Дерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а де

Дерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а де( кхечу ВКЪКХ официалан меттанашкахь: испан. Día Mundial del Libro y del Derecho de Autor, фр. Journée mondiale du livre et du droit d'auteur) — даздо 1996 шарахь дуьйна хӀора шарахь 23 апрелехь. Дерриг дуьненан де кхайкхийна 1995 шеран 15 ноябрехь ЮНЕСКОн 28-гӀа сессехь (резолюци № 3.18).

Берлинера жайнийн иэс

Сацам бира оьздангаллин ламасташ серлаяха а, кхион а Ӏалашо йолуш, ткъа иштта жайнаш хаарш даржоран уггаре ладаме гӀирс хиларан а, уггаре тешаме Ӏалашден хьесап хиларан а чот йина. Резолюцехь билгалдоккху оцу дийнахь жайнин гайтамаш а, базараш а яран эффекталла.

Сацам бечу хенахь чот йира «Жайнин де» хьалха дӀакхехьначу цхьа могӀа мехкийн а, кхолламийн а зиеделлачух.

Масала, Испанехь 1926 шарахь паччахьа Альфонс XIII-гӀачо куьг йаздира Испанехь Испанин жайнин де даздаран декретан кӀела, кӀеззиг дийцарш динчул тӀаьхьа сацам бира, и де даздийр ду 23 апрелехь — и де тӀеэцна Мигель Сервантес велла де ду аьлла (ма-дарра дийцича, историкашна хета, йаздархо 22 апрелехь велча санна, амма оцу хенан Ӏадаташца валаран де йаздеш хилла дӀавуллучу дийнан терахьца — 23 апрелехь). Барселонехь и де нисделла Каталонин «доладен» Сийлахь Георгин сийнна динчу Ӏиданца, оцу дийнахь жайнаш духкучара йоккха жайнин базар хӀоттийра. Нисса цигахь 1931 шарахь йукъадаьлла хӀора жайна оьцучун ровзан даларан Ӏадат [1].

Терахь хаьржина, ВКЪКХ сайт тӀехь гайтарца, 1616 шеран 23 апрелехь[2] Мигель де Сервантес, Уильям Шекспир (ма-дарра аьлча 23-гӀа — сийлахь поэтан а, драматурган а кхалхаран терахь ду Юлианан рузманца, аьлчи а григорианан рузманца — 10 де тӀаьхьа[3] хуьлу), Инка Гарсиласо де ла Вега кхалхарна иэсан лерина.

2002 шарахь дуьйна Москохахь оцу дийнахь жайнал сов совгӀатна ровзан а ло. И Ӏадат йукъадаьккхина Сервантесан институтан библиотекехь.

Жайнин де Пачхьалкхан кхечу мехкийн литературин библиотекехь[4]

23 апрель — дуьненан литературин сийлаллин де

Оцу дийнахь бина йаздархой

  • Вальехо Мануэль (en:Manuel Mejía Vallejo) (1923)
  • Дрюон Морис (1918)
  • Халлдор Лакснесс (1902)

Оцу дийнахь белла йаздархой

  • Инка Гарсиласо де ла Вега (1616)
  • Мигель де Сервантес-и-Сааведра (1616)
  • Пла Жозеп (1981)
  • Памела Линдон Трэверс (1996)
  • Уильям Шекспир (1616)

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Хьажоргаш