Мухьаммад бин Найиф Аль СаӀуд

Мухьаммад бин Найиф бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд (Ӏаьр. محمد بن نايف بن عبد العزيز آل سعود‎‎‎ / 30 август 1959[1] -), СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан верасан принц а 2015-чу шеран 29 апрелехь дуьйна, премьер-министран шолгӀа когаметтаниг а, мехкан чоьхьарчу гӀуллакхийн министр а[2], политикин гӀуллакхийн а, кхерамизаллин а Советан председатель а ву.

Мухьаммад бин Найиф
Ӏаьр. محمد بن نايف بن عبد العزيز آل سعود‎‎
Мухьаммад бин Найиф
Мухьаммад бин Найиф
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан верасан принц
Хьалха хилларгМукърин бин Ӏабдул-Ӏазиз
КогаметтанигМухьаммад бин Салман
Динсуннизм
Вина терахь1958 шеран 30 август({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (65 шо)
Вина меттигДжиддат
ТайпасаӀуди, Ӏаьрбо
ДаНайиф бин Ӏабдул-Ӏазиз
НанаАль-ДжавхӀарат Аль СаӀуд
ЗудаРима бинт СултӀан Аль СаӀуд
БерашйоӀарий Сарат а, Лавалувват а
Дешар
Динлелор ислам,суннитийн кхетамехь
СовгӀаташ
великий офицер ордена Почётного легиона орден Республики орден короля Абдель-Азиза
Пачхьалкх СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
ХотӀан адрес
Принц а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министр а Мухьаммад бин Найиф Аль СаӀуд
Официальни кехаташЦуьнан Паччахьан Возаллин Принц
Альтернативни хатӀВасхалан верас

2015-чу шарахь шен девешин Мукърин бин Ӏабдул-Ӏазизан меттан принц хӀоьттина иза[3]. Мухьаммад — иза СаӀудийн цӀийнан декъашхо ву, Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз паччахьан вешин Найифан кӀант а ву[4].

Биографи

Хьалхара шераш

Найифан воӀ Мухьаммад[5][6] вина 1959-чу шеран 30-чу августехь Джиддатехь[7][8]. СаӀуд принц — цуьнан воккхах волу ваша ву[9]. Цуьнан нана йу — Аль-ДжавхӀарат бинт Ӏабдул-Ӏазиз бин МусаӀид бин Джилуви Аль СаӀуд[6][10][11].

Мухьаммад бин Найифа дешна АЦШ-хь[7][12][13]. 1985-чу шарахь 1988 кхаччалц иза ФБР-н кхерамизаллин курсашка лелла[5].

Карьера

1999-чу шарахь Мухьаммад чоьхьарчу гӀуллакхийн министран гӀоьнча хаьржинера. И харжале хьалха иза предприниматель вара[13]. Иза шортта хестийна министерствон антитеррористически программин кхиам а болуш кхочушдаран бахьана долуш[14]. Иштта бунтахошна дуьхьала къийсам латторан Ӏедалан программин кхоллархо санна лоруш ву иза. Министран гӀоьнчина гӀуллакх деш а волуш, цо иштта граждански оборонехь директоран декхарш кхочуш дина[15][16]. Цо кхиаме кхочуш дина боху министран гӀоьнчин декхарш[17].

Билгалдахарш