтhttp://www.hse.ru/
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ЭЛИ Россехь дуьххьара дехьаелира бакалавриатан а, магистратурин системе, лдм эксперташ ЮПЭ кечйарна а, йукъайаккхарна а жоьпаллехь бара. 2013 шарахь лдм дакъалоцу 5—100 проектехь. ЭЛИ векалш Российн Правительствера Экспертан кхеташонан, Йукъараллин палатин, тайп-тайпана кхеташонашна а, комиссешна йукъабоьлху. Лдм белхалоша дакъалецира мохк кхиоран стратеги кхуллуш, дешаран а, могашаллаӀалашъяран модернизаци еш, пачхьалкхан гӀуллакхан хийцам беш, «Электронан Росси» программин а, кхин дуккха а проекташ тӀехь болх бира[5].

2018 шарахь ЭЛИ Российн лдмех уггаре йоккха а, уггаре гӀарайаьлла а москохан лдмех кхаанна йукъахь йу[6]. Лдм студентийн а, аспирантийн а йукъара барам — 40 эзар сов стаг, 6 эзар гергга стаг хьехархой а, Ӏилманан белхалой а. 2018 шеран йукъара бюджете дӀахӀоттаран ЮПЭ балл хилира 94,6[7], лдм хьалха йу олимпиадин жамӀашца бюджетан меттиге дӀаэцна студентийн барамца — эзар сов стаг[8][3][9].

Куьйгалла

Университетан ректор Кузьминов Ярослав, 2010 шо

ЭЛИ кхоьллинера Российн Правительствон сацамца. ЭЛИн куьйгалла до Кузьминов Ярослав — лдм кхуллуш дакъалаьцна, хийцаваланза ректор[10]. Урхаллин меженаш йу тайп-тайпана кхеташонаш: Ӏилманан, тергонан, Ӏуналлин, дуьненайукъара экспертан. Тергонан кхеташо коьртехь ву Кириенко Сергей[11], цул хьалха оцу даржехь хилла Володин Вячеслав[12]. Ӏуналлин кхеташо Греф Германца коьртехь волуш жоьпаллехь йу финансаш дахаран, цунна йукъахь бу Вексельберг Виктор, Волож Аркадий, Задорнов Михаил, Михельсон Леонид, Мошкович Вадим, Прохоров Михаил[10][13].

Вышка кхуллуш декъахо ву, экономикин министр хилла Ясин Евгений, цуо дӀалаьцна университетан Ӏилманан куьйгалхочун дарж, лдм векал ву кхечу Ӏилманан кхолламашкахь[13][14]. Лдм президент — вице-премьер хилла Шохин Александр, цуьнан декхар ду пачхьалкхан структурашкахь Вышкин векал хила[13]. 2016 шарахь дуьйна вице-президентан даржехь ву Агамирзян Игорь, цул хьалха даржехь вара РВК директорийн кхеташонехь[15]. Вышкин хьалхара проректорийн даржашкахь хӀинца бу экономисташ Радаев Вадим[16], Александр Шамрин[17], Леонид Гохберг[18] и Лев Якобсон[19].

Структура

2014 шеран сентябрехь ЭЛИхь факультеташкахь хийцамаш бира 5— 100 проектехь гайтина, лдм кхиоран «дорожни картица»[20]. 2018 шарахь йара 28 факультет а, 158 кафедра а, хийцам бира 14 факультетехь а, 50 департаментехь а, ишколашкахь а. Йаккхий йина а, алсама автономин а факультеташна йукъа йахара Ӏилманан институташ а, лаборатореш а[21].

  • Экономикин Ӏилманийн факультет
  • Социалан Ӏилманийн факультет
  • Бизнесан лакхара ишкол
  • Экономикин Ӏилманийн факультет
  • Социалан Ӏилманийн факультет
  • Бизнесан лакхара ишкол
  • Дуьненайукъара экономикин а, финансийн а институт
  • Дуьненан экономикин а, дуьненан политикин а факультет
  • Географин а, геохаамийн технологийн факультет
  • Гуманитарин Ӏилманийн факультет
  • ЭЛИ математикин факультет
  • Компьютеран Ӏилманийн факультет
  • Москохан электроникин, математикин Тихоновн цӀарах институт
  • Бакъонан факультет
  • Коммуникацийн, медиан, дизайнан факультет
  • Физикин факультет
  • ГӀалийн а, регионийн а кхиаран факультет
  • Химин факультет
  • Биологин а, биотехнологин факультет
  • Лдмел хьалхара кечаман факультет
  • Кхечамехкийн меттанийн ишкол
  • Юриспруденцин а, администрированин а лакхара ишкол
  • ӀТУ ЭЛИ лицей

Персоналеш

Хьехархой

Йуьхьанца ЭЛИ кхойкхура дозанал арахьара профессораш, гранташца[22]. 2016 шарахь дозанал арахьара говзанчийн PhD тӀегӀанан дакъа дара хьехархойх 11 %[23]. Экономика кхиоран министраллица йолчу уьйранашца, лдм кхойкхура экономикин министрашка а, политикашка а курсаш яла а, лекцеш еша а. 1990-гӀа шерашкахь лекторийн йуккъера хенан барам 33 шо дара, 2011 шарахь — 43. Дукхаха болу къона говзанчаш богӀура РӀА а, МПУ а. ЭЛИхь лелайо говзанчаш лахаран къовсаман система[22]. 1990-гӀа шерашкахь алапа лахара хиларна хьехархойн белхан масех меттиг йара, цундела лдм кечдира «эффективан контракт» — ЭЛИ коьрта белхан меттиг йолу профессорашна совгӀат даран финансийн система. Лдмехь дукха болх бинчарна статус ло «хьакъ долу профессор»[24][25].

Хьажа кхин а

  • Российн экономикин ишкол (РЭИ)
  • Москохан пачхьалкхан университет
  • Российн халкъан бахаман а, пачхьалкхан гӀуллакхан а академи
  • Российн пачхьалкхан гуманитарин университет
  • Российн экономикин Г.В. Плехановн университет
  • Российн халкъан доттагӀаллин университет

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш