Нальчик

НальчикГӀебартойн-Балкхаройчоьнан коьрта шахьар.

ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан
Республикин коьрта шахьар
Нальчик
гӀебарт.-чергаз. Налшык
кхарач.-балк. Нальчик, Налчыкъ
Сурт
43°29′ къ. ш. 43°37′ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРосси
РегионГӀебартойн-Балкхаройчоь
ГӀалин гуоНальчик
ГӀалин гуонан куьйгалхоАхохов Таймураз Борисович
Истори а, географи а
Йиллина1724 шарахь
Майда67[1] км²
Центран локхалла512 м
Климатан тайпатӀуьна барамера (Dfb)
Сахьтан асаUTC+3
Бахархой
Бахархой239 583[2] стаг (2020)
Луьсталла3 570 стаг/км²
Агломераци 296 736 стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттамгӀебартой (47,3%),
оьрсий (31,8%),
балкхарой (11,4%),
кхин берш (9,5%) (2002)[3]
Динан хӀоттамбусалба-суннийш, православи
Официалан моттГIебартойн-Чергазийн мотт, Кхарачойн-балкхаройн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код8662, 88662
Поштан индекс360000 — 360904
ОКАТО83401000000
Кхин
Йочанийн барам550—750 мм/шо
ГӀалин де1 сентябрь
СовгӀаташДаймехкан тӀеман 1-ра даржан орден
admnalchik.ru
Картин тӀехь
Нальчик картан тӀехь
Нальчик
Нальчик картан тӀехь
Нальчик

«Нальчикан гӀалин гуонан» муниципалан кхолламан административан центр. Федералан маьӀна долу курорт-гӀала. Лелайо сийлахь цӀе «ТӀемлойн сийн гӀала».

Физикин-географин амал

Номинал 10 сом йолу Российн Банкан иэсан нахарт (2014)
ГӀалин Долинск кӀоштара телебӀов гар

Географин хьал

Нальчикера лаьмнаш чӀогӀа хаза ду — къовладелла хьаннашца, уьш сийна, хьийзина ду, ткъа гурахь, йаьлла цӀе санна, цӀарул-цӀен.

Иван Василенко[4]

Геоморфологин агӀора гӀалин вай буьйцу мохк лору, лоха ламанан кӀажошкара таьӀна арене дехьайолу меттиг санна. Къилбехьара кӀоштан доза ду Хьаннийн даккъийн раьгӀнашца, церан локхалла йу 800—1000 метр хӀордан тӀегӀан тӀера. ГӀалин чура уггаре лекха меттиг йу Нартия лам 999,8 метр хӀордан тӀегӀан тӀера. Хьаннийн дукъан къилбаседехьа тӀелетта гунаш долу меттиг, иза хедийна дуккха а эркаша а, боьранаша а. Айайелла меттигаш кӀеда а, шера а йу. Лаьмнийн кӀажойн локхаллин йуккъера барам бу 550—700 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Ламан кӀажош цхьаьнаэшшара дехьадовлу ГӀебартойн арене, цунна тӀехь ду гӀалин коьрта дакъа[5].

Нальчик лаьтта республикин йуккъерачу декъехь, иштта цӀе йолчу Нальчик эркан (Теркан майда) шинне а бердан тӀехь, 43°29' шораллехь а, 43°37' дохаллехь а. ГӀалин гуонан майда — 131 км2, царех Нальчик гӀалин латтанаш — 67 км2.

МСК (москохан хан)

Нальчик лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[6].

Лелочу хенаца а, географин дохаллица[7] а йуккъера мелхан делкъе Нальчикехь хуьлу 12:06.

ГӀала лаьтта республикинломан кӀажошкахь. Малхбухехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а раьгӀнаш йу Хьаннийн дукъан къилбаседа басен. Дукъан къилбехьа Ӏункара берд бу, ткъа къилбаседехьа легӀана берд бу, цуо лан кепара гуо бо Нальчик гӀалин кхаа агӀора. Хьаннийн дукъан гунаш кӀеда а, шера а ду. Хьаннийн дукъан къилбаседехьа тӀелетта йу ГӀебартойн акъарин къилба-малхбузен йист, цуьнан рельеф тулгӀенашца таьӀна йу къилбаседехьа. ГӀалин дозанара йуккъера локхаллаш хӀордан тӀегӀанал 512 метр йу. ГӀалин уггаре лекха меттиг йу Большая Кизиловка лам (849 м.), цуьнан локхалла минимум охьайолу гӀалин къилбаседехь 420 метр тӀекхаччалц.

Цхьа дохалла йа цхьа шоралла йолу йаккхий гӀаланаш
Къилбаседе: Георгиевск, Арзамас, Нижни Новгород
Малхбузе:
Сочи
Сараево
МагӀсель
Торонто
Малхбале:
Грозный
Алма-Ата
Урумчи
Саппоро
Къилбе: Боржоми, Мосул, Сана, Морони

Гидрографи

ГӀалахула чекхдолу гӀалин цӀе йолу эрк Нальчик, ткъа кхин а эркаш Шалушка (гӀалин къилбаседа-малхбузехь) а, Декъа Шалушка (гӀалин малхбузехь) а. Нальчик эркан тогӀица гӀалин паркахь лаьтта 4 Ӏам, царех уггаре боккханиг бу Хьалхара Ӏам а, БоьалгӀа (Курортан) Ӏам а. ГӀалин къилбехьа лаьтта масех сунт бина Ӏам, уьш леладо Нальчик эркан хи цхьанаэшшара охьадаийтархьама. Кхин а гӀалин латтанаш тӀехь ду 18 тайп-тайпана дарбане физикин-химин хӀоттам болу хьост. Дерриг схьаэцчахь гӀалин латтанаш хих Ӏабна ду. Лаьттан бухара хиш дохку 3—5 метр кӀоргехь. Нальчик эрк – цхьаъ бен йоцу баьццара аса йу гӀалин лахара а, лакхара а дакъош доьхку.

Экологи

Нальчик гӀала-курортан экологин хьал дерриг схьаэцчахь дика ду. ГӀалин латташ тӀехь йоккха гӀала бехъен предприяти цхьаъ бен йац — ЙАЮ «Гидрометаллург»[8], цуо доккху вольфраман ангидрид а, молибденан концентрат а. Масех шо ду республикин Ӏаламан ресурсийн а, экологин а министралло заводан болх сацабе боху, суьдан къийсамаш дӀабоьлхуш бу[9].

Климат

ГӀалин климат ламанан кӀожан зонера йу. Коьрта Кавказан дукъ дикка герга хиларо хаъал Ӏаткъам бора гуонахьара латтанашкара климат йарна. Климат йарехь ладаме роль ловзайо лаьмнаша шийла хӀаваъ кхаа агӀора чу ца даийтаро. Амалех башхалла йу дийнахь-бусий техка хӀаваан температура, иза алсама хаало аьхкенан заманахь. И башхаллаш йоьзна меттигерачу лаьмнех а, тогӀенан мехех а (ламанан бризаш). ХӀаваан температурин йуккъера гайтамаш техка +25°…+28° июлехь, −3°…-5°С январехь. ХӀаваан шеран йуккъера температура 9,6°С йу. Уггаре лакхара хӀаваан температураш хаало июль чекхболуш, ткъа уггаре лахара — январан чеккхенгахь а, февралан йуьххьехь а. Тарло йохйала +15°С а, кхин сов а хиллалц. Йочанийн шеран йуккъера барам 600 мм гергга бу. Дустаран тӀуналла цхьаьна эшшара йац. ТӀуналлин шеран йуккъера барам 78 % кхочу, максимум хуьлу Ӏаьнан заманахь 85-86 %, минимум — аьхка 68-69 %. Шарахь мох алсама хьоькху агӀонаш йу къилба-малхбузен, малхбален, къилбаседа-малхбален.

Нальчикан климат
ГайтамЯнв.Фев.МартАпр.МайИюньИюльАвг.Сен.Окт.Нояб.Дек.Шо
Юккъера максимум, °C1,62,77,315,521,224,927,226,922,015,78,64,115,1
Юккъера температура, °C−2,5−1,72,79,515,218,921,421,016,110,34,3−0,19,6
Юккъера минимум, °C−6,5−6−1,83,69,212,915,615,110,24,90,1−4,24,4
Йочанан норма, мм3636436385100817260534847724
Хьост: Worldweather.org

Этимологи

ГӀалин цӀе схьайаьлла Нальчик гидронимах[10], ткъа цуьнан этимологи кхеташ йац. Сецца бу гӀалин цӀеран бух гӀебартойн-чергазийн маттера нал — «лан» дашах схьадаларан кхетам[11], иштта хуьлу кхарачой-балкхаройн[12] маттахь а, цхьацца хаамашца иза схьаэцна ГӀажарийн маттера[10]. ГӀалин эмблема а йу лан. Бала хуьлу элемент -чик кхетамца. Иза хила тарло гӀебартойн щыч трансформаци — «схьадоккху» (лан латтах) йа туьркийн жима даран формант чик — «жима лан»[13].

Истори

ГӀап йиллар

Нальчик гӀап йиллина инарла Ермоловс 1818 шарахь (йа 1822 шарахь; кхин а, цхьацца хаамашца, эвланах хьалхара хаамаш бу 1724 шарахь[14]). Военное поселение при крепости было основано в 1838 году, преобразовано в слободу в 1871 году, в которой тогда проживало 3,5 тыс. человек[15]. 1871 шерера 1901 шо кхаччалц, эвлан бахархой тӀекхийтира 5096 стаге кхаччалц.

Советийн мур

Нальчикан гӀалин статус елира 1921 шеран 1 сентябрехь.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болчу хенахь 1942 шеран 28 октябрера 1943 шеран 3 январь кхаччалц Нальчик дӀалаьцнера немцойн-фашистийн эскарша (хьажа Нальчикан-Орджоникидзен операци (1942)), гӀала дикка йохийра. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь кхелхинчеран иэсанна, гӀалин паркехь йогу Гуттаренна ЦӀе; цул сов, оцу шерашкахь цӀий Ӏанош тӀемаш хиларан тешалла ган тарло гӀалин кхечу меттигашкахь — виадукан уллера элеваторан гергахь хӀоттийна иэс – танк Т-34; мохкбовзаран музей йолчохь иштта хӀоттийна йоккха топ; № 9 йолу йуккъера ишколан кертахь, цу чохь тӀом болуш дарбанан цӀа хилла, шина салтийчун кешнаш ду. Нальчик мукъайаьккхина Чоьхьара Кавказан фронтан Къилбаседа тобанан 37-гӀа эскарша ГӀебартойн-Балкхаройн партизанашца цхьаьна.

Президента Д. А. Медведевс Нальчикан «БӀаьхойн сийнан гӀала» сийлахь цӀеран грамота йаларан церемони. 2010 шеран 4 май.

ГӀала оккупацера мукъайоккхушехь иза меттахӀотто йолийра. Хьеран комбинат а, жижиган комбинат а сихха сурсаташ арахеца йолаелира. 15 мартехь тойина йаьлла телефонан зӀе йара 13 кӀоштан йаккъашкахь, тодина тӀайнаша а, некъаша а таро йира цӀерпоштнекъан болам дӀабелла Нальчик—Прохладни декъехь. 1943 шеран июнехь болх дӀаболийра ГӀебартойн драмин театро, дӀайиллира филармони, болх бан болийра ишколаш а, дарбанан кхолламаш а.

Машаре дахар меттахӀоттор дохийра балкхарой къоман исторера бохамо. 1944 шеран 8 мартехь и къам нуьцкъала махкахдаьккхира. 14 шалон тӀехь башха мухажираш дӀахьовсийра цӀерпоштнекъан Нальчик станцера хан билгалайаккъанза Кхазакхстане а, ГӀиргӀазойчоь а.

ГӀалин бу нисбина урамийн маша, коьртаниг 1950—1970-гӀа шерашкахь тӀекӀела дина дахаран а, административан а гӀишлош йолуш. 1960—1970-гӀа шерашкахь Нальчик тойира 1966 шарахь тӀеэцначу гӀала-курорт статусца йогӀу керла инарлин планаца. ГӀалин гӀишлошъйаран къаьста башхалла йара тӀекӀела дина цӀенош долчу коьрта урамашна йукъахь дийна долара хӀусамийн куьпаш йисар, дукхаха ерш царех революцел хьалха йина а йолуш. Уьш лечкъийнача санна хуьлу, коьрта урамийн хазалла ца йайархьама.

1968 шеран 13 июлехь гӀалахь хилира массашкахь гӀиттарш. ГӀовттаран бахьна хилира Центран базарахь даьржина эладиташ милицин тӀетовжаран меттигехь йукъараллин низам дохийна лаьцнарг вийна аьлла. Гулйелла тоба меттиган гӀишлонна чу а лилхина, мукъа ваьккхира лаьцнарг. Амма «байарх» эладиташ даьржаш дара. Оцу дийнахь тобано масийттаза штурмаца йоккхура декъан милиционеран чоь, тӀаьххьара иза вийра. ГӀалин а, республикин а Ӏедалан агӀора соббаре хила боху кхайкхам, ткъа иштта гӀалин гарнизонан тӀеман гӀуллакххойн низам меттадалоран ницкъаша жамӀ ца дира. ГӀиттамаш ца севцира сарахь бен. Зуламан жоьпалле озийра 30 гергга стаг, царна йукъара кхаанна тоьпаш тохаран кхел йира[16].

19831999 шерашкара Нальчикан хӀост

1980-гӀа шерашна йукъахь гӀалин дахарехь цуьнан тӀаьхьара истори бигалайаьккхина цхьацца хиламаш а, тенденцеш а хилира. ТӀехула хьаьжчи дика хьал делахь а, гӀалахойн бахамехь цхьа могӀа баланаш дара. Масала, гӀалин чура автобусан хаам раж йолуш бацара, автобусийн парк тишъеллера, гӀалин дукхаха долу некъаш, йисташкахула дерш муххале а, силаман некъ биллина дацара йа гуттаренна а аьхкина дара коммуникацеш тоеш хиларна, ткъа иза дахлора беттанашкахь. ГӀалахь телефонаш тасар чӀогӀа ледара дара, долара гӀишлош йолчу декъехь муххале а. Коьрта базар лорура дикка боьха меттиг — нехаш, махлелоран могӀанаш лартӀахь дацара.

Тахане

1990-гӀа шераш доладелла, Советийн Союз йохарца, йуьйлаелира уггаре хала хенаш Нальчик гӀалин а, йерриг ГӀебартойн-Балкхаройчоьнна а. Республикин историн 15 шеран муьран наха цӀетуьллур йу КБР хьалхара президентан В. М. Коковн мур аьлла. 1991 шарахь Августан путч йолуш Кхеташонан ЦӀийнан хьалха гулбелчара Ленинан иэс дӀайаккхар тӀедиллира. Иза дӀайаьккхира. Нальчиках хуьлу ГӀебартой-Балкхаройчоьнан Республикин коьрта шахьар. ГӀалахь хӀиттайо йерриг ша йолчу Федерацин субъектан Ӏедалан институташ.

1992 шеран 24 сентябрера 4 октябрь кхаччалц Нальчикехь лаьтта митинг, иза йолаелира Кавказан ламанан къаьмнийн конфедерацин (КЛКъК) президент Ю. Шанибов Ӏедална мукъа ваккхар тӀедилларца, чекхъелира республикин куьйгалхошка дарж дита бохучу кхайкхамашца. Республика тӀеман гергахь йара. Дерриг доладелира РФ инарлин прокуратура векалша Кавказан къаьмнийн конфедерацин президент волу Шанибов Юрий сацаварца (сацавар доьзна дара цуьнан КЛКъК омарца, цуо тӀедуьллура Конфедерацин берриг тӀемлойн кхолламашка Абхазе, муьлхха а дуьхьало тӀемца дӀайоккхуш, нуьцкъаца дехьабовлар — гуьржийн-абхазин тӀом болабаларан хьолашкахь, цигахь КЛКъК Абхазин агӀо лецира). Республикин куьйгалхой, Нальчикера хиламаша Ӏедал схьадаккхарх шекдаьлла, йухабевлира, дош делира Шанибов мукъа воккхуш гӀолаца, хенал хьалха парламентан харжамаш бан, Харжаман комиссеш карлайаха, кхин а.

1993 шарахь Нальчик сингаттаме сурт дара. Йерриг Россехь санна, ССРС йоьхна, арахецаран уьйранаш хеддро, гӀалин дукхаха йолу предприятеш дӀакъевлира, белхалой дӀабехира, шеш шайна рицкъ лохуш баьржира. Болх боцурш хӀора шарахь тӀекхеташ бара. Болх беш йолчу предприятешкахь алапа даланза масех шо дара. Болх бан таро йолу нах дӀаэха буьйлабелира, коьртаниг квалификаци йолу белхалой. ГӀалин бахам а, транспорт а тишбелира, некъаш дуьйхира, цӀенош Ӏуналла доцуш тишдинера. МаьӀ-маьӀӀехь кхуьуш йара гӀалин базарш — боьха, цхьан аьтту боцуш, цигахь хьайна луъург эца а, йохка а мегара. 1995 шарахь хьал кхин а ийшира, оцу хенахь президента В. М. Коковс кхайкхина санаторешкахь а, садаӀаран хӀусамашкахь дӀатарбира Нохчийчуьра мухажираш. Йерриг курортан зона а, гӀалин парк а сецира, йерриг аьлча санна гӀалин Ӏедалан карара йевлира.

Цуьнца цхьаьна, республикехь дахаран тӀегӀа йоьжна хиларе, белха меттигаш ца хиларе, алапа схьа ца дараре хьаьжна ца Ӏаш, республикехь политикин хьал цхьаьна эшшара дара.

ГӀалин паркера Трек Ӏам
Нальчика гӀалин паркера ресторан «Сосруко»

1997 шо Нальчикан беркате деира. ГӀалин Ӏедал гӀерта гӀала хазйан. Хийцам бина «Горзеленхоз» трест йолаелира жигара белхашца гӀала кечйан, гӀала а, гӀалин парк а сенйан. Оцу белхо билггала цхьа жамӀ дира. Бинчу балхо, болх беш йоцу промышленностан предприятеш таро йира Нальчикан 1997-гӀа шарахь 3-гӀа меттиг, 1998-гӀа – 1-ра меттиг, 2003-гӀа – 3-гӀа меттиг, 2007-гӀа 3-гӀа меттиг йаьккхира Йерригроссийн къовсамехь «Уггаре беркате йина Российн гӀала» 1 категорин гӀаланашна йукъахь[17]. Оцу хенахь дуьйна гӀалин ло дикка ладаме ахча гӀала кечйан. 1999 шеран 31 октябран Российн Федерацин Правительствон № 1203 йолу сацамца Нальчик гӀалах йина федералан маьӀнин курорт[17].

2005 шеран октябрехь гӀалин тӀелетира бусалба тӀемлой. Кхин цкъа а гӀалин тӀелетира, жимачу масштабехь, 2011 шеран февралехь.

СовгӀаташ

2010 шеран 25 мартехь Российн Федерацин Президентан омарца йелла Россий Федерацин сийлахь цӀе «ТӀемлойн сийн гӀала»[18].

««Российн гӀала» Къоман харжам-2017» проектан гуранчохь Нальчик мехкан пхеа уггаре дика гӀаланашна йукъахь йу[19][20].

Дин

Ислам

ГӀалин дукхаха болу бахархой суннийн маьӀна долу ислам динехь бу, хьанафийн мазхӀабехь а бу.

ГӀалахь болх беш бу 9 бусалбанийн кхоллам а, исламан йукъарадешаран йукъ а[21].

  • Йуккъера жамаӀатан маьждиг
  • Меттигера бусалба динан кхоллам «Ар-Райян»
  • Меттигера бусалба динан кхоллам «Ислам»
  • Меттигера бусалба динан кхоллам «Мансур»
  • Меттигера бусалба динан кхоллам «Нур»
  • Меттигера бусалба динан кхоллам «Рохсджинада»
  • Маьрша Эвла кӀоштан меттигера бусалба динан кхоллам
  • Ламанан кӀоштан меттигера бусалба динан кхоллам
  • Искож кӀоштан меттигера бусалба динан кхоллам

Керсталла

Керсталла — даржарца шолгӀа дин ду гӀалахь. Оьрсийн православин килс йоцург, гӀалахь йу кегийра йукъараллаш Эрмалойн асхьабийн килсан, Гуьржийн православин килсан, католикийн килсан (йукъараллин йукъахь — Сийлахь Иоаннан йукъаралла декъахой)[22], протестантийн.

ГӀалахь болх беш бу масех керсталлин кхоллам:

  • Мария Магдалинин асхьабийн килс[23]
  • Преподобни Симеон Столпникан килс[24]
  • Инжийлан керста-баптистийн килс
  • Католикийн йукъаралла[25]

ЯхӀудийн дин

Хьалха гӀалахь ехара йоккха ламанан жуьгтийн диаспора йара. Амма 1990-гӀа шерийн йуьххьехь доккхаха долу церан дакъа кхелхира Исраиле. 2010 шеран бахархой багарбаран хаамашца, гӀалахь висира 1000 гергга жуьгти.

ГӀалахь йу болх беш йолу ламанан-жуьгтийн килс (синагога).

Массийн хаамийн гӀирсаш

ГӀалахь дӀакхайкхош йу 11 телестанци а, 7 радиостанци а. Ретрансляцин бӀов лаьтта курортан зонехь. Кхин а шуьйра кхиина бу кабелан дӀакхайкхаран маша «Зодиак»[26] а, ЮгТелСет-TV (iptv) – 170 сов оьрсийн маттахь канал. 2012 шеран 24 сентябрехь долийна терахьан эфиран зиеран дӀакхайкхор DVB-T2 стандартехь 34 телевизионан дӀакхайкхоран каналашна тӀехь[27]

Телевизион

Радио

Газеташ

  • Адыгэ псалъэ
  • Къилбехан газет
  • Ламанхо
  • Зама
  • Карара кара
  • ГӀебартойн-Балкхаройн бакъдерг
  • Нальчик
  • Республика 07
  • Къилбаседа Кавказ
  • Синдика Информ
  • Советийн кегийрхой
  • ХӀун? Стенгахь? ХӀун доьху? Нальчик

Физкультура а, спорт а

ФК «Спартак-Нальчик»

Футболан клуб «Спартак-Нальчик» кхоьллина 1935 шарахь. ЦӀера матчаш ловзу «Спартак» стадион тӀехь. Российн чемпионатан Премьер-лигин командашна йукъахь левзира 2006 шарахь дуьйна. 2011/2012 шеран жамӀашца клубо тӀаьххьара 16-гӀа меттиг йаьккхина, лакхара дивизион йита йийзира. ХӀинца клуб ловзуш йу ПФЛ 1 тобанехь. Премьер-Лигера уггаре баккхий кхиамаш — 6-гӀа меттиг 2010 шарахь, ткъа кхин а 2007/08 шеран Российн кедан чийрикфинале йалар.

ГӀалахь бина а, беха а гӀарабевлла бахархой

Бинарш Нальчикехь:

  • Гейм Андрей Константинович (Andre Geim) — советийн, нидерландийн, британин физик. Лондонан паччахьан йукъараллин декъахо. Физикин Нобелан совгӀатан лауреат.
  • Залиханов Михаил Чоккаевич — Социалистийн къинхьегаман турпалхо. РӀА академик.
  • Кишев Мухьадин Исмаилович (Muhadin Kishev) — советийн, российн, испанин исбаьхьалча. ССРС исбаьхьалчийн бертан декъахо, Российн исбаьхьаллин академин бакъволу декъахо, Российн Федерацин говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо, Дуьненайукъара исбаьхьалчийн бертан декъахо, Оьрсийн исбаьхьалчийн ассоциацин декъахо Лондонехь, Европин исбаьхьаллин академин декъахо Бельгехь.
  • Молодожанин Леонид Григорьевич (Leo Mol, Лео Мол) — советийн а, канадин а исбаьхьалча, скульптор, витражист, мозаичист, суртдиллархо. Паччахьан канадин исбаьхьаллин академин декъахо.
  • Франкль Феликс Исидорович — австрин а, советийн а Ӏилманча, математик, физик, аэродинамик. Техникин Ӏилманийн доктор, физикин-математикин Ӏилманийн доктор, Артиллерин Ӏилманийн академин декъахо-корреспондент, ССРС Къоман теоретикин а, прикладан а механикин комитетан декъахо.
  • Хапов Заур Залимбиевич — советийн а, российн а футболист, кевнахо

Галерей

Билгалдахарш

Литература

  • Поспелов Е. М. Географические названия мира. Топонимический словарь / отв. ред. Р. А. Агеева. — 2-е изд., стереотип. — М.: Русские словари, Астрель, АСТ, 2002. — 512 с. — 3 000 экз. — ISBN 5-17-001389-2.

Хьажоргаш