Теннесси

Теннесси́[2][3] (инг. Tennessee, америкахоша алар: [ˌtɛnəˈsiː] (Аз ладогӀа)[4][5], местное: [ˈtɛnəsi][6]) — АЦШ малхбален штат[7], Къилба-Малхбален Центран штаташ олучу штатех цхьаъ. Бахархой 6 916 897 стаг (16 меттиг 2020 шарахь).[1] Коьрта шахьар — Нашвилл, уггаре йоккха гӀала — Мемфис. Пачхьалкхан йукъа йахана йалхийтталгӀа чоьтаца.

АЦШн штат

Теннесси
инг. Tennessee

Байракх ТеннессинЗорба Теннессин
Байракх ТеннессинЗорбаТеннессин
Штат Теннесси АЦШ картин тӀехь

Штатан девиз

«Латталелор а, махлелор а» (инг. Agriculture and Commerce)

Штатан эшар

Tennessee Waltz

Штатан харц цӀе

«Шен лаамца штат»

Коьрта гӀала

Нашвилл

Йокха гӀала

Мемфис

Бахархой

6 916 897[1] (2020 шо)
16-гӀ. АЦШ
Луьсталла

Майда

36-гӀ. меттиг
массо
109 151 км²
хина тӀехуле
2 399 км² (2,2 %)
шоралла
34° 59′ къ. ш. 36° 41′ къ. ш., 195 км
дохалла81° 39′ м. д. 90° 19' м. д., 710 км

ХӀордан тӀегӀанал локхалла

максималан
йуккъера
минималан

Штат статус тӀелацна

1796 шеран 1 июнь
16 ларарца
статус тӀелацале
Къилба-малхбузан мехкаш

Губернатор

Билл Ли (Р)

Вице-губернатор

Джеймс Мак-Нелли (Р)

Ӏедалан орган

Теннессин Инарлин Ассамблей
лакхара палатаТеннессин сенат
лахара палатаТеннессин Векалийн палата

Сенатораш

Уильям Хагерти (Р)
Марша Блэкберн (Р)

Сахьтан аса

Малхбален хан: UTC-5/-4

Официалан сайт:

www.tennessee.gov

Теннесси Викилармехь

Истори

Теннессин махка адамаш хевшина лаххара 12 эз. сов шо ду[8]. Европахой кхачале оцу махкахь йаьхна этносийн тобанийн цӀераш хууш йац, амма археологаша къастайо масех коьрта оьздангалла: шира (вайн эрал Х бӀешо хьалха), хьуьнан (в.э. Х бӀешо хьалха — в.э. Х бӀешо) миссисипин (X—XV бӀешераш), уьш хилла индахойн дай крикаш, цара лоцура Теннесси эркан тогӀе, цига чероки тайпанаш кхаччалц.

Дуьххьара кхуза кхаьчна европахой бара испанхойн конкистадораш Эрнандо де Сото тоба (1540 шо). Царна кхузахь гина крикийн бахархой, уьш хӀаллак хиларан бахьна хила тарло, европин цамгаршах цабевлла йаьржина хила. Мукъадевлла латтанаш сихха дӀалецира Виргинера кхелхина чероки тайпанаша. КӀайн колонисташ чу мел богӀу индахойн бахархой дӀатоьттура къилбехьа а, малхбузехьа а.

Теннесси штатехь ахкарш дича карийна перламутр тӀехь дина агарш, миссисипин говзаллин масала ду.

Дуьххьарлера Теннессин мехкан британера гуттаренна йиллина йуьрт йу форт Лаудон, иза лаьттина хӀинцалера гӀалин Вонорен уллехь штатан малхбален агӀора. 1756 шарахь иза йара ингалсан колонийн уггаре малхбузен йистера форпост. 1760 шарахь форт схьайаьккхира индахоша, ткъа цуьнан гарнизон йерриг хӀаллакйира. 1760-гӀа шерашкахь акъари колонисташ схьайаьккхира, цара уггаре хьалха лоьхура талла керла латтанаш. Оцу итт шарахь малхбалехь йуха а гучубовлу хӀукӀайн бахархой. Америкин революцил тӀаьхьа кхузахь Трансильвани колони йан план йара, амма индахоша чероки, барт бира лоялисташца, хьалха санна жигара дуьхьало йора колонизацина. 1780 шарахь хӀукӀайн бахархой сеца ца бора Ватагуа фортан регионехь бен виргинин дозанехь, цунах индахошца а, британин эскаршца къовсам латто йукъ хилира. 1780-гӀа шерашна йукъахь Ватагуа а, Къилбаседа Каролинин дерриг малхбузен дакъа дӀакъаьстира АЦШх маьрша пачхьалкх хилла, амма малхбузен гӀо доцуш индахойх ларбала ницкъ бацара, диъ шо даьлча йуха а дӀакхийтира Къилбаседа Каролинех. ТӀаккха а, 1790 шарахь штато дӀабелира и мохк федералан правительствон тергоне, цуо урхалла дора Къилба-малхбузен мехкан йукъахь, 1796 шарахь керла штат Теннесси йиллалц.

Иза Къилбаседа Каролинех къастош долу штатан малхбален доза, чекхдолура Аппалачин лаьмнашкахула, ткъа малхбузехь Теннессин мохк кхочура Миссисипи эрк тӀе, оцу хенахь иза испанин колонийн доза дара. Малхбузен мехкийн колонизаци чекхйелира 1830-гӀа шерашкахь чероки тайпа Арканзасе арадоккхуш. Керлачу меттигашка болчу бехачу новкъахь кхелхира 4 эз. гергга индахо[9]. Черокийш оцу депортацех аьлла «бӀаьрхишшан некъ». Иштта арадехира кхин индахойн тайпанаш, цундела бӀаьрхишшан некъ бохург царна догӀу. Иза башха гӀарадаьлла дара индахойн пхиъ цивилизацин тайпанна йукъахь.

1861 шарахь Теннесси штат дӀакхийтира Къилбен конфедерацех[10], цунах хилира тӀеман гӀуллакхан театр. Къилбаседахойн инарла Грантан эскаро а, флото а 1862 шарахь дуьззина тергоне лецира эркаш Кумберленд а, Теннесси а, амма штатан малхбален декъера лаьмнашкахь къилбахоша позицеш латтийра 1865 шо кхаччалц, цигара тӀелетара Чаттануги а, Нашвилл а агӀора. Оцу хенахь президента Линкольна Теннессин губернатор хӀоттийра шен когаметта хин волчу Джонсон Эндрю.

1865 шеран февралехь Теннессин законашкхолларан гуламо къобал бира лолла ца магош болу конституцин хийцамаш[11][12], ткъа оццу шеран 7 апрелехь ратификаци йира АЦШ конституцин хийцамна, иза бахьнехь Теннессих хьалха хиллачу Конфедерацин шайна тойечу хенахь тӀеман губернатор ца хӀоттийна цхьаъ бен йоцу штат хилира. 1864 шарахь губернатор Джонсон хаьржира АЦШ вице-президент, ткъа 1865 шарахь Линкольн вийначул тӀаьхьа президент хилира. Тойина бевллачул тӀаьхьа Теннессехь, кхин къилба штаташкахь санна, тӀеийцира афроамерикхойн бакъонашна дозатуху законаш, ткъа 1889 ш. штатан Инарлин ассамблейс тӀеийцира кхина диъ закон, уьш факт хилла хилира харжаман бакъонан хийцамаш, цуо новкъарло йора кхаж тасарехь бахархойн къиен чкъоьран, царна йукъахь афроамериканхой а[13]. XIX бӀешо чекхдолуш Теннессехь кхин а тӀеийцира хӀун сегрегацин законаш. Дерриг дийцина законаш хьакхалора штатан 24 % бахархойх йа 480 430 стагах[14]. Дукхаха дерш уьш лийлира 1965 шо кхаччалц.

Теннесси лору кантри музыкин йукъ. Кхузахь хӀора шарахь дӀахьо кантрин фестивалаш, цуо гулбо берриг махкара и музыка локхурш.

Векалийн палатехь штатан гӀуллакхаш дӀакхоьхьу 9 конгрессмено, сенатехь — 2 сенаторо.

Географи

Теннесси эркана тӀехулара тӀай

Теннесси штатан доза ду кхин бархӀ штатаца: Кентукки а, Виргини а къилбаседехьа; Къилбаседа Каролина малхбалехьа; Джорджи, Алабама, Миссисипи къилбехьа; Арканзас а, Миссури а Миссисипи эрк тӀехь малхбузехь.

Административан дакъошца Теннесси йекъна 95 гуонна; цунна чохь йу 345 шахьар.

Теннесси йу АЦШхь уггаре дукха хьехаш йолу меттиг, тахана уьш йагарйина 8350 сов[15][16].

Штат йоькъу Теннесси эрко 3 декъе: Малхбален, Йуккъера, Малхбузен Теннесси.

Малхбален Теннесси лаьмнашкахь йу, нисса цигахь йу штатан уггаре лекха меттиг — Клингменс-Дом лам (2025 м), иза кхин а бу Аппалачин тачехь уггаре лекханиг. Штатан оцу декъехь схьадолу Теннесси эрк. Оцу областехь йу хьаннаш йолу ламанан даккъаша къастийна хьена атагӀеш. Малхбален Теннессехь лаьтта Ноксвилл а, Чаттануга а гӀаланаш.

Йуккъера Теннесси лаьтта Камберленд акъари тӀехь, цуьнан йуккъера локхаллин барам бу 450—500 метр хӀордан тӀегӀанан тӀехула.

Теннессин виски

Теннесси — башха америкин хьаьжкӀийн виски дан официалан бакъо йелла АЦШ цхьаъ бен йоцу штат йу, цунна цӀетиллира штатан цӀерах — теннесси-виски. Бурбонах къаьстина (иза дукхаха дерг деш ду Кентукки штатехь) теннессих шекаран легин дечиган кӀоранца башха кечдарца: даьккхина спирт цӀандо кхо метр сов лекха чарманаш чу доьхкина легин гӀаш йукъахула чекхдоккхуш. ТӀаккха виски хуьлу башха кӀеда. Уггаре йевза тенесси-вискин марка — Jack Daniel’s.

Харц цӀе

Штатан официалан харц цӀе — «Шен лаамечарех штат». Теннессин и цӀе кхаьчна Ингалс-америкин тӀом (1812—1815) болуш шен лаамца тӀаитӀе нах эхарна, цара доккха дакъа лаьцна къилбаседаамерикин штаташа толам баккхарехь (уггаре хьалха — Керла Орлеанера тӀамехь).

Билгалдахарш

Хьажоргаш

  • tennessee.gov — официалан сайт Теннесси штатан(ингалс.)