Курилийн гӀайренаш

Курилийн гӀайренашКамчатка а, Хоккайдо а йукъехь йолу гӀайренийн могӀа, оцо жима хьаласеттина Ӏатаца Охотан хӀорд дӀакъасто бо Тийна Ӏапказах. Бохалла — 1200 км герга. Йукъара майда — 10,5 эзар км²[1][2][3]. Царна къилбехьа ду Российн Федерацин Японица долу доза. ГӀайренаш кхуллуш ю параллельни рагӀ: Йоккха Курилийн а, Жима Курилийн а рагӀ. Йукъахь йу 56 гӀайре. Цера тӀеман-стратегин а, экономикин а маьӀна ду[4].

Курилийн гӀайренаш
Амалш
ГӀайренийн дукхалла56 
Йерриг майда10 500 км²
Уггар лаькха меттиг2339 м
Бахархой19 276 стаг (2015)
Луьсталла1,84 стаг/км²
Лаьтта меттиг
46°30′ къ. ш. 151°30′ м. д.HGЯO
АкваторешОхотан хӀорд, Тийна Ӏапказ
Пачхьалкх
Росси
Курилийн гӀайренаш
Сахалинан область
Курилийн гӀайренаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Курилийн гӀайренаш Российн Сахалинан областан йукъа догӀуш ду. Архипелаган къилба гӀайренаш — Итуруп, Кунашир, Шикотан а, Хабомаи тоба а[5][6][7]Японеца къийсамехь ду, Японес и гӀайренаш шен Хоккайдо префектуран йукъахь лоруш ду[8][9].

Билгалдахарш