ТӀехьа-Мартанан кӀошт

ТӀехьа́-Ма́ртанан кӀошт (оьрс. Ачхой-Мартановский район[7]) — Российн Федерацин Нохчийн Республикин йукъара административан-мехкан дакъа а, муниципалан кхоллам а (муниципалан кӀошт).

Административан кӀошт
ТӀехьа-Мартанан кӀошт
оьрс. Ачхой-Мартановский район
43°11′18″ къ. ш. 45°16′43″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
ЙукъайодуНохчийн Республикин
Цунна йукъайоду12 муниципалан кхоллам
Адм. центрӏашхой-Марта, Тӏаьхьа-Марта[1]
Хучиев Темирлан Мохьмадан воӀКӀоштан администрацин корта
Ахмедов Ӏусман Хизиран воӀМеттигера ша-шен урхаллин председатель
Истори а, географи а
Кхоллар1935
Латта

753,21[4]

  • (5-гӀа меттиг)
Локхалла
 • Максималан3500 м
 • Минималан100 м
Сахьтан асаMSK-3 (UTC)
Экономика
ДЧС5,5 млрд. сом
Бахархой
Бахархой

91 157[5] стаг (2020)

  • (6,16 %, 7-гӀа меттиг)
Динан хӀоттамбусалбанаш-суннийш
Идентификаторан терахьаш
Код ОКТМО96602000
Телефонан код87142
Официалан сайт
ТӀехьа-Мартанан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Административан йукъ — ТӀехьа-Марта эвла.

Географи

КӀошт лаьтта Нохчийн Республикин малхбузехь, озийна йу меридиана нагӀора. Малхбузехь доза ду Нохчийчоьнан Эна-Хишкин кӀоштаца, къилбаседехь — Соьлжа-ГӀалин кӀоштаца, малхбалехь — Хьалха-Мартанан кӀоштаца, къилба-малхбалехь — Итон-Кхаьллин кӀоштаца, къилба-малхбузехьа — Республика ГӀалгӀайчоьн Соьлжин а ЖӀайрахьан кӀошташца. КӀоштан майда 2020 шеран январехь дуьйна йу 753,21 км²[4] (по данным на конец 2018 года — 1152,83 км²[8]), 2020 шеран 1 январехь майда жимйелла Бумматан йуьртан меттиг а, Ӏашхой-КӀотар а Эна-Хишкан кӀоште, кхин а нах ца хевшина мехкан дакъа дӀаделла Хьалха-Мартанан а, Шуьйтин а кӀошташка.

КӀошт лаьтта Доккха Кавказан дукъан кӀажошкахь, КӀоштехула дахделла лаьтта Хьалхара Кавказан коьрта кхаа дукъах шиъ — Хьаннийн а, Тархийн а; кӀоштан къилбаседе чудогӀу кӀеззиг Соьлжин дукъ, къилбехьа ду — Мордламанан дукъ. Уггаре даккхий лаьмнаш — Ахчинкорт, БарзантӀи (2511) БозгентӀи (1540,0), ДаргӀкорт, Мордлам, Балой-Лам (2029,9) Хьайха (2162,8), Хьена-Бало-Корт (790,2), ЦӀиет-лам (3031) Чал-Гамми-Корт (760,7). Корта эркаш — Ӏаьс-хи, Ӏашхи, Валарг-хи, Нитхи, Соьлжа, Марта, Шалажа; ду Ӏаьмнаш — Галайн-Ӏам, Гиха-Ӏам. Климат континентан, йерриг схьалаьцча кӀошт лаьтта йочанаш ца тоьу зонехь. КӀоштахь алсама ду байн, ламанан-байн, хьаннийн, Къовкъаран тайпана латтанаш, кхин а хаало йеза сацкъар-гӀум[9].

Истори

ТӀехьа-Мартанан кӀошт йиллина ЕЦКхК Президиуман сацамца 1935 шеран 23 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АО (Къилбаседа-Кавказан мохк, РСФСР, ССРС) йукъахь. КӀоштан мохк кхоьллина НГӀ АО Хьалха-Мартанан, Соьлжин, Галашкен кӀошташ кегийра йаран чоьтах. 1936 шарахь кӀошт хилира автономин республикин йукъахь — НГӀ АО Къилбаседа-Кавказан мехкан йукъара а йаьккхина йира Нохч-ГӀалгӀайн АССР. 1944 шарахь кӀоштара вайнехан бахархой, кхин долу ССРС махкахдаьхна къаьмнашна санна, Йуккъера Азе (Кхазакхийн а, ГӀиргӀазойн а ССР) депортаци йира советийн правительство. НГӀ АССР дӀайаьккхира, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а, ТӀехьа-Марта эвлан а цӀе хийцира РСФСР Соьлжа-ГӀалин областан Новосельски кӀошт а, Новосельски эвла а. Оццу шарахь кӀоштах туьйхира дӀайаьккхинчу ГаланчӀожан кӀоштан латтанаш. 1957 шарахь, вайнахан реабилитаци йар бахьнехь, дукхаха болу депортаци йинарш цӀа бирзира, кӀоштан а, эвлан а йухайерзира хьалхара цӀераш[10].

1963 шарахь ТӀехьа-Мартанан кӀошт дӀа а йоккхий дӀатуху Хьалха-Мартанан кӀоштах, амма шиш о даьлча, 1965 шарахь, РСФСР Лакхара кхеташонан Президиуман омарца ТӀехьа-Мартанан кӀошт метахӀоттийна[10].

Административан дозанаш а, статус а чӀагӀйар (2008)

2000-гӀа шерашкахь муниципалитеташ НР факт хилла йан а йацара, церан меттана болх беш йара пачхьалкхан Ӏедалан меженаш. 26 июнехь Соьлжа-ГӀала веира РФ АП куьйгалхо С. Е. Нарышкин а, цуьнан хьалхара гӀовс В. Ю. Сурков а, меттигера шеш-шайна урхаллин белхан лерина НР Правительствон хийшамашкахь дакъа лацархьама. С. Е. Нарышкина Ӏалашо хӀоттийра НР меттигера шеш-шайн урхаллин меженаш кхолла аьлла, иза чекхдаккха деза уггаре дукха а цхьана шарахь эха шарахь, ткъа В. Ю. Сурков дӀахьедира, иза хир бу НР метахӀотторан чаккхенан мур, цул тӀаьхьа иза хир йу кхин йолу РФ регион санна[11]. Иза бахьнехь, НР Президента Р. А. Кадыровс тӀедилларца, республикин Ӏедало йолийра муниципалан кхолламан дозанаш хӀитторан процесс (из адӀахьо 2003 шарахь тӀеэцна РФ № 131-ФЗ йолу законаца «Российн Федерацин меттигера шеш-шайн урхалла кхолларан йукъара хьесапех лаьцна»[12])[13]. НР Парламентан I-ра кхайкхаман депутаташа, шеш дӀасахецале хьалха, тӀеийцира цхьаьна итт закон, уьш хьакхалуш дара республикин муниципалан кхолламашха[14]. Кхечарна йукъахь, 2008 шеран 14 июлан № 40-РЗ йолу Законаца цара чӀагӀдира ТӀехьа-Мартанан муниципалан кӀоштан административан дозанаш а, статус а, иштта цунна йукъайоьду йуьртан меттигаш а[К. 1].

Административан дозанаш хийцар (доза 2019—2020)

2019 шеран 2-гӀачу декъехь НР куьйгалхочо Р. А. Кадыровс НР муниципалитетийн дозанаш хийцаран белхаш долийра. 2019 шеран 8 сентябрехь кхажтасаран йукъара дийнахь НР 7 кӀоштахь харжамаш а, референдумаш а хилира, царна йукъахь цхьа могӀа нах бехачу меттигашкахь а хилира референдумаш ТӀехь-Мартанан кӀоштан дозанаш хийцаран хьокъехь. Официалан МХГӀца, оцу процесс йукъаозийна Бумматан йуьртан меттигехь, кхаж тесира 1565 стага (73,61 %), царех 84,98 % референдуман хаттарна «хӀаъ» аьлла жоп делира — уьш ТӀехьа-Мартанан мехкан хийцам бан реза бара, ткъа 14,82 % жоп делира «хӀанхӀа» аьлла[16]. 2019 шеран 4 ноябрехь НР IV кхайкхаман Парламенто тӀеийцира № 41-РЗ йолу «Нохчийн Республикин цхьацца муниципалан кхолламийн дозанаш хийцарах лаьцна а, Нохчийн Республикин цхьацца законашкхолларан акташна йукъахь хийцамаш барех лаьцна» закон, цунна чохь кхечу мехкашкахь хийцамаш барца, ТӀехьа-Мартанан кӀоштах схьатуьйхира НР Соьлжа-ГӀалин кӀоштара ГӀуларин йуьртан меттиг[К. 2], ткъа Бумматан йуьртан меттиг, вукха агӀора, дӀакъаьстира НР Соьлжин кӀоштан пайденна (2020 шарахь дуьйна олу Эна-Хишкин кӀошт)[К. 3]. Законна куьг йаздира НР куьйгалхочун д.кх. М. М. Хучиевс, иза леладелира 2020 шеран 1 январехь дуьйна[17].

Бахархой

Бахархойн дукхалла
2002[18]2009[19]2010[20]2012[21]2013[22]2014[23]2015[24]
64 83973 56978 50580 81882 35683 60484 715
2016[25]2017[26]2018[27]2019[28]2020[5]
85 90586 84487 89689 42491 157

Нах беха меттигаш

  1. Буммат
  2. ВаларгтӀе
  3. Шовдана-Йурт
  4. Заки-Эвла
  5. Котар-Йурт
  6. Керла-Шара
  7. СемаӀашка
  8. Ӏашхой-КӀотар
  9. Хаьмбин-Ирзе
  10. ШаӀми-Йурт
  11. Нитти-КӀотар

КӀоштахь йу йукъара дешаран 33 учреждени, дешархойн барам — 14 815, хьехархойн барам — 1393 (царех 1025 лакхара профессионалийн дешар дешна а, 368 йуккъера профессионалийн дешар дешна а). Кхин а кӀоштахь йу кхин тӀе дешаран 5 учреждени, дешархойн барам — 8 438, хьехархойн барам — 136 (царех 87 лакхара профессионалийн дешар дешна а, 49 йуккъера профессионалийн дешар дешна а)[9]. КӀоштан берийн бошмаш а, ишколаш а меттигийн барамашца, факт хилла учрежденешка лела дешархошца а, хьоьху хьехархошца а (слеш) 2019 шарахь:

Могушалла Ӏалашйар

2019 шо долалуш кӀоштахь болх беш бара 14 могушалла Ӏалашйаран кхоллам. Царех цхьаъ кӀоштан дарбанан цӀе — ПБУ «ТӀехьа-Мартанан ЙКӀДЦӀ» (дийнахь-бусий Ӏаш болу 135 маьнга а, денна стационаран 65 маьнга а), цхьаъ декъан дарбанан цӀа — ПХӀУ РПДЦӀ «СемаӀашка» (дийнахь-бусий Ӏаш болу 10 маьнга а, денна стационаран 45 маьнга а), 2 поликлиника (1200 тӀеэцар дийнахь), 4 фельдшеран-акушерийн пункт а, 7 лоьрийн амбулатори а. Берриш кӀоштан могушалла Ӏалашйаран отраслехь къахьоьгуш вара — административан-урхаллин аппаратехь 38 стаг, 74 лор, 252 йуккъера медицинин белхало, 2 лахара медицинин белхало, 200 стаг хьашташ кхочушдаран белхало[9].

Билгалдахарш

Комментареш
Хьосташ

Хьажа кхин а

  • Буммат къуьйсу тӀом

Пресса. Хьажоргаш