Айма (географи)

Айма — океанан, хӀордан, Ӏоман я кхечу хин латтан кӀоргга чудахна, амма хин коьртачу декъаца паргӀата хи хийцалуш долу дакъа.

Ла-Плата хин эстуари. Космосера гар.

Айманаш йекъало хӀокху кепашна: бухта, губа, эстуари, фьорд, лиман, лагуна, гавань.

Айман гидрологин а, гидрохимин а хьолаш тера ду ша дакъа долчу доккхачу хинчух. ЦкъаццӀа меттигерачу климатан башхаллаш а, материк тӀиера догӀу хиш а хийца тарло гидрологин амал айман тӀехуларчу чкъоьран.

Дуьненан океанан уггаре яккхийчу айманех ю: Аляскан айма, Бенгалин айма, Бискайн айма, Австралийн Йоккха айма, Гвинейн айма.

Цхьаццанхьа «айма» цӀе ягӀна шен гидрологин раж хӀордаш долчу акваторешна (масала, Мексикан айма, Худсонан айма, ГӀажарийн айма, Калифорнин айма).

Галерей

Хьажоргаш

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «айма (географи)»
  • Айма (географи) — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.