СемаӀашка

СемаӀашка (оьрс. Сама́шки) — Нохчийн Республикин ТӀехьа-Мартанан кӀоштан эвла. СемаӀашкин йуьртан меттиган административан йукъ[2].

Эвла
СемаӀашка
СемаӀашка
СемаӀашкин рузбанан маьждиг
43°17′32″ къ. ш. 45°18′14″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРосси
РегионНохчийчоь
Муниципалан кӀоштТӀехьа-Мартанан
Йуьртан меттигСемаӀашкин йуьртан меттиг
ЙуьртдаБоршигов Зайнди Ӏумаран кӀант
Истори а, географи а
Йиллина1851
Хьалхара цӀерш1922 кхаччалц — станица Самашкинская
Центран локхалла217 м
Сахьтан асаUTC+3
Бахархой
Бахархой12 738[1] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий
Динан хӀоттамбусалбанаш-суннийш
Официалан моттНохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+7 87147
Поштан индекс366602
Автомобилан код20, 95
ОКАТО96403
Картин тӀехь
СемаӀашка картан тӀехь
СемаӀашка
СемаӀашка картан тӀехь
СемаӀашка
СемаӀашка картан тӀехь
СемаӀашка

Географи

Эвла лаьтта ТӀехьа –Мартанан кӀоштан къилбаседин декъехь, Соьлжа эркан аьрру берд тӀехь, кӀоштан йукъ йолчу ТӀехьа-Мартанан 9 км генахь, Соьлжа-ГӀалин 30 км малхбузехьа. Эвлан 4 км къилбехьа чекхболу федералан автонекъ «Кавказ». Советан Ӏедал долуш эвлахула чекхболура Несарера Соьлжа-ГӀала богӀу цӀерпоштнекъ. Иза бохийна Ичкерин заманахь.

СемаӀашкин йукъайогӀу масех шина гӀотах долу дуккха квартираш йолу хӀусамех лаьтта Дружба посёлок. Эвлахь лаьтта ишколийн йиъ гӀишло.

Къилбаседехьа эвлан тӀекхета Соьлжин дукъан шунаш, къилбехьа — СемаӀашкин хьун а, Соьлжа эрк а.

Уггаре гергара нах беха меттигаш: Керла-Шара къилбехьа, Давыденко къилба-малхбузехьа, Эна-Хишка малхбузехьа, Радужни къилбаседа-малхбалехьа, Закан-Юрт малхбалехьа.

Этимологи

Эвлан цӀе схьайолу нох. Сай-Маӏашка бохучу шина дашах.

Истори

Эвла йиллина 1851 шарахь[3] Соьлжин гӀазакхийн аса йуьллуш Самашкински гӀала санна, нохчий Лаха СемаӀашка эвла хиллачохь[4].

1920 шарахь Теркан гӀазакхийн депортаци йечу хенахь № 01721 омарца берриг гӀалин гӀазакхийн бахархой арабехира: 18 шеран тӀера 50 шо кхаччалц болу божарийн хьовсийра Кавказал арахьара концентрацин лагершка, зударий, бераш, баккхий нах Теркал дӀехьабехира[5]. Ламанан республикин ЦКхК 1922 шеран 25 апрелан омарца гӀалин цӀе хийцира СемаӀашка эвла аьлла.

Хьалхара Нохчийн-оьрсийн тӀом

Дуьххьара нохчи-оьрсийн тIом болуш, 1995 шеран 7-8 апрелехь цхьаболу российн а, дуьненайукъара а бакъо ларйаран кхолламаша чӀагӀдарца, эвлахь федералан эскарша массашкахь байира машаре гражданаш (хьажа РФ ЧГӀМ операци СемаӀашкахь). Бакъо ларйаран «Мемориал» кхолламна хетарехь, оцу меттигах болу хаамаш, нохчийн тӀемлойн хаамийн агенталло баржийна, цунах теша мегар дац.

Хаамийн кехат тӀехь йазбина цхьа могӀа, бакъ хила а йиш йоцу, хаамаш, — 6 апрелехь ОМОНхоша 41 семаӀашкахо-воккха стаг верах, йуьрта «Ураган» олу герз деттарх, эвлара 500 вахархо валарх, и.кх.дӀа. Дерриг схьаэцча, дуккха а кхин дерш сана оцу хаамийн агенталлин хаамаш, «Нохч-прессан» СемаӀашкара хиламех болу хаамаш тешаме бац.[6]

Амма «Мемориало» харц ца йо эвлан машаре бахархошна дуьхьала зуламаш даран факташ.

СемаӀашка «цӀанйар» дӀадаьхьира машаре бахархой бойуш, совцийначарна тӀехь сийсазалла лелош, талораш деш, цӀенош дагош. Эвла «цӀанйеш» кхелхина алсама бахархой, дукхаха долу цӀенош дагийна. Эвлан дукхаха болчу бахархошна хета, салташа цхьа могӀа меттигашкахь зуламаш дира наркотикаша бахийна болуш аьлла. Тешаллина цара гойтура СемаӀашка оьху журналисташна, депутаташна, бакъо ларйаран кхолламийн декъашхошна, федералан ницкъаш дӀабаханчул тӀехьа урамашкахь Ӏохку цкъа туху мехий. СемаӀашкахь 7-8 апрелехь операци йинчул тӀаьхьа, бахархошна йукъахь дуккха а байинарш бара. Авторо доклад йаздечу хенахь билггала хууш дара эвлара 103 вахархо вийний, амма, схьагарехь, и исписка йерриг йац. Оцу испискера дукхаха болу кхелхинарш, тӀамтӀехь дакъа лоцуш бацара, уьш бара эвлара машаре бахархой.Нисса эвлара машаре бахархой хилира тӀелатаран объект РФ ЧГӀМ белхалойн а, ЧЭ салтийн а агӀора эвла «цӀанйечу» хенахь.

Машаре бахархой кхалхаран бахьнаш: йаккхий тоьпаш а, минометаш а эвла йеттар; бронетранспортераш чуьра урамаш тӀе герз деттар; иччархоша урамака а, керташка а герз деттар; цӀенош чохь а, керташкахь а тоьпаш йеттар; чохь нах болум тоьланаш чу а, керта а, хӀусамаш чу а бумбанаш кхийсар; цӀенош дагор; лецна «къасто» буьгурш новкъахь байар.[7]

Нохчийн-оьрсийн тӀемаш чекхдевлча

2003 шеран августехь, эвлара 500 гергга вахархочо дӀакъевлира федералан «Кавказ» некъ, цара мукъа йаккха бохура лачкъийна йигина 16 шо кхаьчна эвлара йоӀ Кацаева Эльза[8].

2003 шеран 15 августехь эвлахь йолу тӀеман комендатурина тӀемлой тӀелетира. Шортта гӀишлон чу автоматан герз а, гранатометаш а йиттина 2 салтий велира 10 гергга тайп-тайпана хала чевнаш йира[9].

2004 шеран 1 апрелехь чоьхьара эскарша СемаӀашка массо агӀора дӀа а къевлина эвлахь леррина операци йира. Шина гӀишлон чохь йара минанаш кечйен гӀирсаш, радиоурхаллин ШОьГӀ, кечйина фугас, гранатомёташ, кхин тӀеман гӀирсаш. НТВ телекомпанин хаамашца, СемаӀашкахь и санна лерина операцешкахь тӀепаза вайна 27 стаг[10].

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1979[11]1990[12]2002[13]2010[14]2012[15]2013[16]2014[17]
9185994510 82411 27511 52411 74311 898
2015[18]2016[19]2017[20]2018[21]2019[22]2020[1]
12 07012 19912 27512 40812 59712 738
Къаьмнийн хӀоттам

2010 шеран йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀийн хаамашца[23]:

ХалкъБарам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий11 26399,9 %
кхин берш120,1 %
берриш11 275100,00 %

Суьрташ

Билгалдахарш

Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «chech» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.

Литература

Хьажоргаш