ГӀойтӀа

Гӏойтӏа[1]схьадаьлла нохчий «гӏой» дашах — эскар) — Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан кӀоштан эвла . ГӀойтӀин йуьртан меттиган административан йукъ[3].

Эвла
нох. Гӏойтӏа[1]
оьрс. Гойты
Сурт
43°09′46″ къ. ш. 45°37′13″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРосси
РегионНохчийчоь
КӀоштХьалха-Мартанан
ЙуьртдаБакашев Сайд-Селим Мохьмадан воӀ
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор1785 шо
Хьалхара цӀерш1944 кхаччалц — ГӀойтӀа
1957 кхаччалц — Свободное
Центран локхалла214 м
Климатан тайпабарамера
Сахьтан асаUTC+3
Бахархой
Бахархой18 939[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий
Официалан моттНохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+7 87145
Поштан индекс366502
Автомобилан код20, 95
ОКАТО код96234813001
Картин тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]

Географи

ГӀойтӀин йуьртан меттиг ТӀехьа-Мартанан кӀоштан картин тӀехь

Эвла лаьтта ГӀойтӀа эркан (Соьлжин аьтту га) шинне бердаца а, Промышленни татолаца а. Соьлжа-ГӀалин 12 км къилбехьа а, федералан «Кавказ» автонекъан 7 км къилбехьа а, ТӀехьа-Марта гӀалин 3 км къилбаседа-малхбалехьа а лаьтта.

Уггаре гергара нах беха меттигаш:ТӀехьа-Марта къилба-малхбузехьа, Ӏалхан-Йурт къилбаседа-малхбузехьа, Шовдане къилбаседа-малхбалехьа, Йоккха АтагӀа малхбалехьа, Доулт-Мирзан-КӀотар, ГӀой-Йист, Олхазар-КӀотар къилбехьа.

Истори

Эвланах болу дуьххьарлера хаамаш бу 1785 шарахь, Кавказан тӀеман исторех лаьцна, цигахь ду, шейх Мансура ГӀойтӀара зуда йалийна аьлла.

1822 шарахь ГӀойтӀа а, ТӀехьа-Марта а эвланаш хӀаллакйира полковника Грековс. Кхин а эвланах хаамаш бу инарло Фрейтага хьуьнан йукъахула «ГӀойтӀин некъ» баккхарх (1846 шеран 16 декабрехь — 5 январехь).

1918-19 шерашкахь эвлахь йара Советийн Ӏедалан гӀолаьцна Эльдарханов Таьштамар куьйгаллехь волу Нохчийчоьнан Халкъан кхеташо. ГӀойтӀин кхеташоно кхоьллира баьччаллехь Шерипов Асланбек волу Нохчийн ЦӀен эскар. 1919 шеран февралехь Соьлжа-ГӀала инарла Шатиловн оьрсийн эскарша мукъайаьккхича, Гикало Николай куьйгаллехь волу цӀенэскархойх бисинарш, бевдира Соьлжин дехьа. ГӀойтӀин Халкъан кхеташоно цӀенаш дӀа а ца белла, къиза дуьхьало йира РКъТӀН дакъошна. 1919 шарахь, ГӀойтӀа йолчохь, Гражданийн тӀеман муьрера БӀе дийнан тӀемашкахь, хӀаллакдира инарла Деникинан эскар.

1944 шарахь нохчийн къам арадаьккхинчул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, йуьртан цӀе хийцира Свободни (нохчех маьрша). 1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа эвлан историн цӀе схьайелира.

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1939[4]1979[5]1990[6]2002[7]2010[8]2012[9]2013[10]
5886896610 40213 22116 17716 66117 016
2014[11]2015[12]2016[13]2017[14]2018[15]2019[16]2020[2]
17 37117 83118 01418 25118 53418 81618 939

Инфраструктура

Эвлан йуккъехь лаьтта XIX бӀешарахь диллина доккха маьждиг. Эвлахь болх беш йу 5 ишкол, цхьа могӀа дешаран меттигийн филиалаш. Совхоз а, цхьа могӀа промышленностан предприятеш а йу.

Галерей

Билгалдахарш