Ки́то (испан. San Francisco de Quito) — Эквадоран коьрта шахьар, кхин а политикин, экономикин, оьздангаллин йукъ, цӀе тиллина шира индахойн киту тайпанах. Бахархойн барамца (Гуаякилал тӀаьхьа) Эквадоран гӀала. 1978 шарахь Кито а, Краков а хилира ЮНЕСКОн Дерригдуьненан оьздангаллин тӀаьхьенан испискин йукъатоьхна хьалхара гӀаланаш.

ГӀала
Сан-Франциско-де-Кито
испан. San Francisco de Quito
Сурт
0°13′07″ къ. ш. 78°30′35″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Эквадор
МэрSantiago Guarderas
Истори а, географи а
Йиллина1534 шеран 6 декабрь
Майда290 км²
Центран локхалла2850 м
Сахьтан асаUTC-5
Бахархой
Бахархой1 739 000 стаг (2014)
Официалан моттИспанхойн мотт, Кичуа (мотт)[d]
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+593 2
Поштан индексEC1701 (керла формат), P01 (шира формат)
quito.gob.ec (испан.)
Картин тӀехь
Сан-Франциско-де-Кито картан тӀехь
Сан-Франциско-де-Кито
San Francisco Plaza, Кито

Этимологи

ГӀала йиллина 1534 шарахь испанхоша индахойн йуьртан меттигехь, цӀе тиллина индахойн тайпанан китун[1] этнонимах.

Географи

Кито лаьтта Къилба Америкин къилбаседа-малхбузен декъехь, Андаш лаьмнашна йуккъера чутаьӀенехь, Пичинча тӀапломан къилба басенехь, хӀордан тӀегӀанал 2818 м лакхахь. Гала лаьтта экваторал 24 км къилбехьа. ГӀалин майда 290 км² гергга йу.

Кито йиллина тӀапломан чим тӀехь, цуо сихха дӀахӀуду тӀуналла. Цуо хала кхуьийта Эквадорехь алсама лелайо орамаш. ГӀалин гергара латтанаш индахоша XV бӀешарахь даьхний дажадарна, хӀинца Китон йисташкахь лохий коьллаш бен ца кхуьу, къе хьаннаш а йолуш.

Китон йисташкара дийнаташ цхьацца кепара рептилеша а, олхазарша а, цӀий муьлу бирдолагаша а, кӀеззиг декха дийнаташа а бен ца гойту.

Транспорт

ГӀалахь болх беш йу сиха лела автобусан транспорт «Red Integrada de Transporte Público». Цуьнан аса гӀалех чекхйолу къилбаседехьара къилбехьа, йекъна кхаа декъе: троллейбусан «баьццара аса» гӀалин йуккъехь, «цӀен аса» къилбаседа-малхбален декъехь, «сийна аса» къилбаседа-малхбузен[2], болх беш йу метро[3].

2012 шеран августехь муниципалитето дӀайиллина цхьаьна «Bici Q» вилсапеташ лело система[4][5][6].

Дуьненайукъара аэропорт Кито — Марискаль Сукре[en] — лаьтта гӀалин йукъан 18 км генахь, Табабелин приходехь. Иза болхбан йолайелла 2013 шарахь, гӀалин чохь йолу шира аэропорт хийцина.

Климат

Кито лаьтта субэкваторан климатан асанехь. Амма хаъал гӀала хӀордан тӀегӀанал лакхахь хиларна цигахь тропикин тов ца хуьлу, ткъа экваторна гергахь хиларна жимйо шеран температураш шарахь лестар, иза дерриг шеран дохаллехь лаьтта +13…+15 °C. Амма цуьнца цхьаьна хаало йоккха башхалла дийнан а, буьйсанан а температурашна йукъахь. Шеран йуккъера максимум хуьлу +19,3 °C, шеран йуккъера минимум хуьлу +9,8 °C.

Китон махкахь хуьлуу 1200 мм гергга йочанаш шарахь, коьртаниг сентябрера май кхаччалц тӀекхоьссина догӀу догӀан кепара.

Китон амалехь ду догӀанийн шеран зама а, йекъа зама а. ДогӀанийн хьалхара зама лаьтта декабрера март кхаччалц, шолгӀа — июнера сентябрь кхаччалц. Йекъачу заманах гӀала йиллина йу къилбехьара шийлачу механна, оцу муьрехь наггахь де-бусанан йуккъера температура хуьлу +10 °C гергга. Наггахь гӀоролаш а хуьлу, амма ло ца хуьлу, хӀунда аьлча оцу муьрехь йочанаш ца хуьлу ала мегар ду.

Китон климат
ГайтамЯнв.Фев.МартАпр.МайИюньИюльАвг.Сен.Окт.Нояб.Дек.Шо
Юьззина максимум, °C29263225302931252925292932
Юккъера максимум, °C19191919191920202020191919,3
Юккъера температура, °C14151515151514151515141414,7
Юккъера минимум, °C1010101010109991010109,8
Юьззина минимум, °C1000101111010
Йочанан норма, мм114130152175125482025791271091041209
Хьост: Meoweather[7], Weather Channel[8]

Бахархой, мотт, дин

Коьртачу урамех цхьаъ «Авенида Венесуэла»

«Тхан накхоша довха цӀогӀа детта, — цара маршалла хоьтту хьоьга, лийр йоцу гӀала!» (гӀалин шатлакхан иллин хьалхара могӀарш).

2005 шарахь бахархой багарбарца, Китохь веха 1 856 501 стаг. Кито — Эквадорехь шолгӀа гӀала йу бахархойн барамца, цул сов вахархо Сантьяго-де-Гуаякиль гӀалахь бен вац. Къоман хьесапца Эквадоран коьрта шахьран бахархой дукха кепара а, дикка ийна а бу. Пхеаннах ши дакъа — индахой кечуа бу, ши дакъа — испанхой-индахойн чӀаьнкъа бу, цхьа дакъа гергга — хӀуӀаьржаш бу, дисина жима дакъа — европин а, азин а мехкашкара схьабевлларш бу.

4 % гергга бахархой йеша-йаздан хууш бац. ГӀалара дукхаха болу бахархой керстанаш-католикаш бу.

ГӀала кхиаран истори

Кито йиллина 1-ра эзар шарахь, киту тайпанан йукъ йара, цара 980 шарахь гергга къардира кара къам. XV бӀешарахь иза йаьккхира инкаша.

ГӀалин дуккха а урамалгех цхьаъ гар

1534 шарахь капитана Себастьян де Белалькасара тӀаьхь шира индахойн гӀала йолу мохк баьккхира, цигахь йиллира испанхойн йуьрт Сан-Франсиско-де-Кито. Хроникахочо Сьеса де Леона ма-чӀагӀдарра: «Себастьян де Белалькасара йиллира нах ховшийра [испанхой], ткъа тӀаьхьа Паччахьалла Перун а, Керла Кастили провинцин а губернатор а, капитан-инарла а волу аделантадо дон Франсиско Писарро волуш, 1534 шарахь Ӏийса пайхамар винчура схьа, губернатор а, аделантадо а хилира Попаян провинцин, вайн элин, императоран дон Карлосан цӀарах». Формалан гӀала йиллина Белалькасар Кито шолгӀа веинчул тӀаьхьа 1534 шеран 6 декабрехь муниципалан акт хӀоттийначул тӀаьхьа. ГӀалин Ӏедал лело хӀоттийра 2 алькальд, 4 рехидор, 1 нотариус. ТӀаьхьуо гӀалин цӀе лело йолийра йацйина вариантехь. 1541 шарахь йуьртах гӀала йира. 1563 шарахь гӀалахь кхоьллира Сенат а, Паччахьан Аудиенси а, хьалхара президент хилира Фернандо де Сантильян.

Коьрта шахьрахь а, гуонахьара меттигашкахь а испанхой сов бевлча, жигара охьатовӀо болийра индахой, иза чекхделира лолла хӀотторца. 1592, 1765, 1809 шерашкахь гӀовттамаш хилира испанхойн мохкбаккхархошна дуьхьала.

1822 шеран 29 майхь коьртехь Боливар Симон волу гӀаттам толамца чекхбелира, тӀаккха мацах цкъа испанхойн колони хилла Китос кхайкхийра шайн пачхьалкх йозуш цахилар, цул тӀаьхьа 1826 шарахь йукъайахара Сийлахь Колумбина.

Оьздангаллин маьӀна

ЮНЕСКОн Дерриг дуьненан тӀаьхьенан объект
Кито гӀала[* 1]
City of Kito[* 2]
Мохк Эквадор
ТайпОьздангаллин
Критерешii, iv
Хьажорг2
Регион[* 3]Латинан Америка а, Карибаш а
Юкъатохар1978 шо (2-гӀа сесси)
Президентан гӀала.
ГӀалин Къилба декъера урам
Мадоннин хӀоллам[en]

Китохь цхьаьна йу дукха ламасташ а, оьздангаллаш а. ГӀалин архитектура билгалйолу гармоница йуьйцина испанхойн, голландхойн, цхьаццанхьа индахойн гӀишлойн хатӀца.

Ша гӀала лаьтта шунаш долчу меттигехь, боккхийра шунаша йекъна кхаа декъе: йуккъера декъехь лаьтта колонин муьрера шира гӀара музейшца а, иэсашца а; гӀалин къилба декъехь коьртаниг белхалойн классан хӀусамаш а, промышленностан предприятеш а; къилбаседа дакъа — ХӀокху заманан Кито — дуккха а финансийн йаккъаш, универтуькнаш, банкийн а, йеза а гӀишлош. ГӀалин къилбаседа декъехь лаьттара Кито гӀалин Дуьненайукъара Аэропорт, хӀинца дехьайаьккхина Табабела приходе.

Guápulo, Кито

ХӀокху заманан Кито

ГӀаланаш-вежарий

Говзаллехь

  • Медведев Олеган «Эльдорадо» эшар[9] йолало "Ӏа дика йойла, набаран Кито..." могӀанца йолало.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш