Лолла

Лолла[1] — адам кхечу адаман (элан а, лешбацорхочун а, хьоладен а) я пачхьалкхан долаллехь хилар магош йолу йукъараллин юкъаметтигийн система ю. Тохара йийсархойх а, зуламхойх а, декхарш долчу нахех а бора лайш. ТӀаьхьо цу могӀанна юкъатуьйхира мехкан бахархой а. Цара хьоладена болх бора. Цу кепара лолла даьржина дара 20 бӀешо долале. Ткъа цхьайолчу Ӏаьрбойн а, африкахойн а пачхьалкхашкахь хӀинцале а долуш ду.

ТӀаьххьарчу заманахь дукхахйолчу пачхьалкхашкахь лолла зулам санна лоруш ду, оцу пачхьалкхийн низамца магош дац. Лоллин дух (зулам хиларе терра) ду лай паргӀатонах а, ирсе тӀаьхьенах а баккхар.

Лолла магош йолу пачхьалкхашкахь леш бацабен пачхьалкхаш олу[2].

Историл хьалхарчу хенашкахь адаман зуьрет (цивилизаци)[3] даьржичхьана лолла долуш дара. Дукхахьолехь цигахь лолла социалан кепе дирзинера (дерзина дара). Таханлерачу дийнахь лоллин бехкам бина дерриг а дуьненан пачхьалкхашкахь (тӀаххьара лолла ца магош Ӏедал тӀелаьцна 1981-чу шарахь[4] Мавританехь, делахь а де-факто и бехкам ларбеш бац).

Цхьаболчарна хетарехь, таханлерачу дийнахь лоллах къасталур боцу хиламаш бу, масала гӀопан бакъо а, салтий-бераш а, адамаш дохк-эцар а, арме кхайкхар (эскаран лолла) а, нуьцкъала маре я зуда ялор а[5]. Ишттачу зерашца, таханлерачу дийнахь лоллин хьолехь 20 миллион тӀера 60 миллион кхаччалц адам ду[6][7][8].

Билгалдахарш