Оьрсий[3]Россехь а, Европехь[51] а уггаре дукха малхбален славянийн къам. Йаккхий оьрсийн йукъараллаш йу Украинехь, Кхазакхстанехь, АЦШхь, Германехь, кхин а цхьа могӀа мехкашкахь. Оьрсийн къоман оьздангаллин генара ламасташ ду, таханлера йерриг Российн оьздангаллин бух а бу. Ненан а, къоман а мотт — оьрсийн. Динехь болу оьрсий — коьртаниг православехь[3] бу.

Оьрсий
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла≈134,1 млн ст.[49]
Хаам
Моттоьрсийн
Динламаста православи[3] (царна йукъахь шираламасталла)
Йукъабоьдумалхбален славянаш
Гергара къаьмнашукраинаш, белорусаш, русинаш
Этносин тобанаш
  • къилбаседаоьрсий,
  • къилбаоьрсий,
  • гӀазакхий,
  • сибрехой,
  • кхин берш[50]
Схьабаларшира славянаш, шираоьрсийн къам
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Оьрсийн къам кхолладелла Шира Русан муьрехь цхьаьнакхетта малхбаленславянийн тайпанех. Оьрсийн къоман дуккха а йукъара историн а, оьздаллин а аматаш йу кхечу европин къаьмнашца, кхечу малхбаленславянийн къаьмнашца — белорусашца, украинашца, русинашца муххале а. Оьрсийн историн луьста уьйра йу кхин дуккха а къаьмнашца, цуо таро йелла оьрсийн мотт а, оьрсийн оьздангалла а йаржо. Оьрсийн мотт официалан бу Россехь, Белоруссехь, Кхазакхстанехь, ГӀиргӀазойчохь. Кхин а иза баьржина ССРС йоьхначул тӀаьхьа кхоллайелла пачхьалкхашкахь.

Этноним

Къоман цӀе русь (шир.-оьрс. а, слав.-килс. арѹсь) йаржинчу версица йьхьанца билгалбохура скандинаваш (варягаш), тӀаккха шираоьрсийн матте деира шираскандинавийн маттера: шира.-сканд. rōþr «пийсиг хьакхархо» а, «пийсиг хьокху кеманахь лелабахар» а, цуьнан трансформаци хилира фин. ruotsiх шир.-оьрс. рѹсь[52][53][54], цул тӀаьхьа де дене мел долу скандинавийн элашна тӀера дехьадаьккхира Шира Русин дерриг къоме[55][56][57][54]. ТӀаккха «Роусах» хилира галдаьккхина нохчийн «Урус», цул тӀаьхьа «Оьрси». Кхин а йу къилбаседаиранан, славянийн, кхин цхьацца этимологеш[58].

Термин Русь (нохчаша) «Рус» йа «Урус» малхбален славянийн пачхьалкхан цӀе а, церан хьалхара этноним а хилла. Этноним Кеп:Slavonic (дукх.тер. Кеп:Slavonic, лелийна шайн цӀе санна XVIII бӀешо кхаччалц. XVII—XVIII бӀешерашкахь иза тӀаьхь-тӀаьхьа хийцаделла жайнин тӀера российхой, ткъа XVIII—XIX бӀешерашкахь дуьйна, Кхоъ цхьалха оьрсийн къам концепции хӀотторца — литературин маттахь хӀотта йолало этноним великороссаш[59][60][61]. XIX бӀешарахь буьйцу меттан Ӏаткъамца литературин маттахь чӀагӀделла хӀинца лела этноним оьрсий, оцу хенахь цунна чохь билгалдоккхура малхбален славянийн дерриг кхо га, 1917 шерал тӀаьхьий бен (массо а бахархой йукъара багарбар 1926 шарахь бен ца хилла) — беккъа великорусаш (великоросаш) билгалбохура.

Барам

Оьрсий дуьненан мехкашкахула (картана тӀехь хила тарло оьрсех схьабевлларш йа российн гражданалла йерш):
     100 млн сов      1 млн сов      100 эз. сов      10 эз. сов      1 эз. сов      хаамаш бац

Берриг оьрсий дуьненахь бу 134 миллион стаг гергга[49] (кхечу мах хадорца: 125 млн ст.[62]—129[63] тӀера 150 млн с. кхаччалц[64] а, 167[65] млн ст.). Царех Россехь веха 105,6 млн стаг (2021 шеран бахархой багарбаран хаамаш), аьлча а 71,73 % мехкан бахархойх йа 80,85 % бахархой багарбеш шайн къам гайтинчу респондентийн йукъара барамех, [2010 шарахь бара — 111,0 млн ст. (царна йукъахь Республика ГӀирма а, Севастополь а — 112,5 млн ст.[3]); 77,71 % и 80,90 %][66][67]. 2010 шеран хаамашца, дуьненара берриг оьрсех — 86 % бехара Россехь, 11,5 % — ССРС хилла республикашкахь, 2,5 % — кхечу мехкашкахь[63].

Хьажа кхин а

  • Русь (къам)
  • Русинаш (хьалхалера этноним)
  • Шираоьрсийн къомалла
  • Кхоъ цхьалха оьрсийн къам
  • Оьрсийн цивилизаци
  • Оьрсийн дуьне
  • Оьрсийн барам
  • Русификаци (политика)
  • Оьрсий безар
  • Оьрсий цабезар
  • Россихой

Билгалдахарш

Кхетораш
ТӀетовжарш

Литература

Хьажоргаш

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «оьрсий»